ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн доьзална а, Думин депутатан вежаршна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино


Кадырова Iайшат, архивера сурт
Кадырова Iайшат, архивера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзалхошна а, иштта Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутатан вежаршна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино.

Пачхьалкхан финансийн министралло зорбане даьккхинчу керлачу санкцийн тептарехь билгалъяьккхина Кадыровн официалехь йолу зуда – Медни, иштта оцу документаш тIехь цуьнан ши хIусамнана ю аьлла, - Хазуева Фатима а, Аминат Ахмадова а ю хьахийна. Цул совнах, тептарехь бу берхIитта шарера бевлла Кадыровн йоьIарий – Iайшат, Карина, Табарик.

Тептарехь ву иштта Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказан гонашкара къоман гвардин куьйгалхочун хьалхара гIовс волу Делимханов Алибек а, Нохчийчоьнан республикехула йолчу Росгвардин урхаллин хьалханча Делимханов Шарип а. И ший а – Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман вежарий бу.

Японин керлачу санкцийн тептаре ваьккхина 2014-чу шарера схьа дуьйна Донбассехь волу Къилбаседа ХIирийчуьра гIалгIазакхийн атаман Еналдиев Тамерлан а. ГIалгIазакхийн векалша хьалхо чIагIдора, Еналдиев сепаратистийн мехкашкахь гуманитаран гIо вовшахтухуш бен вацара аьлла, делахь а, тIаьхьо цо тIедожийра, тIеман ветеранех дIатоха ша аьлла.

Уьш боцурш а иштта японхойн санкцийн тептарехь ю Кабаева Алина а, Симоньян Маргарита а, Медведев Дмитрийн а, Матвиенко Валентинин гергарнаш а, Украинан кIошташна оккупацин йинчу «Iедалан» векалш а, иштта кхин дIа берш а.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзанан доьзалхошна дуьхьал санкцеш ехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло.
  • Японино санкцеш туьйхира Нохчийчоьнарн куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 19 вахархочунна а, Беларусин 12—нна а, иштта шина а пачхьалкхан цхьа могIа компанешна а дуьхьал – Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG