ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бакъоларйархочунна тховкIело ца ло Швецихь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь Iедало Iаткъам бинчу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин белхахочунна тховкIело йала дуьхьало йина шведахойн миграцин хьукмато. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь маьршша Iойла ду оцу стеган, урхаллина хетарехь.

"Вайфондан" юристо Албакова Хедас "Кавказский узел" гIирсана йеллачу комментарехь дийцина, миграцин хьукмат ца тешна цуьнан дийцарх, цуьнгахьа Amnesty International а, шведийн Civil Rights Defenders организацеша а, Норвегера Хельсинкан комитето а, "Мемориало" а, шайн организацихь цо жигара болх бина хилар билгалдаьккхичну "Вайфондо" а гIо даьккхиншехь

Албаковас дийцарехь, шолгIа йина дуьхьало ю хIара. Дуьххьара диъ шо хьалха мухIажарна дуьхьало йира, цул тIаьхьа низамо магийначу хенаца а догIуш, юха а кехаташ чуделира, "амма миграцин урхалло тамашен жоп делира, Оьрсийчохь хIинца а маьрша ду, Нохчийчохь ца Iийча а, Оьрсийчохь ваха мегар ду" аьлла.

Албаковас чIагIдарехь , тховкIело йехначунна кадыровхоша Нохчийчохь ницкъбинера, хьалхо дIавахначу гергарчух лаций хаамаш гулбе аьлла. Реза ву ша а аьлла, шен доьзалца Орсийчуьра дIавахара иза.

Ша Швецехь вехачу ялх шерачохь жигархо хилира цунах. "Биллгал акцешкахь Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалшна дуьхьал вийлина ву иза. Цунна депортаци йахь, къизаллаш лан дезар ду цуьнан, вен а тарло", - дIахьедина Албаковас.

ТховкIело ца йелла ца Iаш, и стаг Оьрсийчу дIахьажош сацам а бахь, кхозлагIчу пачхьалкхе цуьнан гIойла дац кехаташ цахиларна.

  • Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. Цул тIаьхьа, гIуран-беттан 5-хь Кадыровн критик верах лаьцна дуьйцура 1ADAT телеграм-канало а, иштта и хаам арахийцира нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Оцу юкъанна цхьа могIа нохчийн юкъаралхой ца тешара, блогер вийна хиларх. Абдурахманов дийна а ву, Швецин Iедалхойн Iуналлехь а ву аьлла, дIахьедира гIуран-беттан 9-чохь Нохчийн Ичкерия республикан арахьарчу Iедалан куьйгаллин пресс-гIуллакххоша. Шен вешина Мухьаммдана тIелатар даран хьокъехь Тумсос тоьшалла дан дезаш хиллачу Мюнхенерчу лаьттан кхелан пресс-секретаро оцу дийннехь элира иза дийна ву.
  • 2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. 36 шо долчу блогерна коьртах жIов тоьхнера, амма цуьнан аьтто хиллера тIелеттачуьнгара и схьа а йаьккхина, полици кхайкха. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана кхетийра, дуьххьара ша блогерна тIехь тидам латто безаш вара, амма "Соьлжа-ГIаларчу наха" шена 50 эзар евро хьехча и ве реза хилира ша аьлла. Кхелехь прокуроро а билгалдаьккхира, "ларша Соьлжа-ГIала вуьгу". ТIелатар дарехула сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь хилира. Мамаевна итт шо хан туьйхира, цуьнца цхьана хиллачу Шапиаева Эльмирина – бархI.
  • Иштта лахьан-баттахь Францерчу нохчашна депортаци йарна кхерам латтарна францхойн бакъоларйаран Habitat-cité и Comité Tchétchénie цхьанакхетараллаша хьажийначу кхайкхамашка хьаьжна расан дискриманаци дIайаккхаран ООН-н комитет. Жимачу къомара болчу нехан кхерамазалла ларйар, терроризмаца кхийсам латточу юкъанна этническан битамаш тергал ца бар, иштта административан барамаш тIех сов лелорна жоьпалле озоран орган кхолла аьлла кхайкхам бина бакъонашларйархоша. Цул сов, цара дагадаийтина, дуьненаюкъарчу бакъоно ца магадо, къизаллехь, сийсазаллехь латто кхерам болчу пачхьалкхашка мухIажарш дIахьежор.
  • Гезгамашин-баттахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхча, дIасаевллачу а, Европан а пачхьалкхаша Интерполе кхайкхамбира, политикан буха тIехь Оьрсийчуьра а, кхечу мехкашкара а нахана тIаьхьабийла гIо дечу политикех дIахада аьлла. Дуьйцург дара Интерполон системехула Оьрсийчоьнан дехарца нах лехар. Оцу нахах лаьцна хьалхо хаамбира Кавказ.Реалиино – Нохчийчуьра мухIажарш бу уьш.
  • Товбеца-баттахь, "Вайфонд" ассоциацин хаамашца, Швеци йолайелира Нохчийчохь Iазап хьегначу Ш.Артурна (цуьнан цIе йовзуьйтуш йац) депортаци йан: хаамбора, Швецин миграцин Iедалша хIинцале а билеташ эцна, транзитан хила реза хиллачу кхозлагIчу пачхьалкхехула иза даймахка дIавахийта дагахь бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG