ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Актерна Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна гIуллакх ца долор низамехь лерина Соьлжа-ГIаларчу кхело


Дебишев Тимур
Дебишев Тимур

Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело низамца догIуш лаьрра, полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла нохчийн актера Дебишев Тимура дина дIахьедарна тIехула гIуллакх долон дуьхьал хилар. 13-зза дуьхьало йеш сацам бинера талламхоша – "Iазапашна дуьзьало латтон Команда" гIитира и сацамаш къийса.

Кавказ.Реалиин сайте бакъоларйархоша дийцина ма-хиллара, ницкъа а беш, хIуманаш лечкъош, полисхой шайн бакъонел сов бовларна тIехула луьстуш бара и латкъам Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхаллин вуно ладаме долу гIуллакхаш талларехула долчу декъан талламхочо Абдулхаджиевс. Цо рогIера дуьхьало йира гIуллакх долон. ТIаккха цунна латкъам бира кIоштарчу кхелехь.

"Iазапаш лелорна тIехула эвсара, кхоччуш таллам бан талламхой реза ца хуьлу меттигаш сих-сиха нисло тхуна. Дебишевн гIуллакх а ду ишта. Латкъамехь оха дагардина, талламхочо дан дезаш мел хилларг, амма цо ца динарг. Масала, Дебишев декъе схьавалийна йолу машен билгал ца йаьккхина, ницкъахоша йелла кийтарлонаш копеш йаьхча санна вовшах тера йогIуш хиларна мах ца хадийна", – дийцира "Iазапашна дуьхьало латточу Командан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Таллам ледара хиларх лаьцна долчу хеттаршна тидам а ца бина Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кхело – талламхочун сацам оцу кепара низамехь а лаьрра. "Iазапашна дуьхьало латторан Команда" и сацам апелляцехь къовса дагахь йу.

  • Дебишев Тимура "Iазапашна дуьхьало латточу тобане" арз дира 2018-чу шеран лахьан-баттахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь гIело йина шена, аьлла латкъам а беш. Цига иза валийна хиллера наркотикаш юхкучу йоIан телефонехь язйина цуьнан номер ю аьлла. Дебишевс бахарехь, полисхоша ток йеттара цунна, пенах корта беттара, садукъадора, сийсазаллаш лелайора, шайх цхьаъ гехь лелавойтура, наркотикаш лелочу нехан контакташ йийца бохуш.
  • 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело низамехь боцуш лерира Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело бина сацам – цо бух болуш ду аьллера гIаларчу театран актерана Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна тIехула гIуллакх цаделлар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG