ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIахьош "къоман гулам" бу. Цуьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хаьржина


Соьлжа-ГIала, Нохчийнчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийнчоь

Соьлжа-ГIаларчу "Колизей" спорт-холлехь дIахьош бу цара шаьш ма-аллара, "Нохчийн Республикан Гулам". Республикан Конституци тIелацаран 20 шо кхочуш вовшахтоьхна. Меттигерчу Iедалан медиа-гIирсаша шуьйрра баржош бу цунах болу хаамаш.

Гуламехь дакъалоцуш цхьа эзар сов делегат ву. Уьш бу йукъараллин цхьаьнакхетараллин а, муниципалитетийн а векалш, аьлла ду "Чечня сегодня" Iедалан агенствон хаамашкахь. 20 шо хьалха дIайаьхьна боху "къоман референдум", цул тIаьхьа тIелаьцна Конституци а Нохчийчоьнан Iедалхошна боккха болх а, ладаме хиламаш а хета. И дерриге хилар бахьана долуш "машаре а, кхуьуш доьду а" дахар шаьш дIахIоттийна аьлла тешна бу.

Билгалйаьккхинчу, 2003-чу шарахь дIайаьхинчу "референдумехь" бозуш боцу хьовсанчаш бацара. Амма, референдуман ду бохучу жамIашца аьлча, 96% вахархочо Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозуш хила лаьа шайна аьлла кхаж тесира.

Гулам дIахIоьттичул тIаьхьа "Нохчийн къоман съездан" хьалханча Кадыров Рамзан хаьржира. Цу гуламера дуккхачу спикерша меттигерчу хаамийн политикан нарративашца дуьйцу Кадыров Ахьмата Нохчийчохь низам меттахIоттадарах, цо динарг шайна деза хиларх.

  • Чиллин-баттахь Кадыровна Нохчийчоьнан дуьххьарлера турпалхо цIе йелира - и мидал хьалхо цо ша шен сацамца йала магийначарех йара. Мидал цунна дIайелларг вара республикан парламентан куьйгалхо Магомед Даудов. Кадыровна и деза совгIат даларх дийцира ТАСС, "Коммерсант"- хаамийн гIирсаша. Даудовс билгалдаьккхира, махкахь и цIе дуьххьара Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луш хилар а, цуьнан "Нохчийн республикан, Оьрсийчоьнан Федерацин дуьхьа къахьегар шех леррина таллам бан хьакъ долуш" хилар а.
  • Чиллин-беттан йуккъехь, цкъа конституцехь цхьацца хийцамаш бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "къоман да" аьлла цIе йелира.
  • Йерриге лерича, Кадыровн ткъе итт сов мидал йу, царех цхьаъ "ТIеман турпалалла" II-тIегIа (2000 шо), "Даймехкан дуьхьа къахьегар" IV и III тIегIанаш (2006, 2021 ш), 2006 - чу шарахь цунна Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира, ткъа 2020 - чу шарахь Путина йелира Кадыровна Росгвардин инарла-майор цIе. Цул совнах, йу цуьнан лараме цIераш "Нохчийн республикан физикан-культуран хьакъволу белхало", "Нохчийн республикан хьакъволу гIишлошйархо".
  • Нохчийчоьнан куьйгаллехь ву Кадыров 2007-чу шарера дуьйна схьа. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевира иза адамийн бакъонаш эшорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тарлуш хиларх а хьахийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG