ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовга кховдийна шеконаш, Хорватихь нохчаша мацалла кхайкхор, Францино араваккха хьийзо нохчо


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна

Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнказан чIожера вахархо,
Кадыровн, Пригожинан цхьаьнакхетар, Украинин
кхерамзаллин урхалло нохчийн парламентан куьйгалхочуьнга
кховдийна шеконаш, Хорватерчу нохчийн мухIажарша
кхайкхийна мацалла, Францера нохчо араваккхар - цу
дерригенах, кхиндолчух а Маршо радион бархIолгIачу
подкастехь дуьйцур ду.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Исламан пачхьалкхаца" уьйр йу аьлла Гуьржийчохь
дIалаьцна ПIаьнказан вахархо


Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхалло дIалаьцна ПIаьнказан
вахархо Паксашвили Малхаз. Иза бехке лоруш ву "Исламан
пачхьалкхе" цIе лелочу дуьненайукъарчу террористийн
тобанехь хиларна наибан даржехь волуш. ДIалаьцначо и бехк
шена тIелоцуш бац.

Официалерчу хаамашца, Паксашвили 2013-чу шарахь Шема
пачхьалкхе воьду аьлла араваьлла, цигарчу тIамехь цо
жигара дакъалаьцна. Цуьнга дIакховдийна бехк
Гуьржийчоьнан бехкзуламан кодексан террористийн
цхьаьнакхетаршкахь дакъалацар артиклаца богIуш бу. Цу
бехкана 10 шарера 17 шаре кхаччалц хан
йогIу. Гуьржийчоьнан прокуратуро даредина, Паксашвили
Тбилисерчу кхело сацийна латтош хиларна.

ПIаьнказан чIожерчу бахархоша дийцира, Паксашвили
Малхаз тIаьхьарчу шерашкахь шен доьзалца Ценубани олучу
йуьртахь Iаш ву, аьлла. Иза Ахмет гIала хеттарш дан
кхайкхинера, цигахь дIа а лецира, олу цара.

Кавказ.Реалии сайтан ПIаьнказарчу хьостано дуьйцу,
Паксашвилин схьавалар ПIаьнказара дац бохуш. Амма тIаьхьарчу бархI шарчохь цигахь ваьхна иза. Цо бусулба дин
тIе а эцна, цигахь цунах Мухьаммад олура.

"Iедалхоша иза Да1ишан тобанера цхьаъ ву боху, амма
цуьнан доттагIаша, цуьнан Гуьржийчохь бархI шарчохь
маьрша вахаран тоьшаллаш до. Iедална иза дIалаца
дагадеана. Цул совнах суна хууш хIумма дац ",- олу
къамелахочо.

Зорбанан хаамашца, кхелан ладогIаршкахь Паксашвилис ша
бехке вац аьлла, дIахьедира. ГIуллакхан кхинйолу агIонаш
гIарайохуш йац, уьш "къайлах дерг" аьллачу билгалонца
къевлина хиларна. Бехке лоручо шена адвокат ца оьшу
аьллийла а хууш ду.



Кадыров а, Пригожин а цхьанакхетар

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина
Соьлжа-ГIалахь "Вагнер" ЧВК кхоьллинчу Пригожин
Евгенийца шен хиллачу цхьанакхетарх лаьцна. Цо бахарехь,
цу шиммо дийцаредина "дуьненайукъара Iаламат коьрта
маьIна" долу хеттарш а, малхбузенан санкцеш а. Цу
къамелах дерг Кадыровс охан-беттан 25-хь сарахь йаздира
шен телеграм-каналехь. Шуьйрра цу цхьаьнакхетарах дерг цо
ца дийцира. Иза билггал маца хилла а хууш дац.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун, тIеман компани йинчун цхьаьна
даьккхина сурт бен кхин гайтина хIума дац. Цул тIаьхьа цхьа
де даьлча, Кадыровн каналехь "Белхан гIуллакхна Москва
вахар" аьлла хаам хIоьттира. Иштта хаам бира цо,
Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамзаллин кхеташонан
куьйгалхочуьнца Патрушев Николайца, ФСБ-н
куьйгалхочуьнца Бортников Александраца, Оьрсийчоьнан
президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца
шен хиллачу цхьаьнакхетарех а.

Кадыровн Пригожинца цхьаьнакхетар - царлахь дов даьлла
бохучу хаамашца цхьаьна хилар дара тидаме эцнарг.

Пригожина тIеман министралла йемалйарца долийна хилла
долу. Кадыровс -м урхалла а, министр Шойгу Сергей а
хастийнера.

Ша "Путинан гIашсалти" лоручу Кадыровс, Оьрсийчоьно
Украинана дуьхьал тIом бечу йукъанна диллина дIагойтура
ша Пригожинехьа узуш хилар. Цул совнах, церан структураш
цхьана йара: Нохчийчухула тIаме хьийсон "лаамхой" бу
бохурш "Вагнер" ЧВК а кхочу. Кхузахь дагадаийта догIу,
Оьрсийчоьнан низамехь йолахой лелор магийна цахилар.

Стохка гIадужу-баттахь Кадыровс керла пост хIоттийра, "ЧВК
Вагнеран" куьйгалхочух "хьомсара ваша", " бакъволу тIемло"
олуш. Цуьнца цхьаьна шога критика йира цо украинхойн
Лиман дIайеллачу оцу заманчохь "Центр" эскаран буьйррала
деш хиллачу инарлина Лапин Александрана. Цо йинчу
критикана хIетахь тIетайра Пригожин а.

ТIеман министраллина духьалаваларехь Кадыровс
Пригожинна гIо ца дан тарло, бехира чиллин-баттахь динчу
къамелехь тIом талларан институто. Министраллица
Кадыровс шен "вуно дика йукъаметтиг" йу бахарца боьзна
бара и хьежам.

Кадыровс шен Пригожинца дика гергарло хилар стенна
гойтуш ду Кавказ. Реалии сайте дийцира политолого
Преображенский Ивана: "Суна хетарехь, Пригожин ву Кадыровца дика йукъаметтиг лелориг. Цара шиммо а тIеман министралле болу хьежам хийцина, ший а генералитето бохучунна, оьрсийн эскаро лелочунна резахилла, сецна. Уьш, хетарехь, Путина
аьллачунна тIехь севцца бу. Уггар хьалха барт хилларг
Кадыров вара. Цкъа хьалха Путин волчу шен кIант вахийтира
цо, кхерамзаллин тоьшаллаш шена ма хилннехь, Дубай
гIалара цIа а вирзина, Путин волчу вахара. Ткъа хIинца, хетарехь, Пригожин а жим-жима магош ву. Цунна тIеман
министраллела вуно боккха кхерам бара. Цу кеппара,
Кадыров шен накъостана гIо деш ву. 2022-чу шеран аьхка
дуьйна схьа тIеман министраллина резавоцуш,
дуьхьалаваьллера и шиъ. Амма со тешна ву, вовшашлахь цу
шинна гергарло доьхна цахиларах, хIинца а дикка схьадогIуш
ду. Кадыров цхьана ханна мелла генаваьллера Пригожинна.
Пригожин ша-м цхьа генаваьккхина цамгархо санна висира.
Путина Кадыров тIе ма эццара, Кадыровс Пригожин тIеийци.
Иштта цо гойту, Путинера йолу кхерамзаллин гаранти хIинца
Пригожинна кхочуш хилар.


Украинан кхерамзаллин урхалло Даудовга
шеконаш кховдийна


Украинан кхерамзаллин урхалло дийцарехь, Нохчийн
парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад оьрсийн эскарехь
"тIелатаран керла батальонаш" вовшахтохарехь болх беш ву.
И батальонаш Къилбаседа Кавказехь латтош йу. Иза
Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь хилла, цо жигарчу
тIаме кхойкхуш, дIахьедарш дина, боху Украинин
кхерамзаллин урхалло.

Кадыровн уллорчу накъостана Украинин Бехкзуламан
кодексан кхаа артиклаца йогIу шеконаш кховдийна. Иза луьра
тIом бечаьрца цхьаьна хилар, адамаш дойуш, кхинйолу
къизаллаш йеш, кхечу пачхьалкхан дозанна тIекхийдар,
Оьрсийчоьнан агресси бехказайахар. Даудовс ша СБУ-но
бохучунна "дукха чIогIа реза ву" олуш, тIелатаран тIом
бехказабоккхуш, Кремлан пропагандин нарративаца жоп
делира.

Савва: "Карарчу хенахь цу шеконийн политикин доцург, цхьа
а маьIана дац. Амма тIейогIучу ханна, Оьрсийчуьра хьал
хийцалахь, и дерриге шен чакхе йолуш доьрзур ду. Иза аса
хIунда боху, тахана цо тIеIаткъам бийр бац царна. Тахана и
стаг Украино Iуналла дечу латта тIе гIур ву аьлла ца хета
суна. Йа Интерполо и дуьненйукъарчу лехамашка лур вац. И

тайпа зуламаш динарш цара ца лоьху. Амма билгалдаккха
лаьа суна, нагахь Оьрсийчуьра хьал хийцалахь, цунна а, кхин
дIа болчу Украинин бакъонна Iуналла дечара бехкаш
кховдийначеран хьал хийцалур ду.

Масех нохчийн лакхарчу хьаькамана талламаш болийна
Украинин кхерамзаллин урхалло. Царех хьалхарлерниг вара
республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан - шеконаш цуьнга
марсхьокху-баттахь кховдийра, ткъа лахьан-баттахь
Нохчийчоьнан куьйгалхо Украинин латта тIехь лехамашкахь
болчийн тептар тIе йазвира. Цунна долийна гIуллакх а,
тIаьхьо Даудовна долийнарг доллучу артиклашца ду. Жоп
луш, Кадыровс дIахьедар дира, ша кхин дIа а тIамехь
дакъалаца дагахь ву, бохуш. Украино шена тIейаздина
зуламаш ша ца дина ца элира.

Иштта бакъ дац ца элира цо, Украино Нохчийнчуьра
Оьрсийчоьнан парламенте хьажийначу депутатна
Делимханов Адамна бехкаш дахкар а. Мариуполь оьрсийн
эскархоша дIалаьцначу муьрехь, "Азовсталь" завод
схьайоккхуш Нохчийчуьра схьабаьхкинчу эскархошна
куьйгалла деш хилар а бехке диллина Делимхановна.
Украинхойн лерринчу урхалло дIахьедарш дира Мартынов
Даниилна, Межидов Хьусайнна. Мартынов - Оьрсийчоьнан
ФСБ-н хилла белхало ву. 2017-чу шарахь Нохчийчохь йолчу
Росгвардин урхаллин куьйгалхочун гIоьнча хIоттийра иза.
СБУ-но дийцарехь, иза бехке лоруш ву зазадоккху-баттахь
Киев махкарчу Бородянскерчу психоневрологин интернатера
500 стаг дIавигарна.
Ткъа "ЮГ" нохчийн батальонан хилла буьйранча Межидов -
Гостомель гIалара 200 вахархо дIалацарна. Иштта "Ахьмат"
нохчийн лерринчу батальонан буьйранчина Алаудинов
Аптига а кховдийна шеконаш.

Кадыровн уллорчу накъосташка санна Украинин
кхерамзаллин урхалло лехаршка белла бIенашкахь болу
оьрсийн хьаькамаш а, депутаташ а. Цаьрца цхьана
Оьрсийчоьнан хилла президент, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин

кхеташонан куьйгалхочун гIоьнча Медведев Дмитрий,
арахьарчу гIуллакхийн векал Захарова Мария а йу.

Хорватехь болчу нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхина
+ Iедалхойн реакци


2022-чу шеран лахьанан-баттахь дуьйна Хорватихь
къевлинчу куьпахь латточу Нохчийчуьра йалх мухIажаро
мацалла кхайкхийна: шаьш экстремизмаца доьзна ду аьлла,
кхоллайеллачу церан шеконашна дуьхьал протест
кхайкхийна цара иштта.

Йуьйцург йу, Загребна 30 чакхарма дехьа йолу Ježevo куп.
Цигахь мухIажарша мацалла хьоьгу доьалг1а де а ду,
дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Европера нохчийн
Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас. Мархийн бутт чекх ма-
белли йолийра цара мацалла, мархийн баттаца ца дозийта
шаьш лелориг.

Охан-беттан 22-хь дуьйна схьа мухIажаршна тIе ца баьхкина,
йа меттигерчу Iедалан векалхой а, йа бакъонаш тIехь Iуналла
латточу структурийн белхалой а, элира Дадуевс. Цо
дийцарехь, охан-беттан 25-хь мацалла кхайкхийначу
йалханнах цхьанна во хиллера, цунна лоьрийн гIо ийшира -
баьхкинчу лоьраш цунна молха хIоттийна, дIабахара.

Бакъонашларйархоша дийцарехь, и нохчий динан
экстремизмаца уьйр хиларехь шеконашца дIалийцина бу. И
бехк тIечIагIбеш долу тоьшаллаш доццушехь, царна тоьхна
хенаш йух-йуха карлайохуш латтош йу. Оьрсийчу уьш
дIабаларца дерза тарло и хьал. Ткъа мухIажарша боху, шаьш
Нохчийчуьра дIадахаран бахьана кадыровхойн могIаршлахь
Украинерчу тIаме даха цалаар ду. Цара билгалдоккху, шаьш
Хорватехь диса лерина цахилар, шайна цигахула Европан
кхечу пачхьалкхашка дIадаха лаар.

Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин
чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчаша мацалла

кхайкхорах а, цара шайн бакъонаш хьоьшу бохучух а лаций
шайна хетарг алахьара аьлла. Цкъачунна цаьргара жоп
хилла дац.


Европан кхело Францига дехна Оьрсийчу нохчо
дIахьажор хенаца дIататтар


Европерчу адамийн бакъонийн кхело Францин Iедале
дIахьедар дина, нохчо (цуьнан фамили йоккхуш йац)
Бувайсар Т. Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататтар доьхуш.
Оьрсийчохь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан
адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла,
тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан
белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.

2020-чу шеран дечкен-баттахь Ниццехь дIалаьцна ву
Бувайсар. 42 шо долу нохчо 2018-чу шарахь дуьйна кхузахь
Iаш хилла шен хIусамненаца а, 4 бераца а. "МухIажар" статус
цунна ца йелла. Нохчийн республикехь хIинца йолчу рожера
шена кхерам хилар цо хьалхо дIахьедина ду.

Оьрсийчоьно Бувайсар дIавехарехь билгалдаьккхина ду, 2016
чу шарахь Москвахь ши адам дерна и бехке хила тарло
аьлла. Цу хенахь, Оьрсийчоьнан зарбанаша дийцарехь,
Москвахь герз тухуш 27 шо долу бизнесахо, Renaissance
Construction компанин инженер Коммисаров Андрей а, цуьнан
тIехьийза йоI а йерна бехке хила тарло иза. И шиъ дийна
киллераш къайлабевллера. Бувайсара цу зуламна ша
аьттехьа а вац боху.

Бакъонашларйархоша хIоьттинчу хьолан галморзахе хилар
гойту: Францин Iедал нохчо дIавала кийча ду, нагахь цуьнца
къизалла лелор йацахь, цуьнан бакъонашна гIело йийр
йацахь. Амма Оьрсийчоь Европин адаман бакъонийн
конвенцера арайаьлла. Цо шена тIера и тайпа декхарш
охьадехкина.

Дададоуьйту вай, гурахь Орсийчуьра, Украинера, Советашца
хиллачу республикашкарчу, Европерчу бакъонашларйархойн
тобано Интерполе дIахьедар дира Оьрсийчуьрчу, кхечу
пачхьалкхашкарчу нахана Европехь тIаьхьабовларан
политика хийцар доьхуш. Дукха хьолахь дуьйцурш
Интерполехула Москвано лоьхучийн гIуллакхаш дара.


Кху кIирнахь Нохчийчохь хилла керланаш дара хIорш. Шаьш
ладоьгIначохь йазло тхан подкасте. Тхуна лайкаш хIиттайе,
шайн комментареш йазйе - оха йийр йу церан терго.

Йазло Маршо Радион подкасте:

XS
SM
MD
LG