ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Системина дуьхьал ваьлла? Дагестанера журналистан хьокъехь белхан накъосташа бина сацам хIунда ца тайна кхелахочунна


Тамбиев Кемал, Гаджиев Абдулмумин, Ризванов Абубакар Къилберчу тIеман кхелехь, архивера сурт
Тамбиев Кемал, Гаджиев Абдулмумин, Ризванов Абубакар Къилберчу тIеман кхелехь, архивера сурт

Дагестанхойн журналистан Гаджиев Iабдулмуминан гIуллакхехула волчу кхаа суьдхочух цхьаъ ву Зубаиров Ризван. Шен коллегашна дуьхьал къамел дина цо: бух боцчу тоьшаллаш тIехь кхайкхийна цунна таIзар аьлла, хета цунна. Цуьнан официалан дIахьедар "бехкзуламан процессехь уникале прецедент" лерина юристаша. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу кхелахочун Зубаировн цхьаьнацадарех, цуьнан хила тарлучу бахьанех а, къастийра цуьнан жамIаша луьра таIзарна латкъамбеш новкъарло йийр йуй.

"ХIокхо, дайн аьлча, цецваьккхира"

Гезгамашин-беттан 20-чу дийнахь кхечира таIзаре хIиттийначаьрга Къилбан гонашкара тIеман кхелан суьдхочун Зубаиров Ризванан къаьстинчу хетарх копи, таIзар кхайкхийна кIира даьллачу хенахь. Оцу процессехь кхаа кхелахочун куьйгаллехь вара Сапрунов Роман – и вара Гаджиев Iабдулмуминна шогачу рожехь йолчу колонихь даккхийта 17 шо тоха баьхнарг. Дагестанхойн журналистаца цхьаьна бехкебечийн гIентахь нисвелла программист Тамбиев Кемал а, гIоьналлин "Ансар" фондан хьалханча Ризванов Абубакар а 17.5 а, 18 шерашна а хенаш кхайкхийна колони дIахьажийра.

Къаьстира, шен белхан накъостан сацамна, цунна тIетайра кхоалгIа суьдхо Никитин Максим а, Зубаиров реза воций. Кавказ.Реалиин редакцин каракхаьчначу документа тIехь цо жамI дина, таIзар хетачунна тIехь а, суьдхой шаьш тешна хиларна тIехь а кхайкхийна ду аьлла, ткъа журналистийн бехк хиларх тоьшаллаш дина дац.

Дагадоуьйту, таламан версица, "Черновик" газетин белхахочо цхьана Iалашонца пиар йеш хиллера меттигерчу динан хьехамчана Ахмеднабиев Исраилна (Саситлинский Абу-Iумар цIарца дика вевза иза), гIоьналлина вовшахтухуш ду бохуш, цуьнга дуккха а ахча гулдайта – Шемара "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна лерина. Бехбиллинера динан хьехамчан шина интервью тIехь. Деа шарчохь дина къамел дара и редакцин тIедилларца дIайаздина.

Суьдхочо дагадаийтира, цхьана а экспертизана карийна цахилар оцу тексташкахь радикалан исламе кхойкхуш. Журналистана Ахмеднабиев вевзаш хиларо, нейтралан къамелаш деш бистхиларо, цхьана хеначохь маьждигехь нисваларо Iеламчаца, тоьшалла ца до, и шиъ цхьаьна лелаш хилла бохучунна, билгалдоккху Зубаировс. Цхьаъ бен йоцчу тешан Папушина Аннин дешнаш а санна, цо "тIечIагIйира" ницкъахойн верси, Гаджиев вевзаш цахиллачу стеган истори йуха а йийцина. Кхоазза таIзар дина йолу Папушина теш хиллера оцу кепарчу кхечу гIуллакхашкахь а, ткъа шен мукIарло йуха тIечIагIдан иза дуьхьал хиллера.

Бертаза эцначу кийтарлонашца, дуьйцург ду 2019-чу шарахь Тамбиев Кемале хеттарш дар, таIзар кхайкхадойла йацара шен белхан накъостийн аьлла, дIахьедира Зубаиров Ризвана. ХIетахь программисто дийцира, масийттазза кхелехь тIе а чIагIдира цо, шеца адвокат вацара, ткъа ницкъахоша гIело йира шена, Гаджиевна дуьхьал мукIарло дайта. Лаьцнарг ца хиллера йа иза вевзаш а.

Тамбиев Кемал
Тамбиев Кемал

Суьдхочо билгалдаьккхира, гIуллакхан материалашкахь бехк дIатотту документаш а цхьаьна ду бохуш: масала, ФСБ-н республикера урхаллехь дIакхайкхийра, Дагестанера Ахмеднабиевн инициативаца йинчу хьафизийн школера 200 дешархочух тIемалойн доьзалшкара кхо бер бен ца хиллера аьлла. Ткъа прокуроро дIахьедира, ДаIишан агIончийн бераш бен школе оьцуш дацара, организацина гIо латтон а, "радикалан динан идеологи" берашна марзйан а аьлла.

Бехктакхаман гIуллакхашкахула къаьстина хетарг долуш меттиг суна гина бац 10 сов шерашкахь

Иштта Зубаиров реза вац, таIзаре хIиттийначара вовшахтухуш гIо дина аьлла, дIакхайкхийначу ахчанан барамна а. Масех шарахь Ахмеднабиевн гIоьналлин фондашкахь хилла а, бехкебечийн а доллу ахчанаш вовшахтоьхнера ницкъахоша, иштта цара тIаьххьарчарна тIейаздинера кхечу йалх стага лелош хиллачу картанаш тIера ахчанаш а, тIаккха вовшахкхеттера 67,8 миллион сом.

Талламан логикица, Гаджиевс, Тамбиевс, Ризвановс шайна хьашташна цхьа сом ца дайина, ткъа маьждигаш тодеш, дарбанаш лелийна, бераш Iамийна, Дагестанехь школа йина, кхин а цхьаъ Туркойчохь йинчу фондаша и ахча билггал Шема хьежош хилла.

Эххар а Зубаировс хьесап дира, бехкебечеран шаьш гунахь цахиларх тоьшаллаш дан дезара, ткъа ма-дарра аьлча, прокурор вара уьш бехкехилар тIечIагIдан дезарг.

"Охьайаздинарг тидаме а эцна, суна хета, бехктакхаман гIуллакх луьстучу хенахь кхело шайна хетарг йуьхьар ца лоцуш, бехкзуламан гIуллакхехь долу тоьшаллашна тIетовжа дезара, низамах пайда а оьцуш", - дерзийра суьдхочо Зубаировс.

Дийнна кхаа шарахь алча санна кхаа суьдхочун терго тIеозон хьийзаш адвокаташна хетарг оцу документехь цо дуьззина гайтина. Цуьнан къаьстина ойла, ма-дарра аьлча, дика аргумент йолуш апелляцин латкъам бу, аьлла хета адвокатана Джабиров Асадна. Гаджиевн адвокат вара иза, цуьнца цхьаьна кхечу процессехь дакъалоцуш а вара иза, цигахь коьртехь вара суьдхо Зубаиров.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел динчу Джабировс бехкзуламан практикехь тамашен хIума ду элира Зубаировн дIахьедар: "Кхелахочун къаьстина ойла хилар – наггахь бен хуьлуш доцург ду. 10 сов шерашкахь аса болх бечу заманчохь бехкзуламан гIуллакхашахь суна гина дац иштаниг. Шуна а дац, йа суна а дац аьлла, хаза чекхдаккха йиш ма йара Зубаировн. Амма хIан-хIа, цуьнан дIахьедар чIогIа аргументаш йолуш ду, харц таIзар кхайкхийна шен коллегаша аьлла-кх цо. Цо, дайн аьлча, цецваьккхина".

Адам а, кхелахо а

Ризван Зубаиров Дагестанехь вина ву. 2012-чу шеран мангал-баттахь, шен 33 шо долчу хенахь, Соьлжа-ГIалара тIеман кхелан суьдхо хIоттийра иза, кхин а ши шо даьлча, ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа, ГIирмера тIеман гарнизонан кхелахочун гIовсан дарже дехьаваьккхира иза. Цигахь болх бира цо 2018-чу шеран стигалкъекъа-батте кхаччалц. ТIаьхьо Ростов-на-Дону гIала дIавахара суьдхо, Къилбан гонашкара тIеман кхелехь цо болх бен йалхолгIа шо а ду.

Ростовера масех журналистан тоьшаллашца, Зубаиров, къаьсттина кхо кхелахо, иза воцург цу йукъахь ву Никитин а, Сапрунов а- "уггар а шогачех" бу Къилбера кхелехь. Изза репутаци тIехь йисира Зубаировна ГIирмехь а, цигахь ГIирмин шина гIезалочун гIуллакх луьстуш вара иза. Исламан "Хиз бут-Тахрир" тобанехь дакъалацарна терроризман гIуллакхехь бехкебора уьш, Ростовехь а изза процессаш дIакхоьхьура цо.

Цо кхел йина дукхахберш политикан тутмакхаш лерира украинхойн а, Оьрсийчоьнан а бакъоларйархоша, ткъа ша Зубаиров Швейцарин а, Евробертан а санкцешна йукъа вахийтира аннексина дуьхьал болчу украинхойн гIуллакхаш луьстучу заманчохь политикан бух тIехь сацамаш барна.

"Хизб ут-Тахриран" гIуллакхехула Бахчисарайн тобанан фигуранташна тIехь кхел. Ростов гIалара тIеман кхел, 2021 шо, гIадужу-бутт
"Хизб ут-Тахриран" гIуллакхехула Бахчисарайн тобанан фигуранташна тIехь кхел. Ростов гIалара тIеман кхел, 2021 шо, гIадужу-бутт

Зубаировн кхеташонашкахь хиллачу цхьахволчу корреспонденто бахарехь, цкъацкъа адвокаташна тIе мохь хьоькхура цо, бакъо йоцуш кхеле хIиттийнарш чуьра ара а бохуьйтуш. Масала, иштта нисделира "Хизб ут-Тахриран ШолгIа Бахчисарайн тобанан" гIуллакхехь а – Iуьйранна пхи сахьт даьлча СИЗО-ра схьаэцначу таIзаре хIиттийначара латкъамбинера шаьш гIелделла, мацделла аьлла, хIунда аьлча, тIаьххьалц лаьттинера кхеташо. Маьхьаршка баьллачу къовсамна йуккъехула Зубаировс йоьдучу кхелера арабехира уьш, цул тIаьхьа кхин дIайаьхьира кхелан процесс. Цхьахйолчу адвокато Гемеджи Лилис латкъамбира этика йохийначу суьдхочунна – цо дIахьедира, Зубаировс кхозза шен хаттар тергамза дитира, цул тIаьхьа, шена хетарг ала йоьлча, регламент йохийна аьлла, официалехь шегара бехкбаьккхира аьлла.

Цуьнца цхьаьна шен махкахойн Гаджиевн, Ризвановн, Тамбиевн гIуллакхца цхьаьна Зубаировс луьстура дагестанхойн "Черновик" газетан реадктор Камалов Хьаьжмурд верца доьзна гIуллакх а. Оцу процессехь а куьйгалла деш вара иза. Цо дукхаза бакъонаш йохорна адвокаташа иза хийцар тIедожийра.

Масала, прокуроран агIор Зубаиров Ризван дехар даран инициатор вара, цхьахволчу теше хеттарш дечу заманчохь, ган а гуш кхел бехкбилла хьийза аьлла, дIахьединчу адвокатийн 52 хаттар дIадаьккхира цо. Цхьахволчу таIзаре хIоттийначун адвокат вара Джабиров Асад – шен белхан накъостаца Скарабевский Кириллца цхьаьна цо арз дира, кхелан шен интерес хиларна, юристаш сийсазбеш, церан сий дойуш хеттарш дечу хенахь йукъагIертарна. Латкъам бечу суьдхочо листа дезаш ду кхелахо хийцарх долу тIедожор, - хIетахь Зубаиров Ризвана дуьхьало йира адвокаташна.

Вийначун гергарчара а, адвокаташа а бехкбиллар кхачам болуш дац масийтазза баьхнехь а, талламаш бечу хенахь шайна ницкъбарх дIахьедира бехкебечара, царна 16 шарна тIера 24 шаре кхаччалц шогачу хьелашкара колонешкахь йаккха хан туьйхира.

Гаджиевн гIуллакхехула кхелан и сацам а, цуьнан позици а йуьстича, адвокато Джабиров Асада хьесап дира, Камалов верах йолчу процессехь суьдхочо адвокаташна оцу кепара хетарг дIатеттина аьлла.

"Тамбиевн хьокъехь цунна бакъо йоцуш Iаткъам бина хиларх суьдхочо бакъдира бух а болуш. Амма циггахь дагавогIу изза аса интересаш дIайаьхьна хилла Шуайбов Мурад [Камаловн гIуллакхехула]. Цунна кхин а чIогIа Iаткъам бинера, тхоьгахь кхин а дукха шантаж, гIело, кхерамаш цунна тийсина хиларх тоьшаллаш дара. ХIетте а, шен коллегашка цо бина кхайкхам, Зубаировс тхан процессехь тергамза битира", - аьлла хета Джабировна.

Зубаировс къаьстина шен ойла йацара йазйан йезарг, нийсонца таIзар дара кхайкхон дезаш

Нагахь санна, хIокху гIуллакхехь а суьдхочо хIетахь хилла принципаш а, нормаш а лелийнехь, кхуьнан йист йалар кхечу тайпа хир дара, тIетуьйхира адвокато. Цо бохучунна тIетайра вийначу редакторан Камаловн ваша, Камалов Магди а.

"Ша борша стаг хиларе терра, Зубаировс шена къаьстина хетарг дацара йаздан дезаш, Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца а догIуш, таIзар кхайкхон дезара", - элира цо.

Оцу йукъанна процессан гурашкара ваьллачул тIаьхьа суьдхо Зубаиров Ризван "цхьа бакъахьа стаг" хийтира адвокатана Джабировна.

"ХIаъ, процессехь иза чIогIа шога ву – суна хетарехь, готтачу гурашка тхо хIиттон гIоьртира иза, цхьацца меттигашкахь дукха тIех а волуш. ХIетте а процесс вовшахтохарехь оха хеттарш дира цуьнга кхелан кхеташо йирзинчул тIаьхьа. Жоьпаш лора цо, хьасене вара иза. Мел а догIаьржа хийтира суна цуьнан накъост Сапрунов Роман", - дийцира адвокато.

Кхаа суьдхошлахь вара Сапрунов Камалов верца доьзначу гIуллакхехь – наггахь чIогIа ира къамел дора цо, адвокаийн дехаршна дуьхьал хуьлура иза.

"Гаджиевн гIуллакхехь хьалхарчу кхеташонехь цуьнан адвокат санна дакъалоцуш вара со, тхуна гира, Сапруновс процесс дIахьора мел а кIеда цигахь дакъалоцучарна -гураш башха шога а дац, мел а муьтIахь хуьлура иза. Гой хьуна, мел бIостане хили, таIзаре хьаьжча. Церан сацамашка а хьаьжна, хьесапаш дан хало ду", - бохура Джабиров Асада.

Адвокато бахарехь, суьдхо Зубаиров цхьана амалехь цахиларан масал хила тарло, хьалхара "Бахчисарайн бархI" гIуллакх – ГIирмин гIезалой иштта бехкебира терроризмана а, Iедал шайн караэца гIортар а. 2019-чу шарахь Ростовехь листа долийра гIуллакх, процесс йахйелира дийнна шаре, ткъа 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь Зубаиров Ризвана бехказаваьккхира кхеле хIоттийна цхьахверг - Ахметов Эрнес. "Хизб ут-Тахрир" тобанан гIуллакхехула дуьххьара бехказавоккхуш сацам бина и цхьа гIуллакх ду. Цхьа шой ахшой даьлча лакхарчу кхело йухабаьккхира и сацам, Ахметов лецира, ткъа стохка гIуран-баттахь кхечу суьдхочо 11 шо хан туьйхира цунна шогачу хьелашкарчу колонихь йаккха.

Бакъонан тIаьхьало а йоцуш?

Гаджиевна а, Тамбиевна а, Ризвановна а дина таIзар рогIерчу иснтанцешкахь къовсучу заманчохь цхьана агIор дIоггара гIо хир дуй-те Зубаиров Ризванан къаьстина хетачо - ала хало ду.

Журналистан адвокато Шабанов Арсена хаамбира Кавказ.Реалиин сайте, бакъонан кхин тIаьхьало йолуш хир дац кхелахочунна хетарг, таIзарна иза реза цахилар гайтар доцург. Шабановс тIечIагIдира, таIзарна латкъамбарх – арз чуэцна, амма картотеке хьаьжча гуш ду, латкъам листар маца хир ду, билгалдаьккхина дац хIинца а.

Гаджиев Iабдулмумин
Гаджиев Iабдулмумин

Делахь а, журналистана Гаджиев Iабдулмуминна хетарехь, суьдхочун Зубаировн дIахьедар мел кIезиг а апелляцин а, кассацин а инстанцешкахь листа бахьана ду.

"Адвокатан позици хилла ма ца Iа и, тхан гIуллакхехь дакъалаьцначу тIеман кхелан цхьахволчу суьдхочун аргументашца хетарг ма ду и", - аьлла хета Гаджиевна. Редакцин аьтто хилира цуьнан хIусамненехула жоьпаш даха, низамашкахь цунна бакъо йелла хIусамдеца зIе хила.

Тамбиев Кемал
Тамбиев Кемал

Изза элира оцу гIуллаккхехула кхел йинчу шолгIачо, программисто Тамбиев Кемала, шен цIийненехула жоьпаш дахкийтира цо а тхан хеттаршна.

Оцу йукъанна Гаджиевс хаамбира иштта Зубаировн уникале дIахьедаро гIора делла "уггар а тешаш боцчу адвокаташна а , бакъоларйархошна а". Суьдхочо динчун масех хила тарлун бахьана го журналистана.

"Цкъа делахь, тхан гIуллакх цхьа кхиндерш санна долийна дац. Дукха хьолахь шайггара вовшахдиттина тоьшаллаша бакъо ло кхелахошна таIзарх жоьпалла талламчана, йа оперативникашна тIетатта. Йуьхьанца дуьйна а тхаьшна оха бехкаш ца дахкарна, зуламаш дина хилар тIечIагIдеш тешаш цахиларна, харц а, анонимехь а, - бехкбилларан таIзар чIогIа беламе ду", - бохура Гаджиевс.

Суьдхошна Iаткъам бина шолгIа фактор, журналисто лерира оцу гIуллакхца таIзаре хIиттийначинй репутаци республикехь дика хиларна шуьйра йина резонанс.

ТIеман кхелана хIара хилам бу

"Кхелахо Зубаиров а, хууш ма-хиллара, Дагестанера ву. Шен белхан накъосташца ша реза цахилар дIахаийтина ца Iаш, мало ца йира цо кIорггера критика йан оцу бехкбилларан таIзарехь доллу бахьанашна. ТIеман кхелана хIара хилам бу. Дукха юристаш ларийна, цуьна доьналлица а, корматаллица а лелар билгалдаккха", - дерзийра Гаджиевс.

Суьдхочун Зубаировн мотивацех версиш ца йийцира Тамбиев Кемала, шен дегайовхо хилар къадийра цо, цуьнан цIена ойланаш хилла хир йу аьлла.

"Бакъдерг толош кхузаманан реалеш лерича, уггар а доккха хIума хIара хиллехь, со цунна воккхавоь", - элира цо.

  • Гаджиевн коллегаша а, гергарчара а хIора кIиранах хIокху деа шарчохь ХIинжа-гIалахь цхьааллин пикеташ хIиттайо, журналистана бехкзуламан гIуллакхца тIаьхьабовлар сацаде, иза маьршаваккха бохуш. ТаIзар кхайкхийначул тIаьхьа а совцош йац уьш.
  • Бакъоларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лаьрра Гаджиев, ткъа дуьненайукъарчу бакъоларйаран Amnesty International организацино эхьалла долу тутмакх аьлла цунах.
  • Гаджиев маьршаваккхар доьху иштта "Доза доцчу репортераша" а, дуьненайукъара журналисташ Iалашбаран Комитето а.
  • Диъ шо сов хан йу Гаджиев СИХО-хь латтон. Ша лаьцна латтошехь, "Черновик" газетехь матераилаш зорбане йаьхна ца Iаш, шеца чохь бахкочех а, царна тIаьхьабовларх а, шен гIуллакх хьалхадаккхарх а, виъ воI кхиорах а дуьйцуш, блог йолийна цо. Карарчу хенахь цуьнан агIоне йазвелла ву 45 эзар стаг. Хьалхо Кавказ.Реалиин сайтана ша лаьцна латточуьра йеллачу интервьюхь Гаджиевс дийцира, ша чохь латточуьра хьелех а, ша лацар шен дахарехь уггар а пайден ду аьлла шена хIунда хета а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG