ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалина штурм йарх видео йаржорна бехкейина адвокат


Нохчийн адвокат Алиева Аза йуьхьарлаьцна Талламан комитето 1994 шеран гIуран-бетта 31-хь Соьлжа-ГIалина штурм йен видео йаржорна. Бахьана дара, видео тIехь Гелаев Руслан хилар – иза Оьрсийчоьно террорхо лерина Ичкерин инарла ву. Ша Алиева йевзаш йу Оьрсийчохь бусалба нехан бакъонаш Iалашйарца доьзна масех гIарадевллачу гIуллакхашкахула.

XS
SM
MD
LG