ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Седас олура, нагахь санна, ша карайахь, йуьйр йу". Лачкъийначу нохчочун доттагIчо дуьйцу цуьнгахьа хIоттийначу пикетах лаьцна


Патяева Лена , Сулейманова Седа а, доларчу архивера сурт
Патяева Лена , Сулейманова Седа а, доларчу архивера сурт

Патяева Лена – жигархо, феминист йу, ишта Нохчийчохь доьзалехь латтийначу гIелонех йедда, стохка кадыровхоша Санкт-Петербургера лачкъийна йухайигначу Сулейманова Седин уллора доттагI а. Чиллан-беттан 1-чохь Патяевас цхьааллин пикет хIоттийра Санкт-Петербургера прокуратурин гIишлона хьалха, йоI къайлайаккхарна тидам тIебохуьйтуш а, лахьан-баттахь дуьйнна урхалло болийначу талламан жамIаш хилийтархьама а. Сулеймановас масийттаза баьхна хиллера шен доттагIашка, нагахь санна, ша гергарчийн карайодахь, цара йуьйр йу ша. Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь Патяева Ленас дийцира, Нохчийчуьра йедда йеъначун дахарх, хIун дезара цунна, хIун Iалашонаш йара цуьнан.

– Тхешан йукъарчу доттагIашкахула йевзира суна Седа (доттагIаша Саида) олура цунах. Нохчийчуьра йеддачул тIаьхьа ша йаьхначу шелтерера дIайаха дагахь цо петар лоьхучу хенахь, ткъа со цу заманчохь сайца йукъахь чохь Iен лулахо лоьхуш йара. Со йолчу а йеана, цхьа кIира кхаччалц хан йаьккхира цо. Дуьххьара цхьа тийна, цхьа къайлаха адам санна хийтира суна иза. "Хьо цIера стенгара йу?", "Питере стенна йеана?" шега хаьттича, озалора иза. Шех лаьцна халла дийца йолайелира иза. ТIаьхьо тхойшиннах доттагIий хилира, йевзира суна Седа цхьа дика адам, къинхетаме, хьан гIуллакхе а хьожур йолуш йоI йара иза. Улора доттагIий хилира тхох, тхешан дагара-багара а дуьйцура, дукхазза суна накъосталла а дира цо. Стохка чиллан-баттахь дуьххьара иза карийча, йуха а царах йада, къайлайала дийзира цуьнан, тоххара ша хан йаьккхинчу шелтере йухайахара иза.

Дийцахьа цунах лаьцна кIорггера.

– Со хIетахь машен хахка Iамош йара. ГIалин йуккъерчу кофейнехь болх беш йара иза. Оха бартбира, белхан хан дIайаьлча, со цунна тIаьхьа йогIур йу аьлла. Со дIайогIуш йу аьлла, йаздира ас цуьнга, амма, со схьакхаьчча, гира суна, кофейня къевлина йара, Седа цхьанхьа а гуш йацара. Телефон туьхийра ас, дIайайина йара. И лаха йуьйлира со, кхеташ йацара хиллачух. Цунна сагатдан йолайелира со, полици йаха а дагадогIура. Оцу минотехь соьца зIене бевлира тхойшинне а бевзарш, цара хаамбира соьга, Седа иза лоьхучарна карийна, амма цуьнан йада ка йаьлла. МаьIне дац элира полици хаамбар, цуьнан тIейуху хIума цунна дIакхачон йеза элира, иза йуха а шелтерхь хир йу аьлла.

Такси лаьцнера цо, урамашкахь хIиттийначу камераша ша лацарна кхоьрура иза. Сирлачу басахь йара цуьнан месаш. Таксхочуьнга дехар дина, эзар соьмах цуьнгара куй эцнера цо. Иза цецваьллера, цуьнан коьртара Iаьржа куй цунна стенна оьшу, эзар сом а делла?

– Цо тIаьхьа дийцирий, муха аьтто белира шен йодуш?

– Оцу заманчохь ша лоьхуш хир йу аьлла, цунна ца хетара. Шен гергара нах хьал долуш, таро йолуш нах бу бохура цо, ша схьалохуш оццул хан царна оьшур йацара. Цуьнан гергара стаг, шича цIеххьана кофейни чу а веана, хьо стенгахь Iаш йу дийца, адрес ло шега баьхнера цо. Кхерамаш тийсинера, ахь харц некъ бу хаьржинарг бохуш. Кофейнера видеокамери тIе а даьллера церан къамел. Оцу мIаьргонехь кофейни чу веана хиллера, даим а цу чу марзвелла цхьа накъост. Цуьнца доттагIийн уьйраш йара Седин. ТIаккха гергара стаг араваьлла хиллера, арахь иза ларйан. Шех йедда иза йер йац аьлла, тешна хиллера иза. Седин Iалашо хилира шолгIачу араволийлахула чекхйала. Йоьдуш лаьттташехь шен телефон охьатесна хиллера цо, сим-карта а кагдеш. ТIаккха зIе йоцуш йисинера иза цайевзачу гIалахь, кхерайелла иза бен-башха доцуш дIахьаьддера. ТIаккха тIехбуьлучу нахех цхьангара телефон йаьккхина, шена гIо динчу бакъоларйаран "СК SOS" тобане телефон тоьхнера цо. Шелтере схьайола аьллера цуьнга. Такси лаьцнера цо, урамера камеро ша дIайазйарна кхоьрура иза. Къегина, иза йевзар йолуш бара цуьнан месийн бос. Таксхочуьнга дехарш дина эзар соьмах цуьнан куй эцнера цо. Важа-м цецваьлла хиллера, шен коьртара Iаьржа куй стенна оьшу цунна аьлла. Амма боьхкинера цо. Ишта ша ца йовзийта гIерташ, шелтер чу йаханера иза.

– Ша муха гучуйаьлла хаьарий цунна?

– Банкан картехула хиъна хир дара. Оцу гергарчо хьахийна хиллера, шайн полицица уьйраш йу аьлла. Иза лоьхуш, дуккха а ахча дайинчух тера дара цара. Иза балха хIуттучу заманчохь, "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша аьлла хиллера цуьнга, хьайн цIарах банкехь карта даккхийта мегар ду аьлла. Уьш тешна хиллера, иза кхин дIа лоьхуш йац аьлла. ТIаккха дийцира цо суна шех лаьцна дерриг а.

Шаьш девддачул тIаьхьа мел а кхерамзаллехь нисделлачу кхиндолчу зудабераша а санна, шех лаьцна гIарадаккха хIунда ца лиира Седина?

– Интервью ло бехира цуьнга бакъоларйархоша, амма иза реза ца хуьлура. Нохчийн йоIана ша-шен йер санна ду бохура цо, шен махкара йадарх лаьцна дийцар, доьзалера дIайахначул тIаьхьа шен дахарх лаьцна дийцар а. Республикина эхь ду и бохура цо, кхечу пачхьалкхе ша дIайодахь а, карор йу ша олура. Кхерам кхин а тIе чIагIбан ца лаьара цунна, йелла дIайаллалц йедда лела, лечкъаш лела лууш йацара иза. Цул совнах шен нанна сагатдора цо.

– Ша Нохчийчуьра йадаран бахьанех лаьцна дуьйцурий цо?

– Маьрша хила лаьара цунна даим а. Жигара йара иза, Нохчийчохь а меттигерчу кофейнехь баристан болх беш йара иза. Социалан дахар дара цуьнан, доттагIий а бара. Хан мел йолу кхетара иза, шена тIаьхь-тIаьхьа кхерам латтарх. Жим-жима кхунна дозанаш детта йолайеллера цуьнан нана. Ша Седин вешига дIадуьйцар ду бохуш, кхерамаш туьйсуш хиллера, йоI тIех маьрша лела, вашас меттайалор йу иза бохуш. Цуьнан да вацара, цундела ваша ден метта лоруш вара. Цул совнах, иза маре лур йу, цуьнан лааме а ца хьоьжуш баьхнера. Седа кхеташ хиллера, йа цара бохург деш Iен йеза, йа цIера дIа а йахна, шена ма луъу йаха йеза аьлла. Йада Iалашо лецира цо.

Нохчийн йоIана ша-шен йер санна ду бохура цо, шен йадарх а, доьзалера дIайахначул тIаьхьа шен дахарх алаьцна дийцар

– Пачхьалкхера дIа стенна ца йахара иза?

– Бакъоларйархоша хьийхира цунна генарчу пачхьалкхе дIагIо аьлла, амма боккха лаам бацара цуьнан, йевзаш йоцчу меттиге дIайаха. Гаранти а йацара, ша билггал дIайохуьйтар йу аьлла. Питерехь вехачу Станиславца гергарло тасаделлера цуьнан (Кудрявцев Станислав, Седин везар. – КР), иштта йиссира иза.

Со доггах ца тешара, "сий лардеш" адам дерах дуьйцу къамелаш цхьа тIаьхьало йолуш хиларх. Муха йуьйр йу шен йоI, йишин-вешин йоI, йа йиша? Цхьа телхинчу маньякийн доьзалехь бен иштаниг ца хуьлу моьттура суна. Седас олура, нагахь санна, шена тIекхиахъ, Нохчийчохь ша йуьйр йу. Цецйолура со: нанас винчу вашасий? Иштта элира цо: "Бен-башха дац, хьо мел чIогIа йезаш йелахь а. Хьуна хьуо йеза моьтту, амма хьо хIетте а йоь".

Седа оьзда леларна тIехь терго латтош хиллерий вашас?

– Зуда а йолуш волчу цо, зудабераш довзуьйтучу сайтехь регистраци йина хиллера, шен цIарца, шен суьрташ а, хIиттош, ша веха Iалхан-Йурт эвла а цхьаьна билгалйоккхуш. Цуьнан анкетехь йаздина ду, 35 шаре йаьлла зуда лоьхуш ву ша бохуш. И санна волчо ца дуьйцу оьздангаллех лаьцна.

– Шелтерера йухайеана Седа хIун лелош йара?

– Цхьана доьзале нисдаллалц ханна лело жIалеш оьцура цо. Доггах хьожура и цаьрга, дукхадезара цунна жIалеш. ДагадогIу суна, цхьана ханна къена жIала далийнера цунна баттана. Седас дуьйцура, цхьа шо даьлча и жIала дала там бу бохуш. ХIуъ а дина а, цхьа диканиг цу жIалина дан лаьара цунна, ша иза цхьана сарахь цунна кIорда даллалц лийча хи тIе дуьгур ду бохура Седас. ХIора дийнатана шен са чу дуьллура цо, соьман дуьхьа лелош а дацара и цо.

– Питерехь муха дIайахара Седин аьхке?

– Аьхка дика машен лелон Iеминера со, гIалел арайолура тхойша. Некъаца йогIуш йолу музыка хIоттайора цо. Самукъадолура цуьнан тхойшиъ цхьанхьа йоьдуш. Цкъа а хилла йоцчу меттигашка кхочура тхойша гIалел арахьара. Оцу кепарчу экстримах кхоьру сан кхинболу доттагIий, когаш сиха кIадло, коьллаш йукъарчу текхаргех кхоьрура. Амма Седа даим а реза хуьлура соьца йан. Пулковн лакхене йаханера тхойша цкъа, довха стигалкъекъа-беттан де дара и, заповедникехь йолайелла лелара тхойша, дукъа тIе хьала а йуьйлуш. Халла бен чекхволийла доцуш некъаш дара цигахь, амма тхуна гейзерш карийра, цул тIаьхьа, тхойша цкъа а хилла йоцчу карьерашка йаха йеза вайша аьлла дагадаийтира ас. Оцу дехачу дийнахь цкъа а ца элира цо, ша кIадйелла. Дерриг а интересе дара цунна, цо иштта олура.

Дуьнене шовкъ хиларца чIогIа сайх тера хетара суна Седа. ЧIогIа товш йара иза Iаламца. Даккъийн буьххьехь, йа хийистехь Седин суьрташ дохуш хазахетара суна. Ирсе йара цунна аьхке.

Сулейманова Седа, Патяева Ленин архивера сурт
Сулейманова Седа, Патяева Ленин архивера сурт

– Ша цIера йеддачул тIаьхьа шен доьзалца зIене йолурий Седа?

– Ненаца зIенехь йара иза. Ларлуш, шен телефонан номер ца лора, аьрру аккаунташкахула, мессенджерашкахула зIене йолура иза. Нанас олура, ша кхунна сагатдо, цIа йагIахьара олий. Ненан телефона тIера вашас а йаздора. Цо озаца баийтина хаам дагахь лаьтта суна, цIа йола, гIуллакх гена далале цIа йола, тIаккха тIаьхьа хир ду бохура цо. Ша маре йаха дагахь йуй доьзална хаахь, шена тIаьхьара бевр бу уьш, ша цхьа дIахадийна хIума санна хир йу царна олура цо. ЗАГС-е кехаташ чуделлера цо Станиславца шина баттахь собар дан дезара. Шен нене дийцинера цо, хаза кхаъ боккху ша аьлла. Хетарехь гергарчарна и ца тайначух тера дара.

Бен-башха дац, хьо мел чIогIа йезаш йелахь а. Хьуна хьуо йеза моьтту, амма хьо хIетте а йоь

– Седа лачкъийний муха хиира хьуна?

– И лачкъийна ши де даьллачул тIаьхьа. Iадийнера со. Дукха хан йоццуш доттагIашца цхьана тхо Iачу хенахь суна гина май ара иза. Сихха иза карор йу аьлла хийтира суна. Бакъаоларйархошна а хууш дара, цунах лаьцна журналисташа а йаздеш дара, тIаккха дерриг а дика хир ду аьлла хетара суна. Цу тIе масийттаза Кавказера бовдуш, лоцуш, йуха а маьршабовлучу Кавказера бевддачу йоьIарех лаьцна массарна а хууш дара.

– И де тIекхачале цхьа сингаттам хила мегара аьлла хетарий?

– Станислав, Седин везар, шен ден-ненан петар чохь вехаш ву аьлла, дIайазвина вара. Цуьнга хаийтинера, цхьа нах бу кIоштахула буьйлабелла лелаш, цуьнан сурт а эцна, иза лоьхуш. Седа хIетахь кхерайеллера, чуьра арайер йац ша аьлла, сацамбира цо. Ткъа эххар а хуийла дара церан адрес. Цхьана ханна йахана а цхьанхьа дIайаха йезаш хиллера иза, амма цо хIуммаъ а ца дира, иштта хилларг нисделир-кх тIаккха. Станиславе неI схьайеллийтира полисхоша, иштта Седа дIайигира.

– Муха хиънера Седина тIаьхьабевллачарна, иза Станиславца йоьзна йуй?

– Цунах лаьцна хаа таро ца хилира тхан. ЗАГС-е чуделлачу кехатца хаа а тарлора, нагахь санна, цуьнан гергарчеран цхьана агIор урхаллин базе тIекхочийла хиллехь.

– Седа ларйеш пикете хIунда йаьллера хьо? Цхьана йукъараллин, йа политикан боламашкахь дакъалоцуш йуй хьо?

– Школехь йолуш дуьйна феминистийн а, социалистийн а хьежамаш болуш йара со. Суна даим а лиъна нийсонехьа, зударийн бакъонашкахьа хила. Лакхарчу доьшийлехь хьехархо вара сан социалистийн хьежамашца, "Скепсис" порталан коьрта редактор. Цига артиклаш йазйан йолайеллера со, 2011-чу шарахь Болотан майдана протесташка йахара со харжамашна фальсификацеш йарна дуьхьал.

Берийн дарбанан хIусамаш йисийта къийсам латтийра оха, италхойн протест йинчу лаоьрашкахьа а дара тхо.

"Гражданское содействие" оранизацихь хиллачу берийн-мухIажарийн школехь волонтер йара со. Дуьххьара аса доладина 11 шо долу йоI Нохчийчуьра йара, чIогIа дукха йезайеллера суна и. Махкара дIадаха дезна хиллера цуьнан ден а, ненан а. Цуьнан воккхахволчу вешина тIехь Iазапаш хьегнера нохчийн ницкъахоша, террорхошца уьйраш йу аьлла (бехк боцуш, цунна тIехь и цIе кхоьллина йу аьллера соьга). Цхьана дийнахь цо хаьттира соьга, иштта дика хьо хIунда йу соьца. Со цецйелира, цо элира: "Оьрсашна нохчий беза ма ца беза". Цуьнга ала дош ца карийра суна, и мара а йоьллина, бакъ дац и элира ас.

Цхьана дийнахь цо хаьттира соьга, иштта дика хьо хIунда йу соьца. Со цецйелира, цо элира: "Оьрсашна нохчий беза ма ца беза"

Цхьана йукъахь йерриг а гена йелира со жигараллина, Украинехь тIом балале масех шо хьалха керланаш доьшуш йацара со, ковид йолу хан а тIехйалийтира ас. Суна хаьара, со дукха жима адам ду, аса хIуъа дахь а, йа волонтеран, йа жигараллин гIуллакх леладахь а, цо цхьана а хIуманан йист йоккхур йац. Дукхахболчу нахана дерриг а мегаш хуьлу, царна ца беза хийцамаш, дикачу агIор уьш белахь а.

Питере дIайахара со, гIишлошйарехь белхаш беш, сайн дахарца йаха йолайелира со. Керла говзалла, керла гIала, могIарерчу адаман дахарца йаха лаьара суна.

ТIом, йуха Седа лачкъор, тIаккха йолайелира со хаамаш беша. Цунах лаьцна дуьйцучу массо а пабликашка йазйелира со.

– Цуьнца зIене йала гIоьртирий хьо?

– ХIан-хIа, цуьнан телефон цIахь йисинера. ДоттагIех цхьанга а Седас цкъа а йазйина йац.

– Нохчийчуьра бакъоларйархочуьнца Солтаев Мансурца дIайазйинчу ролика тIехь Седа хьайна гича, хIун ойланаш хилира хьан? Цу тIехь цо бохур-кх дерриг а цуьнца дика ду.

– Со Iадийнера. ТIаккха кхийтира со, хьал кхераме хиларх. Седа гира суна оцу сурта тIехь, истерика хиланза йелира со. Тепсуркаев Салманца хилларг дагадеара суна. Иза лачкъийначул тIаьхьа цуьнан суьрташ а, видео гойтура, иза дийна хиларх тоьшалла деш. Цул тIаьхьа вийна бохура иза. Сан доттагIчуьнца а изза дан там бара аьлла, коьрте иккхира суна.

Оцу ролика тIехь цуьнан хилла хатI дустура ас, сайна Седехь девзаш хиллачуьнца: цо тIе хIун йухура, иза муха лелара, цуьнан бIаьцайар. Халла йевзира суна иза. Ойла йира ас, нагахь санна, иза дийна йелахь а, мел ирс дайна йу иза, мел декъаза ду цуьнан дахар. Набахтел а эшна хьелаш ду-кх.

– Пикете йала муха дагадеара хьуна?

– Абстракте процессаш хьан хьайн хуьлу, политика хьо чохь Iашшехь хьан цIа йогIу, уггар а хьуна деза адам хьоьгара схьа а доккхуш мIаьрго йара и.

– Хьо лецира, и хир ду аьлла, дагахь дарий хьуна?

– ХIаъ, кхин а доьхнарг хир ду аьлла, кийча йара со. Со чу йуллар йу моьттура суна. Йовха бедарш схьаэцнера ас, хуьйцуш йуха хIума а, оьшу телефонаш кехата тIе схьа а йазйинера.

– Плаката тIе йаздинче хьуьсарий адамаш?

– Прокуратури хьалха лаьттара со. ТIехбуьйлурш хьуьйсу аьлла хетара суна, амма ца хIуьттура тIебахка, хатта, йа сурт даккха. Машенаш тIехь тIехбуьйлучара дохура суьрташ, светофорехь сецча.

Цхьа беламе хIума дара: плакатаца лаьтташ йу со, ларйеш пхийттех полисхойн духарца стаг ву

ТIехбуьйлурш йаьIна хьовзанза буьсура, плаката тIехь дерг доьшуш. Оцу йукъанна суна го бинчу полисхоша адамаллин интерес гойтура акцин хьокъехь. Аса кхетийча шаьш, доглазаме хьийзара. Политика а йоцуш, и сан сайн бахьана хиларна хила а тарлора, йа кадыровхой царна ца безарна хила а мегара.

Со сацайо, йа ца йо аьлла, хьаькаман сацаме ладоьгIура цара, суна уллохь латта а лаьтташ. Цхьа беламе хIума дара: плакатаца лаьтташ со суо йу, со ларйеш пхийттех полисхойн духарца стаг ву. Бахархой кхин а чIогIа тIекъерзара и бахьана долуш.

ТIаккха полицин декъе дIайигира со, цигахь бехкейира коронавирусан дозанаш дохорна. Кхеташ йац, хIун дина ас уьш дохийнера, со суо лаьттара, уллохь полисхойн тоба йоцург стаг а вац.

– Седа дийна йу аьлча теший хьо?

– Суна теша лаьа, иза хIинца а дийна йу, сайга иза кIелхьарайаккхалур йу аьлла. БIарлагIе шанс хила а тарло и, хилийтахьа. Седа – дийна адам ду, со йоцург тIехIотта стаг а воцуш.

  • Бакъоларйархойн хаамашца, Сулейманова Седа йеддера цIера, ша "сий лардеш" йерна кхоьруш. Марсхьокху-бутт бовш йоI а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира, биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцинера Кудрявцевс бакъонашларйархошка. Жимстаг дIавахийтина, 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла лаьцна йоI, Нохчийчу дIайигинера. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара къоьллина хила тарлора, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.
  • Соьлжа-ГIалахь Сулейманова Седе хеттарш дира теше санна, адвокат оьшуш вац аьллачу кехатна куьг йаздайтира цуьнга. Хеттарш динчул тIаьхьа йоI полисхойн декъера арайолучу хенахь гергарчаьрга дIайелира.
  • Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, Нохчийчу а вахна, шен йезарца цхьанакхета некъаш лоьхуш. Цунах а аьтто ца белира. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь жимчу стага дийцира, Сулейманова Седица шен хиллачу йукъаметтигех а, иза лачкъорах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG