Германера нохчийн политик кадыровхойх веттало
Масийтаза кадыровхошна йукъахь хаавелла "Германина альтернатива" партин декъашхо Дадаев Мурад Нохчийчу веана. Меттигерчу парламентан кхеташонехь дакъалецира цо, цхьанакхийтира вице-премьерца а, Кадыровн цIарах йолчу лерринчу полкан командирца а. Ишта масех видео дIайазйина цо герз а карахь.