ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхераме лоьраш


ХIокху деношкахь, Шела кIоштан дарбан хIусамехь делла I0 бутт кхаьчна бера. Могуш доцучу цунна, лоьраша шайна тIедалийча, вакцинации йина хилла. ХIинца, билгала хууш дац хIун бахьанашца иза делла, амма, йоккха шеко ю, иза, оцу тоьхначу махах ца хилла аьлча. Шай берашна вакцинаци ейта ца хIутту дуккха а нах.

Совета заманахь санна, шай берашна вакцинаци ейта, Нохчийчохь дIахIиттина рагIанаш ца хуьлу нанойх. Бераш хьалха хиллачулла могаш ду бохург дац иза. Цатешам бу-коьрта бахьан. Вакцинацино, цамгарна доьхьал хIоттош йолу новкъарло санна, чIагIа бу иза нехан ойланашкахь. Ца теша лоьрех а, молханийн дикаллах а.

Абу цIе йолу Грозный кIоштерачу вахархочо, шен шинна а берана ца ейтина и вакцинаци. ХIумма а дохкох а ца ваьлла ша элира цуо Маршо радиога вистхуьлуш.

Абу: «Сайн берашна ас и вакцинаци ца ейтина. Цхьа а йина вац сан ши кIант. Ас хIиттина лоьрашка. Тайпа-тайпана дуьцу цуьнах лаьцна. Ас цундела ца ейтина, иштта дуьйцун дела. Баккхий нах а гина суна, цкъа а иза ца йина болу».

Ейтича, ца ейтича а бохуш ойланашкахь болчу нахана, цхьанна а тайпана хьехам бан бакъо яц лоьрийн. ТIаьххьарчу шерашкахь, цхьана махана чохь, массийта цамгарна доьхьала молх хуьлу. Лайса цIе йолу зуда а ю, шеконехь, амма, кхера а кхоьруш ейтина цуо шен берашна и вакцинаци. Кхера бахьан а дара, аьлла тидам бира цуо.

Лайса: «ЙоIан вакцинации ейта яхнера со поликлинике. Къона педиатр яра иза. Берийн бага а ца хьожуш, я пехашка ла а ца дугIуш, вакцинаци е аьлла дIахьажош яра. Дага дуйла а ца хьаьжира. Ас, хьо цуьнга хьажа а ма ца хьаьжира, аьлча, йицъеллера ша аьлла хьаьжира цул тIаьхьа. ДIа мел хаьттинарш, кхоьруш бу, ейтича а, ца ейтича а хIун дара теша бохуш».

Шо шаре мел долу вакцинации ейта ца лучу нехан терахь алсамдолуш хиларна даре деш ду, шаьш лоьраша а. Резабоцучара куьг таIдо лерринчу кехатан кIела, боху ша лор йолчу Тамарас. И маха, дукха леррина берийн могашалла талла а теллина, туоха безаш бу аьлла билгалдаьккхира цуо.

Тамара: «Берийн лоьрашка дIалуш леррина бланкаш ю. Дайш-наноша шаьш доьхьала балахь, цу тIе куьг таIдо. ТIедалийначу берана, ла а доьгIна, дага дуй-даций а хьаьжний бен оха еш а яц. И бера шелделла а, я кхин цамгар хьакхаделла а долуш, далахь, иза тоха йиша яц. Цомгуш долчу берана и маха тохахь, тIаккха цунна кхераме ду иза».

Лоьрана Тамарина, и вакцинаци оьшуш ю аьлла хета берашна. Шечаьрна а ша ейтина цуо. Амма, юккъараллехь нах кхерар мичара схьадогIуш ду а хаа шена, аьлла тидам бира цуо.

Тамара: «Дукхачу хьолехь ейта ца лаьа нахана. И мах тоьхча, и цамгар гучдаьллера олу. ХIинца, вайна хууш ма даций оцу молханана дикаллах. Иза йоцуш, харц кечдина дуккха а молханаш дув ай кхузахь. Цу хIуманна кхерам бу. Сайн берашна-м ейтина ас. Молханах а , махех а, доллург вайна ца хаа.

Нахана юккъахь, цхьацца къамелаш ду, вай къам цомгуш дан чудахьаш дуй, тIаьхье ца хилийта еш вакцинации юй, цу чу хIарий-важий тоьхна бохуш дуьйцу. Иштта дийцича, нахана цхьаъ хета, кхоьру.Со а кхоьру цуьнах. Оцу ампула чохь ерг суна а ца хаа-кх, иза хIун ю. Ас вакцинации е а эра дац, ма е а эра дац».

Шен шина берана вакцинаци ца ейтинчу Абуна, кхин бахьанаш коьрте хета, ша цунна доьхьала хилар. И маха тухучу лоьрийн лаххара говзалла, аьлла тидам бира цуо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG