Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон де хьалха Нохчийчохь лачкъийна вигинчу исс гергарчу стагах ялх дIахецна, хууш дац бисинчех хилларг, хаамбина блогеро шен телеграм-каналехь. Цо бахарехь, лаьцна витина Хасаров Саламбек (ненаваш), Абдурахманова Тахмина (шича), Абдурахманов Дени (шичин кIант).
Кху беттан 22-чохь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбинера телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
ТIаьхьо блогера хаабира, анониман смс шега кхачарх, цуьнан шича хьийзор ю шаьш, нагахь санана, Абдурахмановс Кадыровга гечдар а дехна, тIейогIучу заманчохь критика ечуьра иза ца сацахь аьлла. Талламхочун Грозев Христон аьтто хилира хаа, блогере хаам баийтина телефон 28 шо долчу, Кадыров Рамзанна муьтIахь долчу СОБР спецназан эпсаран цIартIехь хиларх.
- Абдурахманов Тумсо нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеошкахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх а, кхинйолчу меттигерчу Iедалхойн харцонех а.
- Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила а видео дIаязйира, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
- Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш Нохчийчохь лечкъийна хиларх. "Вайфондан" информацица, Нохчийчохь лецна Садулаевн уллора гергарнаш: Хасанов Хьасан, Хасанов Хьусейн, Хасиев ИбрахIим.