ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца керла барт бан лууш ю Абхазера Iедал карчо араяьлла оппозици


Гуьржийчоь -- Сухумехь митингехь вистхуьлуш ву Хаджимба Раул, Стиг 27, 2014
Гуьржийчоь -- Сухумехь митингехь вистхуьлуш ву Хаджимба Раул, Стиг 27, 2014
Ша Гуьржийчоьнах йозуш йоцуш пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Абахазин коьртачу гIалахь Сухумехь оппозицин митинг хилира Шинарин дийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара 5 эзар сов бахархой. Цара доьхург дара реформаш яр а, министрийн кабинет дIасахецар а, президенто дарж дитар а.

Оппозицин хьалханчех цхьаъ волчу Хаджимба Раула иштта элира цунах лаьцна.

Хаджимба Раул: «Ша куьйгалла дечу кху шерашкахь президенто шен гонерчу цхьана а стагана бакъо ца лора шен болх бан. Шен гIуллакх далахь а, дацахь а массеран а метта церан декхарш кхочуш деш вара иза. Цо шена тIеэцначо, ма-дарра аьлча, вайн пачхьалкхехь авторитаран режим хIоттийна".

Шен агIор Абхазин лидеро Анкваб Александра дIахьедар дира, Iедало шега далург дерриг а дийра ду хуьлуш дерг низаман хоршахь дисийта аьлла. Цо иштта дIахьедар дира махкахь хуьлург Iедал хийца гIортар ду аьлла.

Анкваб Александр: "Низамашца дуьстича, иза, шеко а йоцуш, ницкъаца Iедал дIалаца гIортар ду, герзах пайда а оьцуш.

Делахь а низаме дерза аьттонаш бу шайн аьлла хета цунна.

Оппозицин декъашхой реза бац президенто махкахь урхалла дар авторитаран кеп йолуш ду бохуш. Цера иштта сагатдеш дерг ду махкахь политикан а, экономикан а, социалан а проблемаш къарглуш хилар. Уьш иштта реза бац Абхази тIех сов йозуш хиларна Оьрсийчура доуьйтучу ахчанах.

Президентан администрацина хьалха лаьтташ болу нах ладоьгIуш бара президент шайна хьалха вистхиларе. Амма цо иза ца дира. Тергамхоша дийцарехь, хаьлха цу тайпа митингаш хилча президент даиман а аравала вист хила. Цундела шайн жамI дира гулбеллачара.

Митинган декъашхо: «Милла аравалахь а, хьаъ хIуъа а алахь а, вай, тIараш а тухуш, дIахьажор ву хIинца президент воцу Анкваб Александр».

Цул тIаьхьа дуьхьалонан акцин декъашхоша дIалецира президентан администрацин гIишло. Цу нахана хьлха ваьлла вара Анквабаца харжамашкахь президентан дарж къовсуш хилла Хаджимба Раул.

Абхазехь хуьлург бахьана долуш са саготта хилар хаийтина Москохо. Оьрсийчоьнан агIо тергам беш а, синтем байна ладоьгIуш а ю цигахь хуьлург бахьана долуш аьлла ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедарехь.

Кхаарин сарахь Сухуме кхаьчна Оьрсийчоьнан делегаци, шен коьртехь Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча Сурков Владислав а волуш. Стигалкъекъа-беттан 28-чу дийнахь Сурков цхьаьнакхийтира Анкваб Александрца. Цо иштта дагадовларш дIадаьхьна оппозицин лидершца. Интерфаксо дийцарехь, и цхьаьнакхетар хилла Сухумехь парламентан гIишлонехь.

Абхазехь хуьлучу политикан процессашна юьстах ца йисина меттигера православин килса. Махкахь машар ларбаре кхйкхина цо. Килсан зорбанан сервисо динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, «хуьлийла Абхази къорггера килсан пачхьалкх, шен дерриг а гIуллакхашкахь православин килсо бохург юьхьарлаьцна а йолуш» аьлла.

Карахь болчу хаамашца, 60 процент Абхазин бахархой керстан динехь бу, 16 процент бусулба бу, вуьйсуш Делах тешаш боцурш а, я кхин дин лелош болу а нах бу.

Еарин дийнахь оппозицино дIахьедар дина Оьрсийчоьнца керла барт тIеэца беза Акбхазино аьлла. Цу документан тIехь аьлла ду шайн бакъонаш ларйарехь а, къоман лаам кхочашбарехь а шайна тIехIоьттина йолу пачхьалкх Оьрсийчоь цхьаъ бен яц аьлла.
XS
SM
MD
LG