ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахматукаев Адам. Скайп


Ахматукаев Адам. Скайп

Дукха хан йоццуш Скайп хIоттийна суна. ХIинццалц со хIунда Iийна а хаац, оцу бераша хIоттаяйта хьайна, боххушехь. Иза цхьа питане сайт ю моьттура-кх. И социальни сайташ боху хIуманаш юй? Уьш санна. Ма зулам хуьйдина цара, ма даржа тарло и. Хьаьнга хьан хIун аьлла а, хIун жоп делла а, мила хьаьнца забар еш ву а, мила мила локхуш ву а – кераюккъехь санна, гуш ду цигахь. Дош ма дац и! Эладитанийн бен хилла а ца Iа! Кест-кеста вовшашка лер-алар а хуьлуш. Гена-м ца йолура и «буй-тIара», кхетам берш юкъа а гIуртий…

Ткъа и Скайп бохург хилла хьуна чIогIа бегIийла хIума.

ХьастагIа Букъарш иккхи чоьхьа, кхоах векхавелла:

– Дада, Дада! Буби ву хьуна тилвизар чохь, – аьлла.

Диск хир ду-кх, хьовса чудиллина, бохуш, тасбихь доккхуш Iаш ву со, кIентан кIанта аьлларг башха тергал а ца деш. Дехьа чу а ведда, юха а схьаиккхи Букъарш:

– Дада, Дада! Вашига хабарш дуьйцуш ву хьуна Буби, – олуш.

Цуьнан ненан йишин кIант Буби мотт Iемина а ма вац уьш махках бовлучу хенахь, я Букъаршан да бохург уьш болчахь хилла а ма вац, цуьнца къамелаш дан, аьлла, сагатдели сан, хIо-м ца хьакхаделла-техьа кхунах, аьлла.

– Хьада, ялолахь маса, хьажалахь цо лелориг хIун ду, – аьлла, ХIара хьажий ас кIант-нус долчу чу, доIа дан кхуьуш а, ца кхуьуш а. ТIаккха кIант ша а веа, каралоцу компьютер а йохьуш, ша цецваккхий хьо, аьлла.

ХIетахь бира-кх ас и Скайп хIоттаяйта сацам.

Хабарш кхоьхьуьйтуш, нах эцна боьлхучу таксисташка кехаташ дозанал дехьа дохуьйтуш, сайн ма-хуьллу, Iусман цIаверзо гIерташ, воллуш ма варий со, и хIоттаяллалц. Оцу Фейсбукехь тхаьшшиъ а девне вала герга вуйла а хууш, иза нахана тосалойла а ца лууш. ТIаьххьарчу хенахь сан ондара лаьтташ ду тхойшиннан гергарло.

Цхьана хенахь ма чIогIа ши доттагIа вара тхойшиъ! Школе вахале дуьйна дукхахйолу хан цхьаьна йолуш: я тхоьгахь, я цаьргахь. Тхан нанас тоьлла ерг цунна хьалха а хIоттош, яа хевшича. Зуда ялийча, хервала волавелира Iусман, иза схьавар кIезиг хуьлуш, со и волчу эхарал. ХIокху чохь йолчо а тидам бина хиллера.

– Хьо тIег1ертарх пайда буй, и дIагIерташ хилча? – элира цо цхьана сарахь, Iусман волчу ваха со тохавелча. – Хьо хIора кIиранах а воьдуш, и, аьхка веъча, гурралц Iаш, гурахь веъча, чиллахь вогIуш дерг суна-м нийса ца хета, – аьлла.

Iусман дIа ца тасавелира соьга. Эцца и митингаш а юьйлаелла, тIом а баьлла, вол-волуш, вовшашна гена-м вели тхойшиъ.

Iусмана туху соьга Скайп. Суна хIинца а Iамаза ду и. Бераша мосуьйттазза ган а дера гайтина, делахь а цкъачунна гIуллакх ца хуьлу. Жоп дала-м Iемина суна. ХIан, схьаетташ ву хIинца а.

– Алло! – долу сан багара, хIоразза санна, телефона чу баха Iаммарх.

– Салям алейкум! – олий, дог датIадо сан Iусмана, волалушшехь, дов даккха дагадеъча санна. ЦIахь волуш вайх тера лора цо салам. Баьхна хьуна ас… Шечунна тIера ца волу-кх…

– Ва Iалайкум салам! Марша вогIийла хьо!

– Амин обратно! ХIун деш бу шу, берзалой? – «хIара ду-кх сан лартIевар» ма-баххара.

– Аша тхайна диттинарг бен, хIун далур дара тхоьга? – и кхетар волу жоп ло ас. – Йолчо юуш, йоцчо лохуш, Делан диканах дог ца дуьллуш, ма сатедина Iа тхо!

– Сатедар – ах-ийман, аьлла ду боху-кх, – юкъахвоккху со Iусмана, ойланах тило санна. Меттан буьххье гIоьртинарг дIачекхдоккху ас-м, мацахлера цуьнан «седа-жайни тIе хьажар» декхаделлачух туьдуш:

– Хьуьнкхораш хи чу боьхкина довллушехь, хьонка а схьабели. Биъча биснарг банканаш чу берзий. Кестта нитташ а хьалагIуртур бу, царна тIаьххье – стоьмаш, хастоьмаш, IаьIий... вирчIимаш, виран голаш, сан ден букъ… Доцца аьлча, дийнна шарахь витаминаш тIехь Iаш ду-кх, деши санна, цIена шовданан хи тIе а муьйлуш.

– Завоевания революции! – къежа а къежаш.

– Вашими молитвами баьхначунний дайна… – юхаволу со а. – Цигахь хIун ду? Муха дохку шу?

– ЭхI, ма дика Iа тхо. Дела оьгIазваххал паргIато ю-кх тхоьгахь.

– Цундела дуьйлу хир ду шуьгара Иза оьгIазвоьду хIуманаш а. И карикатураш боху шарамаш бийраш ма эвхьазабаьхна аша?

– Политикина юкъа цагIертар бен дарба дац. Маьршачу пачхьалкхехь магийтина хIуманаш ду уьш.

– Дац, хьанора… Шен синой, дегIой моггуьйтурш ду-кх…– дог детIа сан, цо и дукха атта аларна, амма оцу сохьта оьгIазло кIадло. – Зезаг хIун деш ю?

– Дера яц кIад беш. ХIара лозий, важа лозий, бохуш, ноет постоянно. Боккъалла а, слабый хIуманаш хила а хилла и зударий. Я, вот, хIинцца бен ца хиъна-кха суна, лор мичахь ву.

– Хьайн сагатдечух уьш кхеттол мукъана а церан мотт Iеминий хьуна?

– Мел сиха Iемира! Буьйцург изий бен бац вокруг, цундела хир ду-кх и. А хIара лор-м, сайниг вуй, вайн цIера схьабаьхкинчу немцойх ву, из первой волны репатриантов. Нохчашна юкъахь хьалакхиъна, вайн мотт гIеххьа буьйцуш а ву.

– Хьо хьуо висна? Чохь цхьа а ма ца го дIасаволуш? Зезаг цIахь яц?

– Айн момент, – экрана чохь кхуьнан букъа тIехьа схьагучу неIаре а хьодий, чу вистхуьлу, – Марго, схьайола, Старый ву хьуна Скайпехь… Йистхила хьайн марвешига… Ну, неудобно же… Пару слов хотя бы… ДIаялахьа дIа… ас алахь, вечно ты…– цуьнан неIсагIехь а лаьттий, юхавогIий, охьахуу. – Бехк ма билла, Старый. У неё это, хIун олу цунах, цхьа пауза ма яра и, моллина йисарг… В общем, увядает наш цветок, по врачам и салонам уьддушехь.

– Поэтаний дайна, все пришло отцвесть и умереть…

– Цунна хезаш ма алалахь, друзьяш юкъара удалить вийр ву хьо.

– Ахьа ца вичахьана, ловр ду ас.

– Обижаешь, братан! – ган везара и, тхойшиннан гергарло хьовха, дийнна дуьне а шен ондара лаьтташ санна, москалх вусалуш.

– Маьлх-Аьзни маре-м ца яхана?

– Какой там маре?! Нанас цуьнга хIун боху хаьий хьуна? «Мне рано еще быть бабушкой», – боху-кх. «Сан хенарнаш дIабевлча, со хьанна оьшур ю?» – боху йоIа, – кхузахь выбор а ма яц, ца го хьуна?» – боху. «Потерпи!» – боху нанас. «Да разве в этом дело? Сох старый дева ян гIерта-кх хьо», – боху йоIа. ВаллахIи, ю и шен ненал кхеташ. Хотя, оцу хелхаршка лела йолаелчахьана, удивляет тоже!

– Мича хелхаршка-а? – ца кхета кеп йо ас.

– Вайн цIера схьаеана цхьа семейни пара ю кхузахь, – жима стаг, зудий, – кавказера хелхарш Iамадо бохуш, вайн кегий нах, мехкарий вовшахбетташ. Кхечу къаьмнех молодняк а тIегIертачух тера ду царна. Уьш занять бина хилар-м дика дера дара, эрна лоьлуьйтучул, мичахь бу а ца хууш. ЦIаяха салаьтташ ю-кха йоI. Тохара, жима йолуш, «Дадина яха лаьа, Дадина яха лаьа» бохуш (юьрта дахийта бохург дара и), ша тхо ма-хьийзадарра, хIинца а йолаелла-кх «Дада муха Iа-техьа? Къа ма ду цуьнан», – баха. А Дадина хIун оьшу? Хабарш дийца стоьмийн дитташший, виллина дIахьежа бешахула долу татоллий хилчхьана, хIумма а ма ца оьшу Дадина. И зачем его беспокоить, кест-кеста телефон етташ?

Короче, цIаяха салаьтташ ю-кх Маьлх-Аьзни. Царна и хелхарш Iамадечара дIадевлла хIуманаш а дуьйцучух тера ду. Пережиткаш юй? Iадаташ, там, шовда, джигит на белом коне… И зачем все это? Вчерашний, нет, даже не вчерашний день. Уьншарера хIуманаш! Уьш дийцар бахьанехь ца баьккхира и тIом а? Вайна тIе бомбанаш а етташ…

– Вайна тIе ахь а ма баха…

– Да ладно тебе.

– Дера не ладно, ладдане а-м, – жимма туса веза хIинца а, каравеъанчуьра, бахьана ша даьккхинчуьра. – Яхь йолу кIентий арадовла, зударийн кучамаш дIа а хеций, бохуш, мохь биттина ма вара хьо а. Шун хабарех Iехабелларш-м ара а бевлира, и къорза эскар чутаттаделча, ткъа хьо… Хьайн да хьаьнца витина вахара хьо, доьзал бадийна, оцу айхьа мостагIалла хьединчеран туьша? Цигара дIа – Европе а?

– Кто старое помянет – тому глаз долой, олуш ма хезна хьуна?

– Хезна, хьанора, цунна тIе олург а-м: кто забудет – тому оба вон. Наха а ма ца вуьту вицвала, карладохуш. Хьоьга ала мел гулделларг суна далхош. Хьо сан меттара лелча санна.

– Ры-бьята, – шеха-а, – давайте жить дружно! – иштта боху цо, ша кIелвиса воьлча ма-аллара. Тховса, со а цецвоккхуш, кхин а тIетуьйхи: – Шу шаьш а ма ду «ДоттагIий хилий вай хIинца» бохуш, зурма хьийзош.

– Зурма ца олу цунах…

– Суна долчунна, зурма ю-кх и, – кхин дIа цо олучо цецвоккху со, ас ала тамехь дерг, барт хоттуш санна, соьга а кховдадой, – хотя оцу… хIан, хилийтахьа, оцу эшаро бохург вайн менталитетца догIуш доццушехь.

Суна тов Iусмана а цуьнан тидам бина хилар.

– ЙоI хелхаршка лелачуьра цIахь ма сацаяйталахь Зезаге, – олу ас. Шена иза ца хезча санна, дуьту цо.

Iусман эрна войла ца лаьа суна.

– ЦIадахка дезара шу, Iусман.

– А зачем? ХIеттахьехь, бераш кегий долуш даьхкинехь, ша дара, а хIинца – поздно. Какой там, хIетахь дуьйна дера дара хIара поздно-м. КIант кхеттал хилча, иза а валош, Нохчийчу веара-кх со, лаьмнаш, бIаьвнаш, шовданаш, бохуш, айса дийцинарг ган а гайта, аьлла. Цхьамма чукхойкхуш, вукхо кхойкхуш, чIепалгаш даош, хингалш даош, далнаш, там, жижиг-галнаш, веза хьаша вина лелош ма варий тхойшиъ. Хозяйкин ваша а вара, как таксист, тхойшиъ Шелахула Ведана хьалавадош, Шуьйта хохкуш, Гуьмсе, там, Ножай-Юрт, ЧIулга-Юрт, короче, Даймохк гойтуш. А про Грозный я молчу. Через три дня кIанта хIун боху хаьий хьуна? «Папа, когда мы домой поедем?» – боху-кх. Ас боху: «Кхузахь ма ду вайн цIа. Хьуна и гайта веана вац вайша?» «Сан доттагIий цигахь хилча, как это? – боху-кх. – Я здесь никого не знаю». А теперь и слышать не хочет про вашу дыру.

– КIентан хIун бехк бу, дас а, шена «дыра» хетахь а, «про вашу» бохуш хилча? ХIун лелош ву хIара? Кху чуьрачу бераша интернет чохь а ца хаало ма боху и. ХIун ю церан уьш: Одноклассникаш, Ваццап…

– Ватсаппа-м церан нанас цхьаьнгга а кхочуьйтуш дера яц… У сына свой мир, своя стихия. Цунна-м кхузахь дерг бен гина а дацара, галвала а, ца вала а. Тхо даккхийнаш а хийцаделла хьуна, шун цигахь сходняк йолуш, кхузара веанчу цхьаммо ма-аллара.

– Iусман, кхин гена далале, цIадахка дезара шу.

– Не-е, гIуллакх хир дац. КIант вогIур вац, а без него Зезаг – никуда. Цо гIо а дохуш, гал ма ваьллий иза.

– ХIун хилла цунна? – ца кхета со.

– Дийнахь, халбата хиъча санна, чувоьлла Iа. Суьйре тIееъча, аравоьлий, хоьхкуш а лелий – караоке, танц-манц, ночной клуб, там – сахуьлуш чувогIу. Кхин, цуьнан бала болуш, хIума а ца хаало. Ур-атталла, шен махкахошца уьйр хила-х езарий. Ян-м яц. Цуьнан хьеший: Отто, Ютта, Клаус, Анна, Моника, Сабина, – нохчий боцурш, милла а.

Зезаг йолчуьра схьа, неIарх пIелг бетташ санна, къорра гIовгIа йогIу, Iусмана тергал ца йича, юха шолгIа а йогIуш. И шена ца хезча санна, Iа Iусман, меттах ца волуш, кIант валхош. Юха тIаккха лахдан гIортийна оьгIазе аз а кхочу схьа: «Оглох, что ли?» – олий.

Iусмана куьг схьакховдадо Скайп дIаяйа:

– Бехк ма билла, Старый, лимит чекхъели вайшиннан, – олуш. Цо даима къамел дерзош долу «Пока» цуьнан багара далале:

– Сан лимит ца яьлла чекх, хьайниг яьлла, – ала хьаьгна, меттан буьхьиг кIамло сан, амма ца алало. Iусман эрна вовр ма ву, ас а дIахервахь.

– Маьлх-Аьзни хелхаршка лелачуьра цIахь ма сацаелаш! – ала кхуьу со, Iусманан сурт къайладалале.

Кхул тIаьхьа дендолу къамел а иштта хедар ду тхойшиннан, интервью оьцург санна, виллина хоьттуш верг со а волуш. ХIинццачул башха, соьга хIумма а хоттур дац Iусмана, ур-атталла, шен дегара хьал а. Нана-м, дуьненчуволуш, еллера цуьнан.

Скайп дIатоха сайна а Iамор ду ас, Iусман цуьнан Маргога юкъах ца вахийта. ЦIе а хийцийтина яьллийца! Маймал, ша ма-дарра! Маьлх-Аьзни-м талхор яц хьуна цо, Дала мукъалахь! Цигахь вайн къоман хелхарш 1амочу оцу къонахчунний, цуьнан хIусамнанний сайн йолчу таронах кхин дIа а дакъа дийр ду-кх хьуна ас, шайн болх цара дIабичахьана. Дера, сох цакхетарш а хир ма бу, ас лелочунна тIаьхьакхиахь. Уггар хьалха сан-сайнчара бехкаш дохур ду, цалозу корта стенна боьхку, бохуш. ДоттагIалла ца лардинчунна хьалха хьо мича декхарийлахь ву, бохур ду. Кхин а бухахь валларо, погонаш лелор бен, бехк боцуш, гIудалкхахь витинчу хьан хIун таронаш ю, бохур ду. ХIумма а дац, бахийта, шайна ма-тов. Сан хIун къийло? Суна хIоттийначул дуккха а лахара пенси дерш а мацалла ца белла. Со а лийр вац, Маьлха-Аьзнин дуьхьа жимма харжаш ярх. Нохчийн цхьа йоI а цигарчу «маршонан» багара яккхаялар стенан меха ду?! КIант хила везаш ма вара и Маьлх-Аьзни! Зезаг цунах йолуш лоьрашна тосавелларг а кIант ма хиллера, зударша гIарадаккхарехь. Амма Дала оьгIазло йинчух тера ду, шен къайле йовза гIертара шу, аьлча санна.

Маьлх-Аьзних дегайовхо ю сан, иза Нана-Нохчийчу цIайоьрзург хиларх вуно чIогIа тешаш.

ГIабалин тIемаш лорах ийалуш, Iоман куьзганна тIехула кIайчу гIургIезо санна, нохчийн ловзаргахь шаршор ду цо, ятIа кечъелла чIениг санна, кхиъна даьлла дегI. Тов Iаьткъина стигал стелахаьштиго санна, нохчийн кIентан дог тохадолуьйтур ду Маьлх-Аьзнин хелхаро!

Лаьттан бIаьрахь эвхье сецийна йоьIан хьажар а керл-керлачу хелхаран гонехь ларамза кIентан испайллах тийсалур ду. КIентан цIий ловзадохуш йоIа. ЙоьIан шен са а, дай-дайлуш, декъалхила хьаглуш.

Нохчийчу кхин а цхьа бIаьсте юссур ю. Кхин а цхьа нохчийн кхерч латош. Маьлх-Аьзнин цIарах кхерч.

Теша-кх со…

XS
SM
MD
LG