ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамаш дуу пачхьалкхе". Дагестанерчу бакъоларйархочо Анохина Светланас - тIамах а, бехктакхаман гIуллакхах а


Анохина Светлана, Дагестан
Анохина Светлана, Дагестан

Дагестанерчу журналистана, "Марем" бакъоларйаран проект йолийначу Анохина Светланина дуьхьал оьрсийн эскар "йемалдар" артиклаца бехктакхаман гIуллакх долийна, цо шен инстаграмехь тIамна дуьхьал йозанаш дарна. Цу гIуллакхехула кхело пхеа шаре кхачалц хан тоха тарло.

"Марем" проекто масех шарчохь бинчу балхо Къилбаседа Кавказерчу иттанашкахь болчу зударшна доьзалшкарчу Iазапах къелхьарбохуш, гIо дина. Цул совнах, Анохинас лелош сайт а йу, Кавказерчу зударийн хьолах - "Даптар".

Кавказ.Реалиин редакцига Анохина Светланас дийцира, и бехкзуламан гIуллакх бахьанехь шена болчу кхерамех, Дагестанехь хиллачу мобилизацина резабоцучийн гуламах а, тIом болабаларца республикерчу йукъараллехь хиллачу хийцамех а.

– Бехктакхаман гIуллакх хьайна долийна аьлча, цецйелирий хьо?

– Башха цец ца йелира. Суна-м иза хир дуйла хууш дара. 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь "иноагент" хила тарло аьлла кехат дара суна кечдина, амма агентийн тептар тIе цхьа бахьана хьалхадаьлла, ца йазйинера сан цIе.

"Оцу шу интернеташкахь" Украинехь болчу тIамах лаьцна Кремлан пропагандица ца догIуш дерг дуьйцуш цхьаъ мел ву, бехктакхаман гIуллакхаш оьшур дац. Иза а дикка хууш дара суна. Цхьа хIумам-м ду - хенара йолчу сайн нанна сагатдо ас. Ницкъахой стохка хилла и йолчохь а. Сан инстаграмерчу аккаунтах хеттарш дина цара цуьнга.

– ГIуллакх хIинца бен хIунда ца долийна?

– МВД-н белхалой цхьа бен дIа боцуш хиларна а хир ду и. Шайн балхахь цхьа хIума нисдархьама, зерашца дерг кепе далош, политикин кхин цхьа гIуллакх эшна царна. Кхечеран санна, шайн а бу хIорш алархьама.

Журналист Анохина Светлана йу Махачкаларчу Ак-Гель паркехь килс йоттарна дуьхьал протестехь
Журналист Анохина Светлана йу Махачкаларчу Ак-Гель паркехь килс йоттарна дуьхьал протестехь

Ишта-м полицин шортта ду суна дуьхьал даккха хIума. Урхаллехь болучара церг хьекхайо-м дикка хан йу - Махачкаларчу тхан шелтерна ницкъахой тIелатар дагадаийтал аша (Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостан йоI Тарамова Хьалимат йара лачкъийна дIайигнарг. - Ред. билг.). Кадыровхошна цу тIехь гIодинарш Дагестанера полисхой бара. Иза Европерчу адаман бакъонашларйаран кхелана хууш дара. Хьалха а "Город наш" тобанан жигархочо санна Махачкаларчу полицина новкъарлонаш йора аса, хьаннаш хIаллакйарна, паркашкахь гIишлош йарна дуьхьал гуламаш, пикеташ вовшахтухуш. Цул совнах, гергарчара полицин гIоьнца цIаберзочу доьзалшкара бевддачу зударшна гIо а до. ХIинца а сих-сиха тхоьга телефон туху полисхоша, сагатдеш санна, аьзнаш дой, "Шайн йоI йайна аьлла нах бу баьхкина, шу долчохь-м йац иза?" - бохуш.

Полицина хаьа, со цхьанххьа ца йахнийла. Оьрсийчохь йацахь а, сайн болх саца ма ца биний аса. Ткъа хIара бехктакхаман гIуллакх сан балхана цара делла жоп ду.

– Бакъоларйархочун балхана новкъарло йийр йуй цо?

– Ца хета суна. Дуьненан муьлххачу маьIIехь бан йиш ма йай сан хIара. Дагестанехь массарна хууш ду, и тайпа гIуллакхаш муха доладо. Хьеннан цIа а богIий, патармаш карийна шайна олий, шайна оьшшу гIуллакх кечдо. Республикехь сих-сиха хуьлуш хIумнаш ду уьш. Цара сайна и санна дерг ца долорах цецйуьйлуш Iийна со.

ХIинца-м, со кхетарехь, "фейкашна" гIуллакх долор "Марем" проектан партнерашна, волонтерашна новкъарло йеш дац. Амма вайн пачхьалкхе оцу кепара хьерайаьлла, цIийх ца Iебаш мел йу, кхана цара хIун дийр ду-м ца хаьа. Нагахь бехке лериначун статус "Марем" проектана новкъа хилахь, тхан тобанан кхерамзаллина эшам беш нислахь, аса куьйгалхочун дарж дуьтур ду.

– "Марем" проектана 2022-чу шарерчу хиламаша хIун тIеIаткъам бира?

Нохчийн, дагестанхойн, гIалгIайн ницкъахоша леллориг йерриг Оьрсийчухула метастаза санна даьржаш ду

– Цу тIамо тхан проектана мелла а тIеIаткъам бина. Йукъараллехь а хийцамаш хилла. Хало ду хIинца. Кхера а кхоьру. Масала, дукха хан йоццуш цхьанхьа дешна аса, "Безопасный город" Iуналла дечу камерех тIаме баха цалуурш лийцарехь пайда эца дагахь бу аьлла. Хьалхо уьш толлура бевдда зударий луьйцучара. Нохчийн, дагестанхойн, гIалгIайн ницкъахоша леллориг йерриг Оьрсийчухула метастаза санна даьржаш ду.

"Мареман" балхехь кхин хийцаделла хIума дац. ГIо оьшурш тIе а лоцуш, Iаш ду тхо. Хьалха санна дукха бу уьш хIинца а. 2023-чу шарахь регионера а, пачхьалкхера а 6 эвакуаци йина оха. Вуьшта тхайн юрудикан, кхеторан болх а бо.

– Кхечу регионашкахьчул дика Дагестанехь къобалво олу Путин? Хьуна хетий ишта?

– Ца хета. Путинна муьтIахь регион йац и. Амма тIом болабелча республикехь дуьхьало кIезга йарах цецйаьллера со. ХIинццалц оьшучохь, ца оьшучохь Кавказан тIом буьйцуш, оьрсех оккупанташ олуш болчу наха (сайга и олуш хааделла суна) Кремло кхечу къомана тIелатар дича, жигара дуьхьало йан йезара аьлла хетара. Амма иза ца хилира. Ткъа мобилизаци ма хьаххийнехь, адам араделира. Суна чIогIа ладаме хеташ зударийн гулам бара и.

– Махачкалан йуккъе зударий арабевр бу аьлла хеташ дарий?

– Суна - дара. Хаьара иза хир дуйла. Къилбаседа Кавказера зударий шайн бакъонаш къийса ара ца бовлу, амма бовлу шайн вежаршна, майрошна, дайшна, воIаршна эшча. Гезгмашин-беттан гуламаш дIабирзинчул тIаьхьа цигахь хиллачу зударшца къамелаш дира ас. ТIамана дуьхьал берш дукха бацара. Дукхахберш шайн божаршна тIехIитта арабевллера. Царна ладаме дерг Оьрсийчоьно тIемашкахь кхинберш хIаллакбар дацара, царна цу тIемашкахь шайн божарий балийта ца лаьара.

– И гулам бIенашкахь административан гIуллакхаш гIиттош, дIабирзира. Амма хийцам ца хилира.

– И санна болу гуламаш цкъа а толамца чекх ца бовлу. Уьш толийта, царна йуккъера а, арахьара а ницкь оьшу. Цхьана республикехь рекрутинг сацор йу аьлча, мила тешар ву? Цхьа а вац-кх. Цара бохург ша дича, ша ледара хетар дара Оьрсийчоьнан Iедална. Къоме ладегIа Iемийна бац уьш. Цу гуламан декъахошна хаьара иза, амма царна оьшуш дерг шаьш резадоций дIахаийтар дара. Мобилизаци сацор йу аьлча тешаш берш царна йуккъехь хиллехь тамаша бу.

Йеккъа цхьана республикехь тIаме хьийсор сацор ду аьлча, мила тешар ву?

Дустуш, цхьа масала далор ду ас: Дагестанерчу "Черновик" газетерчу сан бколлегаша кху тIаьхьарчу кхаа шарчохь, хIора оршот-дийнахь журналистана Гаджиев Iабдулмуъмина гIоьнна пикеташ йо. Уьш дIа а луьйцу, полицин декъе а буьгу. Даимна новкъарло йо царна. Амма цара, къар ца луш, шайн дуьхьало йо. Оьрсийчуьрчу цхьанна регионехь и тайпа хIума суна гина дац.

– 2022-чу шарахь Oьрсийчоьнан йукъаралла хийцайелла аьлла хетий хьуна? ХIун хилла цунна?

– Иза-м онда а, чакхе йоцуш а хаттар ма ду. Сан чIогIа сагатло, Оьрсийчохь болучарех дог а лозу сан. Церан хьолан ойла йан йоьлча, сайн гIорасиз хиларах, царна гIо дан ницкъ цахиларх хорам хуьлу суна. Амма кхин а чIогIа аса сагатдийриг Украина йу. Цигахь сан йоI йу. Львов гIалахь 14 шарахь йаьхна со.

Сайн доттагIий украинхой сан сингаттамех лаьцна хаза дош олуш бистхилча, йала дог хуьлу сан. Сан пачхьалкхо царна деш дерг дагадогIий, эхь хета. Цара олу соьга: "Са ма гатде, дика Iаш ду тхо, тахана бомбанаш дукха ца йиттира". Харьковерчу цхьана йоIа йаздина, ша учахь дIайуьжу, шеца цхьаьна лулахочо лелон дитинчу жIаьлица. Нагахь шен чохь иза дIайижахь, "бомба кхетачу" хенахь аталуш долчу ангалийн геригаш, херцачу оганийн тIулгаш а тIеэгарна кхерам бу цунна. И санна дерг дешча, кху эмиграцера сайн йерриге халонаш а, Оьрсийчохь дерг а дицло суна. Хало хуьлу суна Украинерчу сайн доттагIашка йистхила. Оьшу дешнаш кара ца до.

– Вайн къаьмнийн вовшашна тIехьажийна герз доцуш, вовшашлахь барт болуш хинйолчу кханенах теший хьо?

Шайн йижарийн, йоьIарийн дахарехь шайна хеттарг дан шайн бакъо йу моьтту дайшна, вежаршна

– Украинхоша оьрсешка тIом болабалале хьалха а бохуш дерг цхьаъ дара: "Від…сь від нас"( "тхо Iадда дитийша" бохучу маьIанехь. - Ред. билг.). Тхо шайн вежарий ду ма бахийша, шайн гергарло тхан коча ма тийссийша. Изза ду тхан "Марем" проектан балхехь дерг а. Дайшна а, баккхийчу вежаршна а шайн йижарийн, йоьIарийн дахарехь шайна луъург дан мегар ду моьттуш. Дахаран бакъонех шайна хетарш царна тIедохкуш. Адам дита деза, шена луучу кепара даха. Пачхьалкхах дерг а иштта ду.

– "Фейкех" долчу бехк-зуламан гIуллакхах дийций вай? Хьан дахарна хIун новкьарло йан тарло цо?

– Оьрсийчуьрчу ражах со кIелхьара йоккхур йолчу пачхьалкхашкахь Iен бакъо луш долу паспорташ дац сан. ЦIахь гIиттийначу бехктакхаман гIуллакхашца нах дIалийцина меттигаш бу Эрмлойчохь. Гуьржийн Iедало иштта дийр ду, дац - ца хаьа.

И кхерам бахьана долуш со башха кега ца йо аса. Нагахь сайна новкъарло йеш хилахь, Гуьржехара дIагIур йу. 2021-чу шеран аьхка дуьйна йу со кхузахь. ДIайаха ца лаьа.

Хьалха и тайпа кхерамаш социалан машанашкахь балхон мегара. ХIинца эхь хета: боьдуш тIом болуш, сан махко Украинехь деш долчуьнга хьаьжча, кIезга хIума хета сайн баланаш. Амма дийца деза. Кегийчу тобанашца гуллой, тхайна йуккъехь сингаттамо цецдаьхначу бIаьргашца вовшашка хьоьжуш, тхайна йуккъехь далхадо оха хIорш.

  • Анохиница нисделларг Къилбаседа Кавказехь, къилбехьа а хьийзочу журналистийн гIуллакхех рогIера политикан гIуллакх ду. Иштта "фейкех" аьлла дIадолийна стохка ГIалгIайчуьрчу Евлоева Изабеллина гIаттийна кхо гIуллакх а. Царех терра дара пачхьалкхера дIаваханчу Ростоверчу журналистана Резник Сергейна долийнарг а. Эскар "йемалдар" аьлла ду Элистахь гIаттийнарг а - цу йуккъе хьакхийнарг ву "Современная Калмыкия" гIирсан коьрта редактор Бадмаев Валерий.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Анохинас дийцира, шайн "Марем" проекто Къилбаседа Кавказехь доьзалшкахь таIзарш дечу зударшна шаьш дечу гIоьнах.
  • ГIадужу-беттан 11-хь Гуьржийчоьнца долчу дозанехь 11 сохьтехь сацийна латтийра Дагестанера шайн доьзалерчу таIзарех йедда йиъ йиша. Бакъоларйархоша дийцарехь, цу зудберашна йетташ хиллера, бераллехь зударийн могушаллина зене йолу операцеш йина хилла царна. Дукха хан йоццуш царех цхьаъ шен шичига маре йахийта лерина хилла да-нана. ТIаккха кху аьхка, бакъоларйархоша гIо а деш, уьш доьзалера бевдда, махкара арабевлла.
  • Дагестанхо Идрисова Патимата дийцира, ша шен доьзалехь ницкъ бина йу, лаамаза дарбанаш лелийна йу, гергарчара лачкъина хилла. Бакъоларйархоша гIо а деш, махкара йада дийзира цуьнан. Йуха шен цIе а хийцира цо.
  • Доьзалехь шена йеттарах а, ницкъаха шена "дарбанаш" лелорах а дийцира Лорсанова Амната а. 2021-чу шарахь лачкъийра Тарамова Хьалимат. Ша цIера йадале хьалха шена доьзалехь йетта, кхерамаш туьйсу аьлла, дийцира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG