ТIекхочийла долу линкаш

Акха ду цу чIажахь тайпанаш, Маршонна - сужданехь, ткъа низам – тIемалойн, МостагI шен вожавар цигахь дац зуламе, ДоттагIна - тешаме, гамонца – бекхаме, Диканца – догдика, вочуьнца  - сов дера, Луьралла - бух боцуш, безам а санна.

(И дики тех ущелий племена,

Им бог - свобода, их закон - война,

Там поразить врага не преступленье;

Верна там дружба, но вернее мщенье;

Там за добро - добро, и кровь - за кровь,

И ненависть безмерна, как любовь.

Михаил Лермонтов)

Со кхиъна вогIучу хенахь дара иза. Школера цIа кхочуш, вуно ирча сурт а гина, Iадийна санна сецира со. Тхан урам а, цунна тIедогIу урамаш а дуьзна дара адамех. Уьш берш бара божарий.

Арахь кхетна малх хиллехь а, царах дукхахберш генна новкъа бовлуш шело а, мох а, догIа а лан кечбелла болуш санна духар доьхна бара. Баккхийчу нехан бIаьргех оьхуш хиш дара, яьххьаш чахчийна яра кегийрхойн.

Суна билггал дага ца догIу хьаьнга дехаре баьхкинера и нах. Суна хезна а дацара тхан юккъера цхьа стаг цхьаммао вийна олуш. ЧIир боху дош девзаш со хиллехь а, цуьнан чулацамах кхоччуш кхета, цуьнан кIоргене кхийда я хьекъал а, я лаам а боцу зама яра иза.

Амма суна дика дага йогIу сайн ойланаш. ХIоккхул хазачу дуьненах ваьккхина-кх кху суна гена воццуш тIе кIайн шаршо тесна лаьттачу зуламхочо, суна санна хIара дахар дезаш волу цхьа стаг. Зулам динарг цо вийначу стеган гергарчеран хьовха, дерриг а дуьненан мостагI хетара суна.

Амма тамашийна дерг дара, дерриг адам а делхош, лур воьлларг оцу дийнахь чIирхоша витар.

Цул тIаьхьа дуккха а шераш девлира. Цхьана дийнахь сайн дахарехь вуно чолхе хIума тIехIоьттича, айса сатохар дицлур дац суна цкъа а. И тайпа киртиг тIе ца хIоьттина кIезиг нах хир бу вайн нахана юкъахь.

Оцу хаттар тIера долийра ас сайн къамел нохчийн вевзаш волчу ойланчаца, Малхбузерчу нохчийн къанойн кхеташонан декъашхо волчу Докудаев Ахьмадца. Дера, шен дахарехь а нисйелла собар а, доьналла оьшуш меттигаш аьлла, долийра цо шен къамел.

Докудаев Ахьмад
Докудаев Ахьмад

Докудаев Ахьмад: "Дера Iоттаделла! Иза хIоранца а Iоттаделла хила мегаш ду. Цхьа момент ю иза ша-тайпа. Хьалха иза муха нислуш хилла...

Белхи, я синкъерам хилча, дош-дашера даьлла хьал хIоьттича, хьекъал доцучу стага девне къамел дича, къонахочо, нехан меттиг ларйеш, собар а дой, хьо нахана а вуьту ша, хIара синкъерам хьуна а буьту ша олий, ара а волий, дIавоьдуш меттигаш дукха хилла.

Собар деш меттигаш дукха хилла. ТIаьхьо къасто буьйлабелча вовшашна къинтIера бовлуш меттигаш дукха яьхкина. Соьца а Iоттаелла дера (и тайпа меттиг). Собар ца дича а ца долуш. Вайн дайша олуш ду, цхьаволчу Iовдалчу стагана шех латарх бен стаг ца хуьлу моьтту олий. Дера, эшам болуш меттиг а ма еана. Эшам болуш меттиг еача цунна а собар дан ма деза.

Кхин цхьа хIума а ду. Дита йиш йоцуш цхьацца хIуманаш ду нохчашна юкъахь. Уьш ша-тайпана ду. Собар дан деза. Собар ца хилча диканиг хир дацара, цундела оцу везачу Дала массо а хIуманна коьрте охьадиллина ду собар".

Кху деношкахь цхьана кегийрхойн тобано, адамаш а дойуш, тIелатар дар вуно халоне дирзина байинчеран а, зулам динчу нехан а гергарчарна. Кхеташ ду, нахе беана вуно боккха бохам хилар. Делахь а, цхьаболчу наха телевизионехула дечу кIоршаме къамелаша дегнаш дохадо дуккха а нехан.

Масала, Пригородное эвлахь Iедалша дIабаьхьначу гуламехь дина къамелаш ду хIорш.

Пригородное эвлахь хиллачу гуламан декъашхой:

ЛадоьгIча гуш дерг ду, кхузахь уггаре а маслаIате доцу къамел деш верг республикера бусулба динан урхаллан цIарах лелаш волу стаг хилар. Тамашийна хIума ду махкахь хуьлуш дерг, муьлхха а динах хьакхавелла стаг ша олучу дашца, шен леларца, шен оьздангаллица кIеда-мерза хила везаш хилар тидаме эцча.

Ойла кхоллало дукха атта-м ца леладо-те вай вайн дайша бIеннаш шерашкахь вуно экаме лелийна хIуманаш олий. Цунах лаьцна ойла ша а йина бохуш дуьйцу Докудаев Ахьмада.

Докудаев Ахьмад: "Вайн дайша, вайн хилла болчу къонахоша оцу тайпа къамелаш дина дац.

ЧIир бохург уггаре а хала хIума ду нохчашна юкъахь.

ЧIир эцар... чIир йитар вуно деза ду Далла гергахь. Оьзда хилар хIун ду?

ХIете-вете чIир эцаза а ца яьлла иза эцча, верзо везачу кепара дIа а верзавой, цунна тIехь доIа а дой, цуьнан нахе хабар кхачош хилла, "хIокху меттехь шун стаг ву шуна" олий. ЧIир оьцу мостагI хила веза оьзда, олуш хилла вайн дайша. Багара кIоршаме дош кхоссар дика дац".

Нохчийн уггаре а дикачу гIиллакхех долу гIиллакх а, доьналла хилар а тарлуш делахь стаг витар ду бохуш, кхин дIа а дуьйцу Докудаев Ахьмада.

Докудаев Ахьмад: "Лурвоьлла стаг шен цIахь ваха йиш йолуш вац, нахехь воьссина хила везаш ву иза. Уггаре а шена тешаме йолчу меттехь воьссина хуьлу иза. И тайпа стаг тIеэцар доккха жоьпалла ду. Иза низам ду нохчийн геннара схьадогIуш долу. Со Гелдаганара ву. Вайгахь, масала, лурвоьлла ши стаг Iийна.

Витийта къахьоьгуш дара адам. Делан къинхетам хилла, ши а вита а витира и шиъ оцу наха. Нах чIогIа дукха вовшахкхеттера. Шайн гIуллакхаш а дуьтий, боьлхура нах стаг вуьтуьйтача.

Стаг витийта гIерташ наха къахьегар, дехарш дора...

Лурвоьллачу стага лелочу гIиллакхо, цуьнан оьздангалло, цо чIирхошца лелочу ларамо хийла хIума берта далийна, хийла хIума нисдина".

Жима волуш тхан нанас цхьацца хилларг-лелларг дуьйцуш цуьнга ладоьгIуш Iара со. Цхьацца хIума дийцина ша яьлча, даима а аьлча санна, хьахадора цо вайн нехан гIиллакхаш хийцалуш хилар. Дера аьлла-м ду гIиллакх а, оьздангалла а, дин лелор а хохан пардо санна дуткъа лур ду, амма тIаккха иза барам боцуш шорлур ду олий тIетохара цо.

Тахана нохчийн хийцабалар гуш дагалоьцу ас цуьнан и дешнаш. ХIун хир ду-те? Ницкъ карор буй-те тахана оццул бух байна аьлла хеталуш ойланца акхадаьллачу вайн къомана шен орамех ца хада? Цу хьокъехь ойла йовзийтар дийхира ас нохчийн Iилманче, ойланче Хасиев Сайд-Мохьмаде.

Хасиев Сайд-Мохьмад
Хасиев Сайд-Мохьмад

Хасиев Сайд-Мохьмад: "Хьалхалераниг юхадогIур дац вайна. ХIинца дерг мукъане а цхьажимма лардеш хила дезара вай.

Хьалхалераниг юхадогIур дац вайна. ХIинца дерг мукъане а цхьажимма лардеш хила дезар вай.

Хьалхабевллачара, Деладахь, хIара адам, хIара халкъ сан ду-кх хIара, кхунна цхьажимма паргIато йоккхур яр-кх ас, кхаьрна цхьажимма дика дийр дара ас аьлла, царна дагахь хилча.

Ткъа кху бухахь долчу кху халкъо, Деладахь, вайн дуьхьа бохкуш бу-кх хIорш аьлла, кхара бохучуьнга ла а дугIуш, иштта бертахь хила дезар-кх вай аьлла, цхьана юкъаметтигана тIедаьхкича дика хир дара.

Амма, гой хьуна, ахчанца а проблемаш ю, бан болх боцуш дуккха а нах бу, хIора баттахь тIейетташ "налогаш" ю... ТIаккха хIун барт а хилла, хIун марзо а хилла дIагIур дара вай аьлла (хетало). Иштта дукх хIара.

Вовше хьожуш хилар а, де эшна волчу стеган аьтто беш хилар а вайн хIинца доцуш ду. ТIаккха, вайн республикехь Рамзан-хьажас шортта медицине а, кхечанхьа а рицкъ теттинера, амма теттича а цхьаъ дIа а хIоьттина, и шен болх шена Iама а бина, хIума ца деш, и нах дозанал арахьа болчу кхечу мехкашка а дIаоьху, Дагестане а боьлху, Москох а боьлху, Ростох а боьлху дарба лоьхуш.

Ах дарба лоьхуш бу, кхиберш "налог" дIаяла гIерташ къахьоьгуш бохкуш бу, биснарш хьевдда-бевдда лелаш бу. ХIинца юкъахь гергарло дан а дац. Эцца дIа телефон а тухий, хьайна дагадеача могуш-паргIат хотту ахь. Дера кадам бар а цунна тIе дирзина, цхьа а доцучу новкъахь хир долуш ду-кх вайн къам".

Изза хаттар делира ас Докудаев Ахьмаде а.

Докудаев Ахьмад: "Нохчийн къоман тIе шен-шен заманчохь киртикаш яьхкина, вуно гIело еш, вуно ницкъ беш, вайн массо а хIума гIелдеш, ву бохург дIавоккхуш, ву бохучуьнан дош ала йиш йоцуш, иза аьлча а, цхьана а тайпана иза дIалаца меттиг боцуш.

Амма цхьа хIума ду. Оцу киртикех чекхдовлуш, Дала бахьана хIоттадой, юха чIагIлуш, вайн гIиллакх, оьздангалла юха нислуш дIадахана вайн кIам.

Оьздангаллан кхача, гIиллакхан кхача гIелбелла хан ю хIара.​

Тахана зама, аьлча а, адам хийцаделла. Оьздангаллан кхача, гIиллакхан кхача гIелбелла хан ю хIара. Цхьа хIума ду. Маршон дуьхьа, шайн синош дIа а луш, дIабаханчу вайн вежарийн дуьхьа, йижарийн дуьхьа.... Дала мукъалахь, со тешна ву вай нислург хиларх. Яхье долуш къам ду вайн къам. Цкъа маршоне вай кхаьчначул тIаьхьа вай нисург хиларг со тешна ву-кх!"

2011-гIа шо чекхдолуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, чIираш кхайкхорца йоьзна проблема дIаяьккхина ша аьлла. Кхин а шо хьалха чIираш йитийта, леррина комисси а кхоьллина, болх байтинера цо нохчашна юкъахь. Iедалша чIагIдарехь, цу комиссин декъашхойн аьтто белира 451 дов дIадерзо.

Шеко а йоцуш, дуккха а наха даггара битинера шайн чIирхой, Делан дуьхьа а, шайн а, шаьш санна балехь болчу чIирхойн а духьа.

Амма кху деношкахь уггаре а дукха хезаш дуй-те аьлла лелаш долу дош ду Нохчийчохь «чIир» боху дош. ЧIир кхайкхор а, нислур доцуш хьал хIоьттина дина зулам хилча, стаг юьртах ваккхар а лелаш хилла нохчашна юкъахь.

Амма цхьаъ галдаьлча тахана санна дай-наношна, йижаршна, вежаршна Iаткъам беш ца хилла вайн наха бохуш, дуьйцу Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев Сайд-Мохьмад: "Хьалха заманахь цхьацца бахьанашца чIир тIейохьуш а хилла, нах нислур боцуш хIума хилча и нах юьртах бохуш а хилла. Ткъа хIинца, цхьа дош галдалахь а да-наний, йиша-ваший олий, кхоча а боьлхий, ара довла дезий, чIир кхайкхо езий бохуш (хIума леладо).

Доьзална тIаьхьаваьлла лелла хьо вер а вац, ша хьо вижина Iуьллуш а волуш, деш хIума а доцуш хьо доьзална тIаьхьавапьлла ца лелахь. ХIусаме жимма напха дан дезаш а хуьлу, балхахь а, некъахь а хуьлу.

ТIаккха и стаг, ара а ваьлла, цо дина долчу хIуманна я цунна чIир дIаекъахь дIаекъна а, вуьйш хилахь вийна а цунна тIера иза дIадаьлча, иза дижийта дезаш дара аьлла хета суна.

Рицкъ лохуш лелаш долу да-нана царна тIехь Iуналла дина ца долу, ткъа иза иштта хилча, дена-нанна, теттина бехк коча а бахийтина, уьш арабахар суна нийса ца хета, бакъдерг дийцича".

Дена-нанна, теттина бехк коча а бахийтина, уьш арабахар суна нийса ца хета.

ХIун дича бакъахьа хир дара-те? ХIун дийр дара-те вай уггаре а вайн тоьлла гIиллакхаш ца дайта а, нохчийн юкъараллан дикалла то ян а? Хасиев Сайд-Мохьмад?

Хасиев Сайд-Мохьмад: "(Цунах лаьцна) ойла-м массо а хенахь йора... ХIора дийнахь иштта, Деладахь, сихха хийцалур ду-кх олий, диканна тIегIерта-кх хьо. ТIаккха, ур-аттал цхьаъ, шиъ, кхоъ...итт стаг а диканна тIегIерташ ца хилча, нах бан а ма бац. Ша-верриг а оьгIаз ваханий, хьайре хиллий, вовшен тIечехашший леларх гIуллакх хуьлий цунах?!

Деладахь, цхьаъ мукъане а, шиъ мукъане а иманехь хилча, цхьана дикане сатуьйсуш хилча, цхьа дика доцуш дIадоьрзур дацара хIара олий хета. Дог-ойла иштта ю.

Деладахь, цхьаъ мукъане а, шиъ мукъане а иманехь хилча, цхьана дикане сатуьйсуш хилча, цхьа дика доцуш дIадоьрзур дацара хIара олий хета.

ОьгIазло схьалелош а хуьлу, дIалелош а хуьлу. Схьалелочулла а оьгIазло совъяьккха лууш берш а хуьлу. ХIа-хIа аьлла, иштта, Деладахь и оьгIазло совйолуьйтур яц-кх ас аьлла, юкъаметтиг мерза хилча, дIоггара чолхе а хир дацара вай, саьхьара а хир дацара вай. Цхьа мерза хир дара-кх вай. Марзо дIайолуш ю-кх вайна юккъера.

Мухха хилахь а дIайоккху иза, цхьаъ леладой. ТIаккха вуьйсуш оьгIазбоьлхий арабовлий хIара дой, важа дой... Цхьа леррина лелош хIума долчух тера ду-кх гIуллакх".

«КIоргенза нахана моьтту чIир оьшуш ю адамаш дайар Iалашонца. Мелхо а иза юкъаяьккхина адамаш ца дайита», - элира Кадыровс цхьана дийнахь.

Иза тидаме эцча, Iедалша диканиг дийр дара, нагахь тахана бохамо бIаьрса дайина чIираш хьехош бохкучу нахе сатохаре, маслаIате кхайкхича. ТIаккха бен догIур дац тахана бала Iовшуш бохкучу доьзалшна кхерам а, сингаттам а дIабаьлла де.

Кхин цхьа хIума а ду. Вайн тахана хьехийнарг кIорге а, хала а дахаран агIо хиллехь а, вайга хIоранне а, цхьа а ницкъа а ца хуьлуш, далур долуш цхьа хIума ду. Иза довзийтира шен къамел дерзош Хасиев Сайд-Мохьмада:

Хасиев Сайд-Мохьмад: "Цхьана стаганна дан хьайн дика дацахь, довха дош ахь аьлча а, дегнашна там хуьлу-кх вайна. Самагатде, толур ду хьуна, хIара гIуллакх аьлча, эхI, Дела, хьуна хастам бу-кх олий, хьажахь, Даламукълахь кхана я лама иштта цхьа тоделла дIагIур ду-кх хIара аьлла хета. Амма иза ца олу-кх вай. Ала йиш яц-кх вай иза.

Вай вовшашца мерза хилча, тIакхха юккъехь хьагI хир яцара. Яхь хир яра. Ларам хир бара.

Оьзда хир вара верриг а. Дика хир вара. ТIаккха чIогIа дика дехаш хир дара вай. Кху тIе дера ма дацара иза цкъа а!

Цхьа (кураллаш туьйсуш) хIума ша дуьйцуш хIораммо а цхьажимма исторехь хиллачуьнан тидам бичхьаний, хуьлург хIун ду хууш иза хилчхьаний... Деладахь, кху заманахь иштта къамел деш волу стаг дIоггара хьекъале ца хета суна, хIунда аьлча, ши бIаьрг дIакъевчхьанна дIадолуш ду дерриг а. ТIаккха вайна хаьа-кх бухахь хIун хир ю цига дIаяхьа... Цундела диканиг дан дезар-кх".

XS
SM
MD
LG