ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвоката дийцина Нохчийчохь лаьцна латточу Мусаева Заремера хьолах лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Адвокаташ юха а бахана Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема йолчу, иза Нижний Новгородера ядийна дIа а йигина, лецира полисхочунна тIекхетта, аьлла бехке йина – дийцарехь, зудчо цуьнан бетах мIараш тесна.

Цуьнан хьал адвоката Добронравова Натальяс билгалдаьккхина чолхе санна, ткъа ша чохь латточу изоляторера хьелашна арз ца дира цо. Юриста дийцарехь, СИЗО-н белхалой кхеташ бу Мусаеван хьолах, цул сов, цIера кхача а латтабо цара цунна. Бехкеечунна селхана чукховдийра бедарш, молханаш, цIийн Iаткъам а, глюкоза а дусту гIирсаш (тонометр, глюкометр) – Мусаева диабетах бала хьоьгуш ю.

“СИЗО-на дина аьрзнаш дац, ФСИН-ан белхалой цуьнга дика хьовсу – верриг хуьлучух кхеташ ву. Нуьцкъахоша лелийначух, церан сацамашна а дуьхьал аьрзнаш даран болх бу дIахьош, зуда дIалацаран хьокъехь бина сацамна а цхьаьна”, - аьлла Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Янгулбаев Абубакара.

Цо билгалдаьккхира, ше нанас адвокаташка болх байтарна мел оьшу кехаташна куьг яздина хилар, бакъ дац цо адвокаташ шена тIе ца битина бохург, хьалхо МВД-н белхалоша Мусаевас куьг яздича санна кеп хIоттош кехат гайтинехь а.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Эххар а ницкъахоша Мусаева Зарема дIайигира шайца, Янгулбаевн суьдхочун статус хиларна, цунна тIекхоада бакъо а ца хилла.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дIахьедар дира журналисташка, Нохчийчоьнан Iедалхоша иттаннашкахь нах лецарх, лечкъорах, иштта эмиграцехь бехачу нохчийн бакъонашларъярхойн а, оппозиционерийн а гергарнаш цхьаьана, яьржинчу информацино сагатдо шайн аьлла. ДIахьедарехь ша хьахийра Мусаева Зарема.
  • Талламан комитетан Нижний Новгородерчу Урхаллехь реза ца хилира Янгулбаев Сайдин петар чулилхинчу МВД-н белхалойн дуьхьала таллам болон. Талламан комитете арз кховдийнарг вара “Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан” председатель Бабинец Сергей, урхаллин сацам къовса дагахь ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG