ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанна урхалла дан кхеташо кхуллур ю талибаша


 "Талибанан" политикан агIон лидер Барадар ГIани  IабдуллахI
"Талибанан" политикан агIон лидер Барадар ГIани  IабдуллахI

Афганистанна урхалла дан "Талибан" боламо (Оьрсийчохь йихкина ю, терроран а лаьрра) кхеташо хоржур ю 12 стагах лаьцна. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свободано, Foreign Policy зорбан гIирсана тIе а тевжаш.

Foreign Policy хьосто дийцарехь, кхеташонна юкъагIур бу "Талибанан" политикан тIеман лидер Барадар ГIани IаблуллахI а, тIеман комиссин куьйгалхо, болам кхоллархочун кIант молла Якъуб Мухьаммад Омар а, ткъа иштта " Хакканин маша" терроран тобанан декъашхо Хаккани Хьалил Аль-Рахман.

Иштта зорбан гIирсо хаам бо, талибаш лаам болуш хиларх лаьцна кхеташонна юкъатоха карарчу хенахь Афганистанан къилбаседа-малхбалерчу Панджшер провинцехь дуьхьалонан ницкъийн куьйгалхо МасIуд Ахьмад– хилла волчу вевзаш волчу тIемалойн командиран МасIуд Ахьмад-Шахан кIант.

Хьосто билгалдаккхарехь, Талибан дагахь яц Афганистанехь президентан я кхечу тайпана цхьана стага урхаллехь волу дарж юкъадаккха, амма цуьнца цхьаьна кийча бу министрийн даржаш кховдо хьалха хиллачу Iедалан декъашхошка. Иштта талибаш дагахь бу дуьненаюкъараллина томехь хир йолу администраци кхолла, билгалдаьккхина зорбан гIирсо.

  • "Талибана" дIахьедира шаьш Iуналла дар дIахьоттийна ерриг Афганистанан территори тIехь аьлла, Марсхьокху-беттан I1-хь. Кабул, тIом а ца беш, дIалаьцначул тIаьхьа талибаш дIахьедира тIом дIабирзина хиларх лаьцна. Боламан лидерша дIахьедира, Исламан эмират Афганистан юхаметтахIотто дагахь ду шаьш аьлла. Президент Гани Ашраф ведира махкара.
  • МасIуд Ахьмада а, хилла волчу вице-президента Салех Амруллас а, дIакхайкхийна Панджшер провинцехь талибашна дуьхьало йийр ю шаьш аьлла. Царах дIакхетта "Талибанца" юкъаметтигаш лело реза йоцу афганхойн армин тобанаш.
  • "Талибана" Iуналла дира Афганистанан дукхах йолчу территорина 1996-чу шарахь дуьйна 2001-шаре кхаччалц. Оцу боламан Iуналлера елира пачхьалкх Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бертахоша а оцу пачхьалкхехь тIеман операци дIаяьхьаначул тIаьхьа. Карарчу хенахь хилла тIеман тIелатар дIадаьхьира талибаша Американ эскарш оцу махкара арадовла кечлуш а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG