Уьш хьакха долийча цхьана гектар тIера 20 центнер сов ялта долура, ткъа хIинца и гайтам 19 –не а ца кхочу, боху официалан хьостано. Юьртабахамашца боьзна болчу говзанчаша а, аренашкарче белхалоша а мукIарло до, маьлхан денош а даьхкина, Iовдаелла меттиг хилахь, дараш ца хилийта уггаре хьалха оьшуш ерш комбайнаш ю, бохуш.
Уьш ца тоаро лакхабаккха тарлуш ду хиндолчу зенийн барам. Ткъа уьш тоъане а тоьаш хилар бIаьстенан юьххьехь дуьйна дийцаре деш ду массо а тIегIанахь, хийцаделла хIума а доцуш.
Юьртабахамийн урхаллехь а билгалдоккхуш ма-хиллара, Нохчийчохь пайдаэца мегаш ерг 300 комбайн бен яц, уьш а яаелла, тишьелла, шаьш кхочуче дIакхевчча ю. Ткъа дараш кIезиг долуш ялташ чудерзо оьшуш кхин оццул а сов ю – 400 комбайн.
Нохчийчохь ялта кхьу меттигаш ю аренца, Теркана шина а агIор Iохку Невран а, Шелковсковскан а,Теркйистан а кIошташ. Цигахь яккхий меттигаш дIалоцу кIенан а,мекхан а, Iаьржа кIенан а кхаша. Даьржина ду цу агIор даьхнийлелор а. Хаддаза догIанаш эхаро а, лерина техника цатоаро а шайна бан тарлучу эшамах дуьйцуш ву Новр-кIоштарчу цхьана бахаман агроном Ширван. Цу хьокъехь тхойшиннан иштта къамел нисделира.
Ширван: «Эзар гектар кIа а ду чудерзо дезаш, 80 гектар мукх а бу, иштта Iаьржа кIа а, хIуш а».
Маршо радио : ХIара догIанаш бахьанехь мел эшам хила тарло шуна?
Ширван: «Зенаш чIогIа хуьлу. Селхана, стомара, жимма кор даьлла, комбайн юкъаяьккхина оха. Ялташ тIуьна долуш, 30-40 % схьа ца эцалуш дуьсуш ду-кх. Техника а ца тоьана, тIех дакъалахь, охьаоьгур ду буьртигаш. Сийналла а чIогIа хьалататтаелла догIанаш бахьнехь. Даккхалуш дерг дерриге а схьадоккхуш ду. Комбайн кхоъ бен ян а яц, хьакха йисинарг эзар гектар а сов ю. Кхин а хьелахь, нийсса ах а схьаэцалур дац».
Маршо Радио: Шайн йолуш йолчу техникаца ларалур дуй шу?
Ширван: «Ларалур дац. Кхечанхьара ялийна а, комбайнаш а ялийна,Iовда ма-делли катоьхна дIа ца даккхахь, ялташ довр ду. Цу кхаа комбайне хьежахь, цхьана-шина батте дIагIур ду ялташ чудерзор».
Ширвана дийцарехь, итт шаре а яьлла, тишьелла техника, коьртах а яьккхина, массо а гулам-кхеташонехь ялхош йолу цхьа-ши шо хилла ца Iа. Амма, боху цо, Iедалдайша, цунна доцург, дIахьежийна, хIумма а кIезга а ца хьежош, даккхий ахчанаш. Цо чIагIдарца, техника цатоаро, кхушара дуьххьала а доцуш, хаза нехан санна зенаш хуьлуьйту юьртабахамашна. Цунна хетарехь, шо даьлча, ши шо даьлча и гIуллакх аттачу дер ду ала дегайовхо цкъачунна кIезиг ю.