ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах миллиард соьмана йолчу контрактана куьйгъяздийр ду UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедовс


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Энергетикан Gorilla маларш дечу компаница 500 миллион сов соьмана йолчу контрактана куьйгъяздийр ду UFC-н экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам, шайн хьастана тIетевжина.

"Нурмагомедов Хьабиба а, цуьнан тобано а керла, еххачу ханна Gorilla компаница хIоттийначу $7 млн рекламин контрактана куьйгаш теIор ду", - хаам бина агенталлан хьастано.

Нагахь санна, барт хилахь, уггар а даккхийчех хир долуш ду и контаркт Нурмагомедовна.

UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба кхаа шаранна лерина барт бинера 2028-чу шарахь Gorilla энергетикан малар арахоьцучу компаница, хаам бира Sports.ru. Макгрегор Конорца леттачул тIаьхьа дуккха а компанеш яра шега цхьацца рекламан контракташ кхийдош, делахь а ша Gorilla хьаьржина, цо контрактана юкъа шен тобан латархой бахийтарна, аьллера Нурмагомедовс шен зорбанан конференцехь.

Gorilla компанин векало Ким Игоря дийцарехь, бинчу бартаца а догIуш, Нурмагомедовна лур долуш кхаа шарахь цхьа миллион сов доллар.

Хьалхо оьрсийн Форбс журнало дIахьедира, Нурмагомедовн бахам 12 миллион долларшкахь бу аьлла. "Медуза" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.)интертнет-ресурсо яздинера цунах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG