ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахчанах а, ипотекех а дин хийцар. Украинаца болчу тIаме бахийта йолахой муха тIеийзабо Кадыровс 


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъа лаца йолахой юкъаийзон керла кепаш кхуллуш ю Нохчийчоьнан урхалло. Кхечу регионашкарчу лаамхошна масех бIе эзар сом кара дIалур ду бехира, ткъа Нохчийчуьра "рекруташ" юкъабалабо иштта лечкъор бу, Iазапаш хьоьгуьйтур ду, бехктакхаман гIуллакхаш долор ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш. ХIинца Соьлжа-ГIалахь нехан дог иркарахIоттон керла кеп кхоьллина – нагахь санна, цара исламан дин тIелоций, царна кхин тIе а 50 эзар соьмана тIера 75 эзаре кхаччалц ахчанаш лур ду бохуш.

Кавказ.Реалиин махкарчу хьостанаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара масех иттанашкахь "лаамхоша" хIинцале а пайдаэцна оцу некъах. Нохчийчохь дин тIеэцначарна кхин тIе а ахча луш хилар тIечIагIдина Гуьмсан администрацино: Кавказ.Реалиин корреспондентана хаамбира, формалехь доцчу къамелашкахь хьаькамаша чIагIо йо, царна хIусамашца йа ипотекаца гIо дан. Амма оцу тайпачу гIоьнан хенаш къаьсташ яц. Редакцица къамелдинчун хаамашца, "тIом бирзинчул тIаьхьа" гIо дийр долуш ду хIусамашца.

"КIелхIоттор, питана, йоккха Iовдалла»

Кавказ.Реалиино хеттарш дина Iеламчаш а, дин девзарш а дуьхьал бу оцу тайпа некъаш лелорна. Ислам таллархо, политолог Малашенко Алексей тешна ву, ахчана тIехула дине дехьавалар цуьнан принципашца аьттехьа а догIуш дац аьлла.

"Ислам тIеоьцу, хIунда аьлча, хьо билггал бусулба хиларна, и дин а, цуьнан ламасташ а къобалдо ахь, уьш хьайна гергара хиларна. Амма цхьа соьмаш, хуьсигаш яларна, со ца теша. Сийсазе ду иза исламна а, и тIеоьцучарна а. Нагахь санна, нохчийн администрацино лелош хIуманаш уьш делахь, тIаккха муххале а сонталла ю иза, и мегар доцург ду. Со-м кхета, [Рамзан Кадыров] шатайпа кIант ву. Цуьнах цхьа дезар дина, комментарий ас йийр яцара. Хьажа КъорIане, хьажа сунне, ахчанах дин тIе эца муха мегар ду? ХIара кIелхIоттор, питана, йоккха Iовдалла ю", - боху Малашенкос.

Кадыровн резиденцехь хIоттийначу нохчийн тIеман дакъойн а, спецтехникан а гайтамехь эскархо
Кадыровн резиденцехь хIоттийначу нохчийн тIеман дакъойн а, спецтехникан а гайтамехь эскархо

ШахIада далош олу дешнаш эцначул тIаьхьа – ислам тIеэцаран тоьшаллаш- и стаг бусулба ву олийла дац, тешна ву Нохчийчуьра схьаваьлла, Ниццехь веха имам Магомадов Рамзан. Ахча а делла, дине верзор, бертаза барамел а оьшуш хIума ду.

"Дала боху КъорIанехь: "Бертаза исламе ийзор дац". Цхьана бусулбачун бакъо яц стагана ницкъбан – хуьлийла иза кхечу динан векал, йа цатешарг. Дин шен лаамехь тIеоьцуш ду. Нагахь санна, ахчана дуьхьа оцу стага ала аьлла дешнаш юхааларх – иза дин дац, бизнес ю".

Нагахь санна, ахчана дуьхьа оцу стаг ала аьлла дешнаш юхаалар – иза дин дац, бизнес ю

Магомадовна хетарехь, Нохчийчуьра "лаамхой" тIамтIе хьийсор догIуш дац бусулбачийн некъаца: "Суна ца лаьара политикана юкъагIерта, амма цара (кадыровцаш.-Редакцин билгалдаккхар.) Украинехь дечуьнца исламан хьожа а яц. И джихIад дац, иза политикан, нехан мохк схьабоккху тIом бу. Шайн даймахкехьа тIемаш беш бу украинхой. Украинана оккупаци ян гIерта Оьрсийчоь – тхан Нохчийчоьнна санна, йа Гуьржийчоьнан декъана санна".

Нохчийчуьра боьлху йолахой доггах лелаш хиларх тешаш бац Францера нохчий, шайн тароне хьаьжжина Украинана гIо до цара аьлла, тIетуьйхира цо.

Кадыровн политикан бонусаш

Шен цIе йовзийта ца лиъначу ГIалгIайчуьрчу салафитийн имамо дийцира, закат дала мегаш бархI тайпа адамаш ду исламехь аьлла. Царех бу – кхета а кхеташ, оцу дийне бирзина нах, керлабевлла бусулбанаш.

"Суна ца хаьа, Нохчийчохь и муха нисдина, гIалгIайн цхьа дакъа имамашна дуьхьал Кадыровс къамелаш динчул тIаьхьа, тхан юкъаметтигаш башха дика а яц. Нагахь санна, и стаг доггах исламе веанехь, цунна закатна дала йиш ю ю ахча йа цхьа кхин совгIат. КъорIанан Ат-Тауба (дохковалар) сурехь цунах лаьцна яздина ма ду. Закат дала магийначу бархI декъехь, керла дине бирзинарш бу боьалгIачу могIарехь", - боху къамелдечо, ислам тIеэцначул тIаьхьа лойла ду закат, иза дехьавалийтархьама луш дац аьлла, билгалдоккхуш.

Бусулба боцу "лаамхой" Украинерчу тIаме ийзорца а, уьш исламе берзорца а Нохчийчоьнан куьйгалло шайна политикан бонусаш гулйо аьлла, хета Европехь куп тоьхначу нохчийн «Толам» Комитетан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана.

Шен кепехь Кадыровс дерриг а когашкара коьрте кхаччалц тIекIелтуху: чIир а, юьртара эккхор а. ХIинца шена пайда хуьллучу агIор хуьйцуш ду вежарийн гIо лацар

"Шен кепехь Кадыровс дерриг а когашкара коьрте кхаччалц тIекIелтуху: чIир а, юьртара эккхор а. ХIинца шена пайда хуьллучу агIор хуьйцуш ду вежарийн гIо лацар. Дин тIеэцар, йа хийцар – иза шен лаамехь, ша хIун до а хууш йоккху гIулч ю. Дуьненан хIуманан дуьхьа хила дезаш дац и. Доггах и стаг исламе веанехь, цунна вежараллин гIо кхачадо".

Сулеймановн информацица, нохчий шайн ма-хуьллу дуьхьалбуьйлу Оьрсийчоьнан эскаран могIаршкахь Украинехь тIом бан. Хьалхо и информаци тIечIагIйира Кавказ.Реалиина кхечу хьасташа а.

"Контракт дина, Укранехь хилларш а цхьаьна гIерта юха цига ца баха. Цундела цигахь йолахой тIе ца тоьа, тIаккха дагадеана Кадыровна социалан а, экономикан а проблемаш йолу нах юкъабалон. Алаудинов Аптис (ницкъаллин блокехула Кадыровн гIоьнча.-Редакцин билгалдаккхар.) видео цхьана ма язйира, керста а, бусулбанаш цхьаъ бу, ткъа православаш Соьлжа-ГIалина гергахь йолчу центре Iаморашка дIахьежош бу аьлла".

***

Ахча лур ду, хIусамашца гIо дийр ду аларна дуьхьал контрактхоша ислам тIеоьцуш хилар Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца дира.

"Нохчийн къомах болчу лаамхошца бен болх беш дац тхо- кхечу регионашкара нах Соьлжа-ГIалин мэрино тIеоьцуш бу, цигахь масо а хIуманах кхетаво", - дийцира кIоштан полицин декъан белхахочо, йолахошна аьлла, агитацин материалашкахь билгалъяьккхинчу номерца тоьхначу телефонехула.

Кхечу регионашкарчу "лаамхошна" аьлла, къастийначу номерца телефон хьовзийча, автоматикан рожехь жоп делира чатехь: "Нагахь санна, хьелашна хьо реза велахь а, барамашца вогIуш велахь а, маса Соьлжа-ГIаларчу мэри дIагIо мичча хенахь а. Дехар до, бех ма йе чат, спамаш ма йита".

Хьалхо Кавказ.Реалиино ма-яздарра, Оьрсийчоьнан президентанан Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхарш хилар ду, Украинерчу тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра денна мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажо везаш хилар.

Нохчийн пачхьалкхан зорбанан гIирсаша дIакхайкхийна, Украинана дуьхьал бечу тIаме "баха луурш" муьлхачу барамашца къестор болуш бу. ТIемаш боьлхучу меттиге хьийсорах лаьцна хаамашкахь билгалъяьккхина телефонан номер дIаязйина ю бIе абоненто тайп-тайпанчу цIерашца. Царлахь ю "ЧВК", "Наемник", "Грозный ЧВК". ЧВК – долара тIеман компанеш ю – Оьрсийчохь официалехь йихкина ю уьш. Иза лелор Зуламан кодексан "Йолах эцар" олучу Iедалан къепехула дихкина ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG