ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" футболан клубан ютуб-канал схьаястар тIедожийна Google-на Москварчу кхело


Кадыров Рамзан "Ахмат Аренехь", 2017 шо

Американ Google LLC компанина а, церан Оьрсийчуьрчу ООО "ГУГЛ" декъана а Москварчу арбитражан кхело тIедожийна, блок тоьхначу Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан YouTube видеохостинган хьелаш юхадерзаде аьлла. Иск чуеллера 2021-чу шеран аьхка. Оцу гIуллакхехь кхозлагIа агIо лаьцна Роскомнадзоро, яздо Кавказ.Реалиино.

Адамийн бакъонаш талхочарна дозанаш деттачу Магнитскийн актехула санкцийн тептаре яьккхинера "Ахмат" футболан клуб. Иштта сацам тIеийцира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, клубан титулан спонсор "Кадыров Ахьмадан цIарах Фонд" хIоьттинчул тIаьхьа. Зорбанан гIирсийн хаамашца, цунна ахчанаш латтадо меттигерчу бахархошкара бертаза гулдеш (Нохчийчоьнан Iедалхоша бакъ ца до).

Хьалххе хиллачу кхелан кхеташонехь довхочо жоп делира, искан дIахьедар листанза дита аьлла, хIунда аьлча, ша компани Калифорнехь дIаязйина хиларна. Google-н векалша иштта билгалдаьккхина, иск кховдийначун таро хилар Англерчу а, Уэльсерчу а кхелашка вала. Цуьнца цхьана Москварчу Арбитражан кхелан суьдхочо Козленкова Ольгас юхатеттира дехар, Оьрсийчохь иск листа сацамбина.

ТIаьххьара а суьдхочо сацам тIеийцира, иск къобалъеш, видеохостингна тIедожош, АКНМАТ GROZNY аккаунт схьаястар. Сацам кхочуш ца бахь, Google LLC а, ООО "ГУГЛ" а декхаре хир ю футболан клубана кхозлагIчу дийнера дуьйна хIора тIехдаьллачу дийнах 10 эзар сом дала, нагахь санна, сацам шина баттахь кхочуш ца беш битахь – 100 эзар сом хIора денна, кIира мел долу мах шозза тIе а кхеташ. Маса кхочушбе аьлла, дIахьедина кхелан сацам, амма цунна латкъамбан йиш ю арбитражан апелляцин ИссолгIачу кхелехь.

"Кхелан хIокху сацамо "Ахмат" клубаца а, низамашца боцчу буха тIехь клубо лелочунна тIехь терго латтон дезначу кхуьнан эзарнашкахь болчу фанаташца а йолу нийсо меттахIоттийна. ХIинца компанино йа яста еза канал, йа шайна тIедожийна гIуда такха деза", - аьлла, комментарий йитина кхелан сацамах лаьцна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

  • Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу спортан комплексо тендер хIоттийна, стадионехь официалан барамаш дIахьочу хенахь вип-ложашкахь юург вовшахтоха. Лаккхарчу хьешийн гIуллакхе хьожуш, ресторанан хьелаш хIиттон бюджетера кхо миллион сов сом хьажон кийча бу.
  • 2021-чу шеран Охан-баттахь Москварчу арбитражан кхело Google-на тIедожийра, санкцеш бахьана долуш ютьюбера дIакъевлина ультраконсервативан "Царьград" телеканал меттахIоттайе аьлла. Сацам кхочуш ца бахь, корпорацина дийнахь 100 эзар сом гIуда тоха чIагIо йира. Делахь а, блокировка дIа ца яьккхира (хIинца YouTube изза цIе а йолуш, кхин канал ю лелош).

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG