ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" тобанан эскархоша къоланаш дарна латкъам бина Белгородан кIоштара бахархоша

"Ахматан" эскархо, гайтаман срут
"Ахматан" эскархо, гайтаман срут

Нохчийн эскархоша Белгородан кӀоштарчу дозанехь йолчу Новая Таволжанка гӀаларчу хIусамашкахь къоланаш дина аьлла, хаам бо "Пепель" телеграм-канало. Цу хьокъехь официалехь комментарий ца йина йа Белгородерчу Ӏедало а, йа "Ахматан" спецназо а.

"Пепел" гIирсо бинчу хаамца, охан-беттан 9-чу дийнахь лоьмарийн меттана "Ахмат" тIе йаздина масех машен кхаьчна хиллера Гражданская ураме: муьлш бу ца хуучу барзакъ доьхначу наха цӀенойн а, гаражийн а неӀарш йохош, мехала хӀуманаш лечкъийна, шайна йукъахь генераторш а йолуш.

Teлеграм-каналаца къамел динчу, цӀе ца йаьккхинчу хьостанаша дийцарехь, меттигера бахархой йукъагӀоьртинчу хенахь царна дуьхьал кхерамаш тийсинера эскархоша герзаца. Цара дийриг шен телефона тIехь дIайаздан Iгоьртинчу цхьанна пвтоматан мукъ тоьхна хиллера. Орцанна йеанчу тIеман полицин аьтто ца хиллера, и дерриг а шайн бӀаьргашца гинчара дийцарехь, "хӀумма а дан", ткъа йуьртан администрацин куьйгалхочо Парика Сергейс, ген дан хIуммаъа а дацара аьлча санна, "куьйгаш дIасатуьйсура".

"Кхеташ хила деза, хӀара дозанца йолу меттиг йуйла; цигара ах йурт аьлча санна, йоцуш йу. Цигахь адамаш дац, Ӏедал а дац, коьртачу декъана тӀеман доза ду иза. Цигара хиллачух ма-дарра хаа, инзаре хала ду", - аьлла "Пепел" каналан коьртачу редакторо Парменов Никитас "Дождь" телеканалана йеллачу комментарехь.

  • 2024-чу шарахь Курскан кӀоштарчу эвакуаци йинчу Глушково йуьртахь мобилан телефонийн туьканахь къола динера шина нохчийн эскархочо, царех цхьаъ Оьрсийчоьнан къоман гвардин декъашхо хилар къаьстийра. Курске дӀахьажийна долу "Ахмат" спецназан дакъа формалан кепехь оцу вовшахтохараллан декъехь ду. ТӀамна гӀортор йеш болчу блогерша зуламхошна таӀзар де баьхга ца Iаш, кхайкхамаш бира ишта Ӏедалан векалша а.
  • Оккупаци йинчу Украинан дозагаш тIехь масийтаза криминалан сводкашлахь хаабелира "Ахматан" эскархой- Мелитополера Малхбузен йуьртабахаман техникана тIера (иза а гучуйелира Закан-Йуьртахь), Мариуполехь смартфонаш лечкъорна тIе кхаччалц. Оцу телефонийн а, техникан а дайшна пеленгацица хиира, уьш Нохчийчохь хиларх. Челябинскерчу "Ахмат" тобанера йолахочо Воложанин Александра ур-атталла телеграм-дневник йара лелош, дӀалаьцначу Северодонецкехь дӀатесначу петаршкара эскархоша хӀуманаш лечкъош видеош а йолуш.



This item is part of
XS
SM
MD
LG