ТIекхочийла долу линкаш

"Украинин шен лаамехь гулделлачу "Арата" эскаран 8-чу батальонера нохчий суна юххера бевзаш бу".

Нохчийчохь шолагIа тIом болийча, Оьрсийчоьно жигара яьккхира и тIом бакъбеш йолу шен пропаганда. Газеташца а, интенетан гIирсашца а, телевизионашца а цхьана цунна шуьйра юкъаозийна яра киноиндустри.

Турпал Оьрсийчоьнан эскархой бара цу филмашкахь, кхин вон ца хиллал вон а, боьха а болчу нохчийн тIемалойх, вуьшта аьлча террористех а, бандитех а мохк цIанбеш. Цхьайолчуцу филмашкахь коьртачу турпалхойн васташ кхоьллина ву актер Пашинин Анатолий.

И васташ герз а хилла дIахIиттира Кремлан пропагандан карахь. Ша Пашинина дийцарехь, Оьрсийчоьнан телевизионехула шарахь маситтаза гойту, масала, Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна яьккхина «Грозовые ворота» олу иза коьрта турпалхо волу филм. Цунна бухе диллина ду 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хилла тIемасадалар.

Тахана Донбассехь Украинин шен лаамехь гулделлачу эскаран 8-чу батальонехь тIом беш ву актер Пашинин Анатолий. Кху деношкахь Оьрсийн пропагандин зорбанан гIирсаша рогIера хаам баржийра иза вийна аьлла. Цу тIера долийра актера Пашинина Маршо Радионца ша дина къамел.

Пашинин: Сан дерриг а дика ду, тIех дика ду. Цхьана дашца аьлча, фейкаш ю уьш. Со цунах воьлла. Ас дIоггара тидам ца бо церан. Цара дуккха а боьха хIуманаш яздо. Хууш дац кхин цара хIун яздийр ду а. Хала ду суна «идиоташ» дуьйцучун комментарий ян.

Маршо Радио: Ахь коьртачу турпалхочун васт кхоьллина йолу «Грозовые ворота» филм Нохчийчуьчу тIамах лаьцна ю. Бакъдерг дийцича, муьлхха а кийрахь дог долчу нохчочун хала ду цуьнга хьажа гIерта, цу чохь дуьйцург бакъдолчуьнца догIуш доцун дела а, и филм яьккхинчу нахана цхьа а нохчи гина а хиллий-те олий ойла кхоллалон дела а. Цигахь, кхеташ ма хиллара, нохчий, къеда аьлча, дIоггара дика гайтина бац. Ткъа хьуна цхьа а нохчи вовзарий, цу филмехь дакъалацале хьалха?

Пашинин: Дика юкъаметтигаш яра сан (нохчашца). Сан аьтто бац цIераш яха сайна бевзачеран. Уьш Нохчийчохь бехаш а, болх беш а бу суна бевзина нах. Суна дукха беза шайн орамаш девзаш болу нах. Масала, "Арата" олучу Украинин шен лаамехь гулделлачу эскаран 8-чу батальонехь тIом беш болу нохчий сун юххера бевзаш бу.

Уьш инзаре къинхетаме а, эсала а адамаш ду. Уьш вуно бакъахьара нах бу, массо а агIор тамехьа нах бу, вуно майра нах бу. Уьш кийча бу шайна хуург дийца а, гайта а. Ткъа и хаарш цера дукха а ду. Масийтта тIамах чекхбевла уьш.

Маршо Радио: Ткъа "Грозовые ворота" цIе йолчу филмехь ахь хIоттийначу вастах лаьцна къамел хилирий хьан цу нохчашца? Цара хIун бохура, цигахь хилларг кинохь ма дарра гайтина ду аьлла хетий царна?

Пашинин: Цара хаьттира соьга, хьуна хаьий оха схьа ма яьккхира "Грозовые ворота" филмехь юьйцуш йолу лакхе, аьлла? Суна чIогIа хазахийтира цаьрца къамел дан сайн аьтто баьлла. Ца хаьа суна, цу тайпа къамел дIаяздича дика хир дара, цара иза дерриг а дагалоцуш. Царна хетарг а, авторша филмехь гайтинарг а, суна сайна хетарг а дуьстича дика хир дара.

Маршо Радио: Хьо нийсонна тIе гIерташ велахь а, дукхах болчу нахана дуьхьал гIерта хала ду. Хьо вуно вевзаш волу актер ву. Оьрсийчуьра дIавахарца болх а, ахча, токхо а, хIусам а, доттагIий а, беза-бевзарш а цигахь битина ахьа. Хала хуьлий цу тайпа сацам бан?

Пашинин: Дерриг а дукха атта ду. Цхьа дош олу аш, цу тIехь чекхдолу дерриг а, керла дахар долало шун. «Х...о» дош олу аш, цул тIаьхьа хьан керла дахар долало. Альча а, дош олу билггала Оьрсийчоьнан ... "Россиянски" федерацин президентана. ТIаккха керла дахар долало шун».

Маршо Радио: Тахана Украинера хьал дикачу агIор хийца деза аьлла керла болам а кхоьллина, махкахь политикан а, экономикан а реформаш ян еза аьлла хетачу нахана хьалхаваьлла ву Гуьржийчоьнан президент а, Украинехь Одессан кIоштан губернатор а хилла Саакашвили Михаил. Iедалша цуьнгара Украинин махкалла дIадаьккхина. Ахьа муха мах хадор бара цуьнан?

Пашинин: Суна уллера бевзаш дуккха нах бу Одессан кIоштан губернаторан а, премььер-министран а даржехь Саакашвилис бинчул а дуккха а гIоле болх бийр болу. Соьга алалур дац со дIоггара воккхавевеш ву цуьнах. Сан аьтто бу дустуш ала. Дера, цхьана генарчу кIотарахь вехачу стагана Михаил Николозович дукха воккха хьекъалча а, масал эца везаш волу таг а ву аьлла хетар ву.

Баккъалла а оьшуш а хир ву иза. Амма суна и воцург а дуккха а нах байна. Уьш дуккха а гIоле бу. Ас эр дац сйо дIоггара воккха Саакашвилин ларамхо ву. Амма иза Путин мостагI ву, делахь сан доттагI ву иза. ХIун эр ду ас. Аьтто хуьлийла цуьнан!

Маршо Радио: Украинехь хуьлучуьнга ладоьгIуш даима а хаттар кхоллало, юха-м боьрзур бац-те украинахой хьалхалерчу хорша олий? Ахьа муха жоп лур дара цу хаттарна?

Маршо Радио: Юха боьрзур бац. Иза гуш а ду, кхеташ а ду. Ас юкъаметтигаш лелош болу нах вуно къона нах бу. 21-25 шераш долу нах бу уьш. Муха берзор бу уьш юха? Уьш хьлха боьлхуш бу. Цундела Украинехь хир ю екъаелла йоцу, йозуш йоцу пачхьалкх.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG