ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ а, Украинан а "сий динчу" нохчочунна таIзарца кхерамаш туьйсу


Дагестанера Югра махка веана волу нохчоxо Ильясханов Артура къаьркъан дов эккхийтина туькнахь – тIаьхьо ша оьрсех лаьцна дIахьедарш дарна а, Украинана тIехIоттарна а шена бехк ца биллар дехна цо. Ильясханов 15 денна-буьйсанна чувоьллира, цабезам а, хьагI а кхолларна бехке а вина. Иза кхоьру, ша араваьлча, Нохчийчу дIавигарх, тIаккха цигара – тIаме.

Ильясхановс дакъа лаьцна йолу конфликт товбеца-беттан 22-хь хилла Нижневартовскерчу туьканахь. Жимстаг къаьркъа эца гIиртина, амма цунах дIадала ахча ца хилла. Малар шена мехаза духкур доцийла кхетча, цо йий чохь долу ши шиша лаьттах тоьхна.

Социалан машанашкахула яьржина йолчу видео тIаьхь жимстаг туьканан белхахошца девне ваьлла гойту, ахча схьадала а, ша динарг дIадаккха а дуьхьал хуьлу иза.

"Соьга яккхийтал ахь! Тапчана кIелахь со вуьйр ву ахь, аса оьрсийчунна хьалхара дIа ца цIанъеш?!" – аьлла Ильясхановс. Иштта Украинерчу тIеман хьокъехь а вистхилла иза: "Далла хастам бу, украинхоша хIора денна шовзткъе итт эзар стаг луьйцу шух. Сий хуьлда Американа! Сий хуьлда Украинана!"

Цул тIаьхьа дукха хан ялале зорбанехь кхин видео араелира, Ильясханов бехказа вуьйлуш. Ша вехна хиларца кхетийра цо шен лелар, дIахьедира, ша кхетта хилар а, "хьалхарчу могIаршкахь ара а ваьлла, мохк ларбан кийча" патриот хета ша шена, аьлла.

Туьканан долахочо полицига арз дира. Шина административан артиклехула протоколаш хIиттийра цунна дуьхьал: кегийра харцхьа лелар, Оьрсийчоьнан эскарна дискредитаци йар а. Нижневартовскан гIалин кхело 32 эзар соьманна гIуда а тоьхна, пхийтта де-буьйса чохь яккха хан тоьхна цунна.

Ильясханов "цхьанне агIор Нохчийчоьнца юкъаметитиг йолуш вац", амма цунна ша нохчо хетахь, тIаккха цунна таIзар дийр ду, аьлла дIахьедира Кадыровн ХМАО-рчу векало Абдулхаджиев Iаббазо.

"Иштта нах оха цIахьийсабо юханехьа кхеторан болх бан. Кара нуй а эцна, Соьлжа-ГIалин урамашка нуй хьекха волавелча, стеган ша динчунна ойла йан хан хуьлу. Иза Дагестанера валахь оха цунна гIо дийр ду. Шортта боьха урамаш ду оцу гIуллакхна", - аьлла Абдулхаджиевс.

Цо бахарехь, "доларчу контроле, Нохчийчу" дIакхаьчна и гIуллакх. Ильясханов Украине хьажо кечвеш ву, тIеман тийсдаларш доьлхучу метте, аьлла Абдулхажиевс NEFT гIирсане.

"Цунна дуьхьал кхетча аса цуьнга хаттар лур ду: хьан бакъо елла, хьан векал вина, муьлхачу синхаамца волавелла хьо Украинехь дIахьош долу тIеман гIуллакхаш емалдан? Цуьнан лаам хилахь, оха иза цига хьажор ву", - аьлла Абдулхажиевс.

Ильясханов кхоьру, 15 де-буьйса чохь даьккхина ваьлча, ша Нохчийчу дIавигарх. Низамхочуьнца хилла къамел текстан кепехь арахецна NEFT зорбано, цу тIахь Ильясхановс олу, ша мукъаваьлча шен цIа, Дагестане кхача лаьара шена, амма кхоьру Нохчийчу дIавигарна. Цо бахарехь, "нохчийн диаспоран векалшкара" кхерамаш кхочу цуьнга.

"Горгамаш хьекхийтарца" кхерамаш

Нижневартовскехь скандал хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира республикал арахьа бехачу нохчашна, нуьцкъаха юкъараллин белхаш дайтарца. Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутатаца Делимханов Адамца хиллачу цхьанакхетарехь цо тIедиллина, "лела ца хууш болу" махкахой цIаберзор.

"Вешан цIе ларъян еза вай, забарш цхьаьнгге а йойтур яц, уьш миччахь хиларх, мел чIогIа беза нах уьш хиларх. Лела ца хаахь, цIа а балийна, горгамаш хьоькхуьйтур ю вай цаьрга", - дIахьедина республикан куьйгалхочо.

Цул совнах, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь Делимхановс хьахийра дукха хан йоццуш хиллачу шина эпизодах а, цо бахарехь, нохчашца доьзна. "Сургутерчу инцидентан" декъашхо карийна, даймахка схьавалийна, вукхаьрца болх а бу дIахьош, дIахьедира арахьа бехачу махкахошца цхьаьна бечу балхана тIехь Iуналла латточу Делимхановс. Билггал муьлха инциденташ ю юьйцурш, хIинца а хууш дац.

"Бехкала" бахначийн юьхьяхар Нохчийчохь лелош долу дуьххьара шо дац. Таханлерчу Iедална зуламаш деш бу аьлла хетачу нехан гергарнаш а хьийзабо иштта. Билггал цхьана стагна репрессеш лелийна а ца Iаш, берриг цуьнан доьзална а лелайо иза, иштта коллективан жоьпалла Нохчийчохь рогIера хьал хилла дIахIоьттина, дийцинера Кавказ.Реалиига бакъоларъярхочо Орлов Олега.

"Республикана куьйгалла ца до, нохчашна тIехь до"

Шен шогачу дIахьедаршца Ильясхановс хуьлучунна бакъболу хьежамаш гайтина, аьлла хета бакъоларъярхочунна Ганнушкина Светланина.

"Оьрсийн цхьа кица ду: мелла воцчу стеган коьртехь дерг, вечначу стеган маттехь ду. Цхьаволчо ала тарло кавказхойх Iаьржа******, тIаккха ша мелла вара аьлла бехказа а волуш. Иза шен коьртехь ца хилча цо иза эр ма дацара. Суна хетарехь, оцу стага тоха а тарло, амма оцу тайпа хIума кхечу стаге ала цхьанна а бехначу коьрте догIур дацара. Оцу жимчу стага шена баккъала а хетарг аьлла", - хета Ганнушкина Светланина.

Ильясхановга кхочу кхерамаш баккъала а дахарехь хила тарло, тIетоьхна бакъоларъярхочо. Диаспорера, цунна хетарехь, цхьа а реакци оьшуш яц, юкъагIерта езарг полици бен яц: "Стага дов эккхийтинехь, иза жоьпалле озор ву, муьлхха довхо санна, цо хIуъа аьллехь а. Диаспорица цхьа а юкъарло йолуш хIума дац иза".

Къамелдийриг тешна ю, ХМАО-н Нохчийчуьрчу официалерчу векалийн дIахьедарш – уьш республикан куьйгаллина хьалха шайн муьтIахь хилар гайта лаар ду. Цо бахарехь, Iедалан хьукматашкара нохчий Кадыровс кхерийна бу, цундела, цхьаъ хилча, цара оцу минотехь реакци йо: "Халахетахь а, Кадыров Рамзанна а, цхьаболу кхин куьйгалхошна а гарехь, цара федерацин декъехь йолу республикана куьйгалла дар меттана, этносан тобанна тIехь Iуналла до. ДIа а бахана, кхечу меттигашкахь бехачу нохчашна гуттара а бехкамаш доху Кадыровс, иза цунах цхьана агIор хьакхалуш долуш санна".

Низамо ма-баххара жоп дала деза оцу жимчу стага, аьлла хета политологна Журавлев Дмитрийна. Амма цо тIедуьту, даймахкахь Ильясхановна дуьхьал "кхеторан барамаш" лелорг хилар: "Хетарехь, баккхийчу наха цунна дуьйцур ду, иза нийса воцийла. Шогачу кепехь дийца а мега. Бакъду, вехначу стага дукхачу хьолехь дуьйцург – иза мелла воцчу кепехь дийца ца воьхьарг ду".

***

Коронавирусан карантин йолчу юкъанна Кадыровс массарна а гуш чехийра Гихтарчу нохчийн совдегархочунна, шен доьзалца даздарш хIиттийна хилла цо. Цхьайолчу видео тIехь совдегврхочо кара чагIаран кад а лоций, АллахIан цIерш йохуш дешнаш олу цо. Шен къамел дерзадо цо: "Делан наьIалт хуьлийла вайна мала ца магош волчунна". Бизнесхочунна Кадыровна хьалха бехказа вийла дийзира.

"Корта бахош долу молханаш" меларна бехке а бина, Москвара Нохчийчу цIабалийна болу иттанашкахь кегийрхой юкъараллин цабезамна кIел нисбелира. Цхьана рогIе дIа а хIиттийна, шайн леларца "нохчийн къам а, бусулба дин а" сийсаздо, аьлла бехк баьккхира цаьргара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG