Американ Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хIора шарахь еш йолчу бахархойн бакъонаш ларъярах лаьцнчу 2021-чу шарера рапортехь дIахьедина, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхорах хиларх лаьцна. Къаьстина тидам бина Нохчийчоьнна а, кхинйолчу Къилбаседа Кавказерчу регионашна а.
Докладан авторшна хетарехь, къоман тIегIанерчу бахархойн Iедалхоша латтийра, мехкан куьйгалхочунна бен муьтIахь боцчу Нохчийчуьрчу ницкъахошна тIехь терго. Оцу проблемина тIе тидам бохуьйтура дахначу шарахь а.
Бакъоларъярхойн организацешна тIе а тевжаш, рапортан авторша билгалдоккху, 2021-чу шеран ГIуран-баттера хаамашца, Оьрсийчоьнан Iедалша Нохчийчуьрчу ЛГБТКИ+ дукха наханна тIехь гIело латторца, уьш байъарца боьзна хаамашна тIехула таллам ца болийна, иштта ЛГБТКИ+ республикехь яц баьхна кхин дIа а. Цул сов, хууш ду, регионехь сих-сиха нах лечкъош хилар а.
Докладан авторша хIинца а Тепсуркаев Салманан волу меттиг ца къаьстина аьлла, масала даладо. Иштта документа тIехь хьахош бу вежарий-гейш Магамадов Салех а, Исаев ИсмаьIил, герз лелочу низамехь йоцу вовшахкхетараллана гIо дарна бехке лерира и шиъ кху шеран Чиллан-баттахь, ткъа царна иза бехке диллале, Нижний Новгородера лачкъийна ницкъаха Нохчийчу схьавалийнера и шиъ.
Къаьсттина билгалдаьккхина, хIусамехь ницкъ лайна хилла 22 шо долу Тарамова Хьалимат Дагестанера полицино нуьцкъаха Нохчийчу юхаялор Махачкаларчу шелтерера, доьзало а, меттигерчу полицино а цуьнан сексулан хьежамаш бахьанехь кхерамаш тийсарна едда яхнера иза цига.
Докладан авторшна хетарехь, Оьрсийчоьнан пенетенциаран хьукматашкахь сих-сиха леладо дегIана а, сексуале а ницкъбар. Амма, билгалдоккху текстехь, "Къилбаседа Кавказ юкъара яьккхича, Iедалхоша юккъерчу барамехь лардора чохь латторан бакъонан дехкарш. Проблема вуно чолхе яра Нохчийн Республикехь, цигахь, дийцарехь, арахьарчу дуьненца зIе йоцуш чохь латтор дахлора, цхьахйолчу меттигашкахь, кIирнашкахь".
"Iедалхоша къаьсттина хьоьшура Нохчийчохь нийсонан кхел яран бакъо, тIехьоьжучара билгалдаккхарехь, цигахь Кадыров Рамзана лелон зуламаш гучудохучарна тIехь таIзар даран гIирс санна пайда оьцура кхелан системех", - тIечIагIдо докладан авторша.
Докладехь хьахош ю ГIалгIайчура протесташ дIаевллча йина кхелаш. Къаьсттина билгалдаьккхина, цуьнан хьалханчаш политикан тутмакхаш бу аьлла дIакхайкхийна хилар. Иштта тидам бо "ца оьшучу организацешна а". Ростов гIаларчу кхело политикан активист Шеченко Анастасия "ца оьшучу организацин" низам хадорна бехке лерира, цо Британера "Открытая Россия" юкъараллин организацица болх барна.
Зуламечу ламасташна лерина декъехь хьахош Къилбаседа Кавказ бен яц.
"Бакъоларъярхойн организацеш хаамбира, зударий "сий лардеш байъар" хIинца а ду Нохчийчохь, Дагестанехь, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а, амма царах лаьцна наггахь бен хаам ца бора, тIе а ца лоцура. Меттигерчу полицино, лоьраша, адвокаташа зуламаш къайла дахьарца боьзначу доьзалшца юкъаметтигаш лелайора, - дIахьедо докладехь. – Къилбаседа Кавказан цхьахйолчу меттигашкахь зударий тIеIитталора нускалш лечкъорна, дукха зударийн бахкорна, нуьцкъаха маре баларна а (шен декъехь хенал хьалха а, берийн маренаш а долуш), бакъонийн дискриминацина, маре яхале йоIстагалла таллар, нуьцкъаха ислам динан дресс-код лела яйтарна а.
Цул сов, авторша билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь цIийнда велча, йа чохь стаг воцуш хIусамехь яхар зудчунна доьхкучу традицин бакъонна тIехула дIасакхаьстича зударий сих-сиха шайн берийн Iуналла дарах дIахедабора.
Иштта Къилбаседа Кавказан республикашкахь хиллера доьзал ларбаран а, репродукцин могушаллин а "социалан культуран дехкарш", шен декъехь гучуевлла лазош йолу зударийн операцеш йар а.
2021-чу шарера докладехь, Оьрсийчоь йоцург, адамийн бакъонаш хьешар емалдеш ду иштта кхечу цхьамогIа пачхьалкхашкахь.
- Американ пачхьалкхан департаментан докладна дахначу шарахь комментарий луш, президентан пресс-секретаря Песков Дмитрийс и критика Вашингтонна а Москвана юккъехь йолу юкъаметтигийн шатайпаналлина тIе ялийра. Шо хьалха Федерацин кхеташонехь билгалдаьккхира, америкхойн арахьарчу политикан хьукмато доклад хIотточу юкъанна цуьнан Iалашо адамийн бакъонаш ларъяр яцара, пачхьалкхан думехь хила безачу кхаж тассарна тIе "деструктиве" Iаткъам бар яра.