ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ "проект" ю "Талибан" аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шекъхилла америкхойх, "Цхьаьнатоьхначу Штаташа бусулбанашна рогIера афера дуьхьалъяьккхина" аьлла. Шен кIентан Адаман инстаграмерчу аккаунтехь хIоттийначу эфирехь аьлла цо цунах лаьцна.

Кадыровна хетарехь, Оьрсийчохь йихкина "Талибан" болам – шайн америкхойн проект ю".

Кадыров тешна ву, Совета пачхьалхкана юкъахь хиллачу, Афганистанца дозанца болчу мехкаша шайн "дозанаш чIагIдан деза, вочунна кечлуш" аьлла.

Товбеца-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа 17 эзар гIирс ара а баьккхина, овхIанхошна дIаелла ворхI тIеман объект.

Кху деношкхаь "Талибано" дIалаьцнера Афганистанан коьрта шахьар Кабул, массо а агIор цунна го а бина. Шаьш гIали чохь нах бойур бац, репрессеш лелор яц аьлла, дош деллачу тIалибаша шайн лаам бовзийтина, "гIала маьрша схьалуш" дийцарш дан а, Iедалхошна а, президент ГIани Ашрафна а капитуляци яр тIедожош. Карарчу хенахь Ашраф волу меттиг хууш яц.

Малхбухзера Iедалхой, коьртехь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, шайн ка мел йолург Кабулера аравоккхуш хьийза.

Хьалха йина чоьташ нийса цахиларна мукIарло дина КIайчу цIийно. Афганистанан кхерамзаллин ницкъийн доьналла ца тоьъна, шайн пачхьалкх Iалашъян, аьлла, дIахьедина Американ пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG