ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ талламан сервисашна ца карийна COVID-19 вирус схьаяьлла хьаст каро


Уханера вирусологин институт
Уханера вирусологин институт

Американ талламан сервисийн аьтто ца болу коронавирусан хьаст каро, COVID-19 пандемин бахьана хиилла долу. Оцунах лаьцна аьлла ду, къайлах долчура схьадаьстинчу амеркахойн талламхоша кечдинчу рапортехь.

Аналитийн цхьа дакъа хеташ ду адаман шеца и вирус йолчу дийнатца контакт хилар бахьана долуш даьлла ун боху верси нийса ю аьлла. Кхечарна хета хила мега вариант ю аьлла, оцу вирусах ларамаза ун далар Уханерчу вирусологин инститерчу белхахошна, масийтта оцу институтан белхахочуунна 2019-чу шарахь гуьйранна пневмания (пехийн цамгар) кхеттера.

Ши а верси бух болуш ю лач хаамийн, нисса хIара ду хьаст аьлла гойтуш долу тоьшаллаш, ца карийна, цхьана декъана оьшуш йолу информаци яла Китай реза ца хилларна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена омра делла кечдинчу рапортан юкъара жамI довзийтира америкахойн талламо ТЬовбеца-бутт чекхболуш. Къайлах долчура схьадаьстинчу документа тIехь ю масех хьалха хууш хилла йоцу юхе. Американ аналисташа лору, вирус биологин герз санна кхоьллина цахилар, дукхахболчара жамI дина иза генетикан модификаци йина яц аьлла.

Рапортехь аьлла ду, Уханерчу институтехь зераш деш хилла коронавирусийн хIу эдарца доьзна, амм COVID-19 юкъаяккхинчу, коронавурисан лард каро аьттонаш бац.

Гучуяларан лард долуш хила мега аьлла "лахара тешна хилар а долуш жамI дина америкахойн 4 талламан сервисо.

Лабораторера схьаялар долуш ду "тешна хилар юккъера дакъа а долуш" аьлла жамI дина цхьана талламан сервисо.

Говзанчаша билгалдоккху, керла вирус гучуяьлча цуьнан бух лаха оьшу дуккха а хан. Масала, 2017-чу шарахь хиира, 2002-чу шарахь Къилба-Малхбалерчу тайпаналлин пневманин ун даржаран хьаст, Юньнань провинцехь хьеха чохь деха, тIемадовлу дехкий хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG