ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ векал хьажош ву Байдена Польше Бжезински Збигневн кIант


Бжезински Марк
Бжезински Марк

Американ президента Джо Байдена шайн Польшерчу векалан дарже хьалхатеттина "шийла тIом" болчу заманахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн коьрта арахьара политика кхоьллархо хиллачу Бжезински Збигневан кIант Бжезински Марк, хаам бо "Американ аз" портало.

Полякийн мотт хууш волу Бжезински-жимахаверг Американ векал хилла ву Швецехь, Обама Барак президент, ткъа Байден вице-президент волчу хенахь.

Иза иштта болх бина ву Клинтон Билл президент волуш Къоман кхерамазаллин кхеташонехь. Цуьнан 4 шо хьалха кхелхина да, Польшехь вина волу Бжезински Збигнев вуно Iаткъаме къоман кхерамазаллехула хьехамча вара Картер Джимми Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент волчу заманчохь. Советан пачхьалкхана дуьхьал лаьтташ доьналлин позици лацарехьа вара иза.

Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь кхелхира 89 шо долу Бжезински Збигнев. Нохчийчоьнан доттагI а, тIеман бала Iовшуш болчу нохчех дог лозуш политик вара иза.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Картер Джиммин администрацехь Къоман Кхерамазаллин Хьехамча хилла ву Бжезински Збигнев Иза онда Iаткъам бан таро йолуш вара дерриг а дуьненерчу политикан а, Iилманийн а гонашкахь.

Бжезински винера Варшавехь, дешнера цо шен дас дипломат болх бечу Канадехь. ШолгIа Дуьненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа, Польшех коммунистийн Iедал хIоьттича, цуьнан доьзал биснера Малхбузехь.

1953-чу шарахь Бжезинскис чекхяьккхина ХIарвардан (Harvard University) университет, ткъа 1958-чу шарахь иза хилира Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахо.

I999-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кхоьллинчу Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетан (American Committee for Peace in Chechnya) гIантда вара Бжезински Збигнев.

Бжезински-жимахаволчо дипломатехь бинчу белхашна тIетоха мегар ду иза Обама президент волуш а хьалхара директор хилла хилар Арктикехула куьйгалла дар кхочушдаран Комитетан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG