ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ векалийн чоьно керла санкцеш къобалйина Оьрсийчоьнна дуьхьал


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгресс
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгресс

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан векалийн чоьно пачхьалкхан тIеман бюджет тIеэцна 780 миллиард доллар барамехь, хаам бо "Нстоящее время" телеканала.

Низамашдахархоша юкъатоьхна оцу низаманан керла санкцехь кхайкхор Nord Stream-2 (Северный поток-2) газан биргIана а, Оьрсийчоьнан суверенен декхарна а, ткъа иштта кховдийна адамийн бакъонаш йохорна Оьрсийчуьрчу 35 стагана дуьхьал санкцеш яхар а. И тептар кечдинера Оьрсийчуьрчу оппозиционеран Навальный Алексейн накъосташа.

Санкцеш кхайкхочу тептарехь ву Оьрсийчоьнан Федерацин Iедалан гIантда Мишустин Михаил а, Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссин куьйгалхо Памфилова Элла а, Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретарь Песков Дмитрий а, Москван мэр Собянин Сергей а, Russia Today телеканалан коьрта редактор Симоньян Маргарита а, кхиберш а

Низаман проект тIеэцарехьа кхаж тесна 316 конгрессмена, дуьхьал хилла – 113. ХIинца тIеман бюджетан проект йийцаре ян езаш ю Сенат. Цул тIаьхьа и документ куьг таIо дIахьажор ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенте Джо Байдене.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Мангал-баттахь санкцеш юкъаехира, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан облигацеш эцар доьхкуш, уьш дуьххьара йохка йолош ялахь. ТIаьхьо конгрессмен-демократа Шерман Брэда нисдар кховдийра и облигацеш шозлагIа юхкуш а эца бакъо ца луш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаийн Конгрессан векалийн чоьно къобалдира и тIетохар. Марсхьокху-баттахь Вашингтона шордира Nord Stream-2 газан биргIаца йоьзначу санкцийн тептар.

Оьрсийчьурчу 35 стагана дуьхьал санкцеш кхайкхор хьахийнера Навальный Алексейн коррупци лелорна дуьхьал Фондо. Гезгмашин-беттан 22-хь санкцех лаьцна низаман проект къобалйира Американ векалийн чоьнан регламентехула йолчу комитето.

Навальныйн накъосташа лелориг ца тайра Кремлехьа болчу зорбан гIирсашна а, шена Кремлна а. Волков Леонида а, кхиболчу санкцеш кхайкхо езара аьлла хьахийначара билгалдаккхара уьш Оьрсийчоьнна дуьхьал хьажийна ца хилар, санкцеш кхайкхош хилара билггал нахана дуьхьал.

Reuters агенталлина интервью луш Волковс элира, Путин Владимиран гонерчу билггал наха санкцеш кхайкхоро а бен ойла йойтур яц Кремле Навальный дIахецарх лаьцна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG