ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американо а, Евроберто а, Британино а емалдина Оьрсийчохь "Мемориал" дIайохор


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а, Канадас а, Британино а емалдина Оьрсийчохь дуьненан юкъаралла а, бакъоларъяран "Мемориал" центр а дIайохор. Юкъахь динчу дIахьедарехь дIахоуьйту шаьш реза ца хилар, ГIуран-беттан чакхенехь "Мемориало" экстремизм а, терроризм а къобалйо аьлла Оьрсийчоьнан кхелаша тIеэцначу вердикташца.

"Цкъа а ца эшначу кепара оьшуш бу "Мемориалан" болх", - аьлла ду документа тIехь.

ДIахьедаран авторша иштта тергам тIеозийна Оьрсийчохь бух боцуш чIагIъеллачу репрессешна, кхайкхамбина Москвага адамийн бакъонаш ларъярехь дуьненаюкъара декхарш Iалашде аьлла.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дIайохийна дуьненаюкъара "Мемориал" юкъаралла Инарлин прокуратуран искаца байначу беттан 28-чохь. ШолгIачу дийнахь изза сацам тIеийцира Москва гIалин кхело бакъоларъяран "Мемориал" центран хьокъехь. Шина а сацамна латкъам бийр болуш бу.

Организацеш дIайохош сацамаш тIеэцначул тIаьхьа Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) тIедожийра уьш кхочушбар сацаде аьлла. 2013-чу шарахь "арахьарчу агентех" долчу низамна Оьрсийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу организацеша, шайлахь "Мемориал" а йолуш, дина арз дара цуьнан бухе диллинарг. Оцу латкъаман хьокъехь шаьш бина сацам цкъачунна бовзийтина бац ЕСПЧ-кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG