ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонаш ларъяйта Iамерко къахьегар мехала хета сенаторшна


Сенатор Маккейн Джон.
Сенатор Маккейн Джон.

"Тиллерсона элира дерриг а дуьнентIехь гIело ловш болчу нахе: «Сатийса ца оьшу Цхьаьнатоьхначу Штаташка», - яздинера Маккейна The New York Times газетехь.

Iамеркан Сенатера демократаш а, Республкан партин декъашхой а тIехIиттина Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш ларъярехьа лелочу политикана, хаам бо «Iамеркан аз» зорбанан гIирсо.

Цуьнан бахьана ду пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса дина дIахьедар. ДIадаханчу кIиранах Iамеркан пачхьалкхан департаментан белхахошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, цо дIахедар динера, Iамеркана мехала хетарг бухе а диллина, пачхьалкхан департаменто политика лелаяхь, цо новкъарло ян мега къоман кхерамазалла ларъяран Iалашонашна аьлла а.

«Iамеркан ницкъан чулацам бу вайн идеалех, вайна мехала хетачух лаьтташ: демократи а, адамийн бакъонаш а ларъярехьа ду вай, къийсам дIахьо вай коррупцица, вай тIеоьцу култура тайп-тайпана хилар», - элира Мэрилэнд штатерчу сенаторо-демократа Кардин Бена.

«Дуккха а тобанаш ю хIара дуьне мел ду вайн пачхьалкх кхуллуш бухе ехкина принципаш ларйеш къийсам дIахьош: демократехьа, пресса маьрша хиларехьа, дин лело маршо хиларехьа, дешан маршо хиларехьа. Iамеркан масалло дог иркарахIоттадо церан», - аьлла гIортор йира Кардинна Флорида штатерчу Республикан партин декъашхочо сенаторо Рубио Маркос.

И шайн дIахьедарш дира сенаторша шинарин дийнахь Сенатан дуьненаюкъаметтигашкахула йолчу комитетан кхеташонехь. Иза хилира Аризонера сенаторо-республиканхочо Маккейн Джона The New York Times газетехь Тиллерсон бехке винчул тIаьхьа, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа кху дуьнентIехь адамийн бакъонаш ларъяйта гIерташ иттаннаш шерашкахь бина болх, тIе сиз а хьаькхна, байа гIортарна.

«Iамеркан озо» дагадоуьйта дIадаханчу кIиранах пачхьалкхан департаментан белхахошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Тиллерсона аьларг. «Цхьацца хьал хIоьттина меттиг нисйелча, къоман кхерамазалла ларъян къахьоьгуш а долуш, вай биллам санна вайна мехала хетарг тIеэцахь, вай ца кхача а мега вайн къоман кхерамазалла ларъян йолчу Iалашоне»- аьллера пачхьалкхан секретаро.

«Цу дешнашца пачхьалкхан секретаро Тиллерсона элира дерриг а дуьнентIехь гIело ловш болчу нахе: «Сатийса ца оьшу Цхьаьнатоьхначу Штаташка», - яздинера Маккейна.

Цунна хетарехь, цу кепара, Iамеркан арахьарчу политикан куьйгалхочо бохург ду, нагахь цхьа стаг новкъарло ялахь иза хьийзош болчу нахаца, экономикана оьшуш ду аьлла, Iамеркан юкъаметтигаш дIанисйеш, цу тайпачу нахе ала мегар ду, аьтто хьулда шу аьлла, хIунда аьлча, шайн проблемаш кхочуш ян церан шайн дезар долун дела.

Сенатан дуьненаюкъаметтигашкахула йолчу комитетан кхеташонехь йийцаре йира президенто Трамп Доналда пачхьалкхан департаментан секретаран когаметтан дарже кховдийначу Салливан Джонан кандидатура. Буш Джордж (жимахверг) президент волуш болх бина ву Салливан Iамеркан йохкаэцаран министраллехь.

Сенаторша дуьйцучух ша кхеташ хиларх уьш тешо гIоьртира Салливан, ша лууш ву пачхьалкхан департамент ницкъ хилийта, Iамеркана мехала хетарг дерриг а дуьнентIехь лардийр а, даржор а долу аьлла, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

XS
SM
MD
LG