ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ангарскерчу колонехь бунт хиллачул тIаьхьа ницкъ бар лайначу нохчочуьнан латкъам талла реза цахилла Талламан комитет


Оьрсийчоь, Ангарскерчу колонера бунт, Охан-бутт 10, 2020
Оьрсийчоь, Ангарскерчу колонера бунт, Охан-бутт 10, 2020

Оьрсийчоьнан талламан комитет реза ца хилла Иркутскан областехь Ангарскерчу ИК-15 колонехь хан токхуш волчу Нохчийчуьрчу вахархочо Хайдаев Хьумайда, шена тIехь Iазап дина аьлла бина латкъам бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх доло. Тутмакх хьийзийна хилла 2020-чу шарахь Охан-баттахь чубоьхкинчу наха оцу колонехь айина бунт охьатаIийначул тIаьхьа.

Цул тIаьхьа Хайдаев дехьаваьккхина хилла Иркутскерчу номер цхьаъ йолчу (СИЗО-1) талламан изоляторе. Цо дийцарехь, цига дIакхаьчначул тIаьхьа, цига бигина тутмакхаш чекхбаьхна хилла шина агIор дIахIиттинчу колонерчу белхахоша буйнаш а, мийраш а, ризянкин чхьонкарш а етташ.

Цул тIаьхьа Хайдаев чувоьллина "жигархой" – администрацица юкъаметтигаш лело тутмакхаш - чохь болчу камерина. Цара йиттина цунна маьнгешна юкъахь когаш а, куьйгаш а дихкина ирх а оьллина. Цул сов цара дегIах Iитина цунна цIартIехь цIе бина Iаьг. Хайдаевс чIагIжарехь, "жигархоша" ницкъ бина цунна СИЗО-н администрацин омрица. Лоьраша кехаташ хIиттийна цуьнан коган пIелгаш а, куьйган даьIкаш а кегйина хиларх а, дегI Iарждина хиларх а, дегIан меженаш дIайиттина ларш хиларх а.

Шена ницкъ бар хьокъехь кхушара Стигалкъекъа-баттахь Хайдаев Хьумайда латкъам бинера прокуратуре, цо яздина кехат дIахьажийра Талламан комитете, таллам цу хьокъехь ца бинера. Иза болийра ГIадужу-баттахь, талламхой хIумма а ца деш Iаш хиларна Хайдаевс бина латкъам кхело нийса лаьррачул тIаьхьа.

Цуьнца цхьаьна Хайдаев Хьумайд ву Ангарскерчу ИК-15 колонехь бунт айарна долийначу бехктакхаман гIуллакхехула коьрта бехке бечех цхьаъ. "Комитет против пыток" бакъонашларъярхойн тобан юриста Смирнов Владимира дийцарехь, билггал цуьнца доьзна ду ницкъ бар цаталлар: "Кхин болу эшам хилларш цу кеппарчу хьелашкахь зулам лайнарш хуьлуш Iедал ду. Хайдаев Хьумайд "персона нон-грата" ву... Талламхой кхоьруш бу, нагахь ницкъ бина хилар тIечIагIдан аьтто балахь, иза жоьпе озо хала хир ду бохучух".

  • Хайдаев Хьумайд маьршавала везаш вара 2020-чу шарахь Дечкен-баттахь, вуьшта аьлча бунт айъале 3 бутт хьалха, амма колонин администрацино латтош вара иза колонехь.
  • Иркутскерчу СИЗО-1 талламан изоляторехь латтийна волчу Нохчийчуьрчу вахархочо Беличков Муслима дийцира Кавказ.Реалиига цигахь кхоьллинчу ницкъ баран конвейерх лаьцна а, оцу хьелашкахь уггар боккха бала ловш берш бусалба нах хиларх лаьцна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG