ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ангарскерчу колонехь ши тутмакх кхалхарх лаьцна дIахьедина бакъонашларъярхоша


Иркутскан областера ИК-2 колони
Иркутскан областера ИК-2 колони

Gulagu.net проектерчу бакъонашларъярхоша дIахьедина ГIуран-баттахь масийтта тутмакха мацалла кхайкхийначу Ангарск гIаларчу №2 йолчу колонехь чувоьллина латтош волу ши стаг кхалхарх лаьцна.

Цунах лаьцна дуьцурш ду Gulagu.net телеграм-каналехь. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамца, и ши стаг кхалхар хилла цхьана кIиранчохь. ЧIагIдарехь, цхьана тутмакхан лаг хадийна, ткъа шолгIа велла "дагца цамгар хилар" бахьана долуш.

Колонин зорбан сервисехь Сибирь.Реалии проектан корреспондентана бакъдина ши тутмакх кхалхар.

Ангарскерчу №2 йолу колонехь хенаш токхуш бу деза зуламаш дарна чубоьхкина нах.

  • ГIуран-баттахь масех тутмакхо мацалла кахйкхийнера Ангарскерчу №2 колонехь. ФСИН (Федералан таIазарш кхочуш даран сервси) векалша чIагIдарехь, уьш дуьхьал бевллера режимо шайна тIедожошдерг кхочушдан. Гезгмашин-баттахь цигахь латто чубоьхкинчу наха кхайкхийнера мацалла хьегар, цигахь ши тутмакх кхалхар бахьана долуш.
  • 2020 шарахь Охан-беттан 10-хь Ангарскерчу ИК-15 колонехь иккхина бунт, тутмакхаш дийцарехь, йолаелира колонин белхахочо чувоьллинчу стагана йиттинчул тIаьхьа. Цул тIаьхьа оцу стага шен пхенаш хедийра, видеокхайкхам дIа а язбина. Эшам хиллачо чIагIдарехь, и ролик гучуяьллачул тIаьхьа ФСИН-ан белхахоша юха а йиттинера цунна. Цул тIаьхьа, лелочунна шаьш дуьхьал хилар гойтуш шайна чевнаш йинера барака чохь хиллачу массо а тутмакхаша – 17-тта стага.
  • Кхечу, бакъонашларъярхоша йовзийтинчу версица, тутмакхаш дуьхьалбевллера шайш колонехь латторан раж чIагIъярна – пандемия бахьана долуш Иркутскан областан ерриг а ФСИН-ан учрежденешкахь чубоьхкинчу нахана дихкинера гергарчаьрца цхьанакхетар а, тIаьхьайохьург схьаэцийтар а. Иркутскан областехула йолчу ФСИН-ан зорбан сервисан версица, Ангарскерчу №15 колонин чубоьхкинчара тIелатар динера оцу учрежденин белхахочунна.
  • Бунт иккхинчул тIаьхьа цхьана шарахь колонехь латтош болу нах дехьабохуш хиллера кхечу колонешка а, СИЗО-ка а (талламан изоляторшка). Цигахь царна ницкъ беш хиллера, бунт вовшахтохаран декъа хилар тIелацийта гIерташ. Чубоьхкинчара а, церан гергарчара а, адвокаташа а бина латкъамаш бухе а бохкуш, Иркутскан областехь 2021-чу шарахь талла долийна ду масех бехктакхаман гIуллакх. Уьш доьзна ду ГУФСИН-ан белхахой шайн даржал тӀехбовларца а, чубоьхкина нах хьийзорца а, царна ницкъ барца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG