ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупцина дуьхьал акцеш дIахьош ю Оьрсийчохь


Оьрсийчохь иттаннаш гIаланашкахь митингаш а, буьйлабаларш а хилла коррупцина дуьхьал хьажийна йолу. Дукхах йолчу гIаланашкахь уьш йихкина яра Iедалша.

Сибрех а, Уралехь а, Генарчу Малхбалехь а дуьхьалонан акцеш дIайирзина, полицино иттаннаш декъашхой лецнехь а, кхин чолхе хIума ца хуьлуш.

Москох акци дIахьош ю Iедалша иза вовшахтоха бакъо ца еллехь а. Иза йолаеллачул тIаьхьа 130 стаг лаьцна полицино.

Москох Iедало Росгвардин эскархой тIехь болу иттаннаш машенаш ялийна гIалан юккъе.

Пушкинан майданна гонаха а, Тверская урамехула а лаьтташ ю герзаца чIагIйина полисхойн тобанаш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG