ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Apple сервисан картанаш тIехь язйинчу Ичкерех лаьцна кехат дохьуьйтур ду коьртачу офисе


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинерчу Apple компанина шайн картанаш тIехь Нохчийчоь Ичкери аьлла, язйина хиларх хууш ца хиллера. Фирман операторо Кавказ.Реалиига дIахьедарца, компанин коьртачу офисе дIахоуьйтур ду цара цунах лаьцна.

"Официалехь кехат хьажор ду оха цунах лаьцна, кхин йолу комментареш лойла дац сан", - аьлла къамел динчо.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, ТАСС агенталлан хааман тIетевжина, Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу карташ тIехь Нохчийчоьнан Республика "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, къастийна хиларх. Apple Maps картанаш оьрсийн маттахь лелош делахь, Оьрсийчоьнан регион нийса билгалъяьккхина хиллера, амма iPhone уркаинхойн матте яьккхича, официалан Apple аппликацино гойтура Оьрсийчоьнан и субъект "Чеченська Республіка Ічкерія"* аьлла.

Оцу юкъанна, Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила кхайкхам бина Apple компанин векалшка, гIалат дIанисде, "украинхой а, юкъаралла а тила а ца еш" аьлла.

Нохчийчоьнан вице-премьер волчу Умаров Джамбулата дIахьедина, Нохчийчоьнан Iедалхоша кхеле арз дан тарло Apple сервисна, амма цунах сацам тIеоьцур берг мехкан урхалхо Кадыров Рамзан ву аьлла.

  • 1992-чу шарахь Нохчийчоьнан Республикано йозуш йоцчу пачхьалкхан конституци къобалйира Зазадокху-баттахь, амма цхьана а ООН-ан декъашхочо-пачхьалкхо тIе ца ийцира.
  • 1994-чу шеран ГIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Ельцин Бориса омрана куьйгъяздира, Нохчийчохь конституцин къепе юхаметтахIоттош, цул тIаьхьа болабелира Нохчийчохь хьалхара тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG