ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа жихIад иза хилча санна"


Иза хIун стаг ву, Iаьрбийн мехкашкахь шен векал стенна оьшу Кадыровна?

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира леррина шен стаг латтаво Малхбалехь – Богданов Михаил, Нохчийчоьнан куьйгалхочо – мехкан муфтиятан гIовс Даудов Турко.

Хьалха Даудовх "Нохчийчоьнан муфтин арахьарчу зIенийн гIовс" олура, оцу цIарца иза Iаьрбан мехкашка лела а яра дикка хан. Малхбалехула лелачу юкъанна дуккха а интервьюш а лора цо Iаьрбашна, комментареш а йора цIерачу хиламашна.

Диллина цхьаъ ду Даудовс Iаьрбашлахь даржориг: Нохчийчохь дерриг дика ду, Кадыров Ахьмад – турпалхо ву, цуьнан воI Рамзан шен къам айдеш хьийза, ткъа Оьрсийчуьрчу массо а бусалбанаша моз хьоьгу.

"Оьрсийчуьрчу бусалбанашна цкъа а ца хетта шаьш эшамехь деха кегий къаьмнаш"

"Тхуна, Оьрсийчуьрчу бусалбанашна, цкъа а ца хета тхаьш кIезиг, тхан орамаш бу оцу пачхьалкхера, тхо а, тхан дай а, дедай а, церан дай а дина ду цигахь. Дан а дина, даха а даьхна. Цхьа де а ца деана тхуна тхешан бакъонаш хьоьшу аьлла хеташ. Тхан, Оьрсийчуьрчу бусалбанийн, кхечу динерчу нехан йоллу бакъонаш ю. Ткъа нагахь санна иштаниг нисделча а, иза хила тарло тхуна тIех сов маршо дагахьахарца доьзна (воьлу)". Иштта элира Даудов Туркос Мисарарчу "Миср Ал-Iарабийя" телеканале 2016-чу шеран гурахь.

Ша дечу къамелехь ца дийцира Нохчийчуьрчу Iеламчас-векало вайнах, кхарачой, балкхарой даймахках баьхна лелийначу шерех лаьцна хIумма а.

КхидIайолчу интервьюшкахь Даудовс дина дIахьедарш ду ша туьйранашкахь санна. Масала, 2017-чу шарахь Кувейтерчу "Ал-Джарида" газете цо дийцира, Нохчийчуьра бусалбанаш Малхбузерчу Iадатан нах бу, бохуш. Шега, мел доккха-жима ду шу долучохь бусалба уммат, хаьттича, делла жоп дара: "Тхо массарел дукха ду оцу махкахь – 70%, тхан дай а, дедай а ма бина Нохчийчохь". Оцу юкъанна латкъам бира Iаьрбашка – ахча ца тоьа умматна, аьлла.

2016-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Къатарерчу "Ал-Джазира" телеканалехь къамел деш, ша шен "дахарх тоьлла дакъа" – 23 шо – даьккхина Iаьрбийн мехкашкахь, элира Даудовс. Шемахь дин Iамийна 1992-1998 шерашкахь, цул тIаьхьа 17 шо даьхьина Кувейтехь (царех 9 шо даьккхина динийн министраллехь, Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелочу декъехь).

Ичкерера "ДАIИШ"

"Ал-Джазирин журналисто, Нохчийчуьра таханалера а, 1990-чу шерашкара а хьелаш дустар шега дехча, муфтин гIовсо билгалдаьккхира, республика "хийцам хир боццуш тоелла", Кадыров Рамзан шен дас Кадыров Ахьмада болийна некъ чекхбоккхуш ву - нохчийн къам машаре, кхерамзалле дуьгу некъ", элира.

"Хьалхара тIом болабелча, аш, шаьш кхеташ дацаре терра, Нохчийчоьнца зIе шайн ледара хиларе терра, харц кхетийра цхьаццаболу хиламаш. Маршонехьа болам, я цхьа жихIад иза хилча санна", - аьлла, Iаьрбашка бехкбаьккхира шен къамелехь Даудовс.

Цо бахарехь, 1990-чу шерийн юккъехь зуламе идеологи яьржира Нохчийчохь, масала, Шемахь, Иракъехь кхоллаеллачу ДАIИШанчух тера а йолуш. Шен интервьюхь Даудовс дийцира, муха хуьлу бакъ жихIад. Иза тIом хилла ца Iа, адамо шена чуьрчу сакхташца латточу къийсамах а олу жихIад, бохура Кадыровн векало.

Стенна оьшу инстаграм?

Доккхачу декъанна инстаграм-агIо лелайо Даудовс шен Малхбалера визиташ гойтуш. Йоза дерриг а санна Iаьрбийн маттахь хуьлу цуьнан, гоч ца до иза агIо йоьшучара дехча а.

Шен дехьа-сехьа леларш довзийтина а ца Iа Даудов интернетехь, хьахаво кест-кеста Нохчийчоьнан куьйгалхо а - мел оьзда адам ду иза, мел дика бусалба политика лелайо цо, олий.

Масала, байначу баттахь дагадаийтира Даудовс Израилерчу Абу-ГIош юьртахь 2013-чу шарахь "Цуьнан Исбахьалло Кадыров Рамзана" дина маьждиг. ("Исбаьхьалла" эпитет Даудовс шеггара ца кхоьллина – Iаьрбаша ишта олу шайн политикех).

Ала деза, цхьаболу "Кадыровн командера" нах шайн "паччахьах" "Исламан лом", "латтанийн, стигалийн чемпион", "хьекъалан серлонца къам кхобург" бохуш хьийзачу кху заманахь тIех чIогIа хеста а ца во Даудовс Кадыров – дича дийриг хуьлу кхечара бечу хастамашна репосташ яр.

2017-чу шарахь дагахь доццург хилча – Кадыровн агIо инстаграмин дайша дIакъевлича - Даудовс дIа ца къевлира шен инстаграм, "паччахьан" гонерчу кхечу хьаькамаша санна (бакъду, оцу машанца гамо еха ца кхебира цара а – схьайиллира шайн агIонаш).

Уггар довха дош цо Кадыровга элира ша цо Iаьрбийн мехкашка векал хьажочу деношкахь: "Хьомсара паччахь! Дела реза хуьлда хьуна сан ларам барна. Вуно доккха сий ду суна, хьан куьйга кIел а волуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къахьегар".

"Тоаме дац иза"

Даудов дика лараво кадыровгIеран идеологи яржорца. Цунах тоьшалла дира иза дарже хIоттош ша Кадыровс а.

"Бусалба мехкашкахь дукха хан яц Нохчийчохь лела боламаш кхоччуш кхето болийна. Кеп-кепарчу тIегIанашкахь белхаш баро а, зIенаш тасаро а кхачийна вай оцу хийцаме… Бусалба пачхьалкхашкахь дика бевза, къобал а бо вайн хьалхарчу президента, Оьрсийчоьнан Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажас бина кхайкхамаш, цо болийна некъ", - элира Кадыровс.

Амма тIетуьйхира, "Нохчийчоьнан оцу мехкашца йолу юкъаметтигаш кхин а дика тоян еза вай", аьлла.

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG