ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ашхабадехь полицино доьхку божаберашна а, мехкаршна а паркехь цхьаьна лела


Ашхабадерчу паркехь адамаш
Ашхабадерчу паркехь адамаш

Свобода Радион туркменийн сервисо хаамбарца, Ашхабадехь полисхоша ца могуьйту зудаберашана а, божаберашна а цхьаьана буьйлабелла лела. Полицин белхахоша кехаташ хоьтту кегийрхошка, къаьсттина жигара хьийза уьш "Ылхам" олучу паркехь.

Нагахь санна, кIанта шеца йолу йоI шен йиша ю алахь, документаш схьагайтар тIедуьллу царна. Нагахь, кIантаца цхьаьна доьшуш и йоI хилахь, полицин декъе даладо ший а, цул тIаьхьа дешаран хьукмате бовлу, билггал церан цIераш къасторхьама, тIаккха студентийн дега-нене дIахоуьйту. Шаьш лелочун бахьанех кхин совдаьккхина хоуьйтуш дац ницкъхоша.

Туркменистанан шахьарахь кхул хьалха а зударшка а, божаршка а дIахьедора полисхоша, церан тIехулара хатI бахьана долуш, тарлора уьш урамашкахь сецо а.

Кху шеран Товбеца-баттахь Свобода Радион туркменхойн редакцино дуьйцура, Фарапскан а, Дарганатинскан а кIошташкахь полисхоша сецорах зударий, джинсаш йоьхна а, тIелетта, йоца кучамаш тIехь хиларна а. Ишта бехкаш дохура макияж ярна а, месашна басарш дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG