Ша вина 75 шо кхочучу деношкахь "Парламентан газетана" еллачу интервьюхь политика, инарла-майора Аслаханов Асламбека дийцина шен бераллех, бинчу белхех, къоман депортацех, тIейогIучу хенахь ша дан леринчух а.
Журналистан, муха даздийр ду ахь вина де аьллачу хаттарна жоп луш, Аслахановс билгалдаьккхина, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша Нохчийчу кхайкхина хилар а, шен хьешашца Соьлж-ГIала ваха ша лерина хилар а.
Аслаханов Асламбек автор ву бIе сов Iилманан, публицистикийн белхийн, юридикан Iилманча а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн Академин профессор а.