ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доIанашна делла жоп санна


Мамсуров Аслан

Нохчий емалбеш хьийзина Австрин вице-канцлер шена гонах иккхина скандал генаялале дIавахана даржера

Аьтто-консервативан политик, Австрин вице-канцлер Штрахе Хайнц-Кристиан бахьанехь кризис иккхина Венехь. "Оьрсийн милиардерца Макарова Алёнига", ша цунна мехала контракташ хуьулуьтур ду, цо нагахь санна шен партина къайлах финансаш лахь, олуш яьржина видео ю цунна балеяьлларг.

Штрахе ша вахана ца Iаш, цуьнца цхьана дIабахана министрийн даржашкара массо а цуьнан партин векалш.

"Кавказ.Реалиин" корреспондент цхьаьнакхийтира Австрерчу нохчийн диаспорин декъашхошца – бийцаребира Автрехула баьржина хаам. Ала догIу, харжамийн компани нохчашна лерца дIахьош, уьш емалбеш хьийзарца кхаьчнера Штрахе Iедале.

"Бехкенаш" карийна

Вице-канцлер даржера дIавахарх баккъал а баккхийбе бусалба нах, къаьсттина нохчий.

Дан а дара лелларг тамаше хIума. Штрахен а, цуьнан партин а ерриг компани яра "нохчийн террористаш" мел кхераме бу Австрина, цара мел доккха зен до пачхьалкхерчу социалан ситемина бохучу кхайкхамашца йоьзна.

Бакъду, дуьххьара деш дацара Штрахес иштаниг – хьалхо неоцизмца йоьзначу массех скандалан декъашхо хилира иза.

Нохчийн диаспора йоккха яцахь а, цуьнгара дуьйлучу зуламийн статистика Австрин дахарна хаабаллал Iаткъам беш яцахь а, Штрахес а, цуьнан гоно а кIад ца луш гезбохура нохчий махкахь харжамаш боьлхучу муьрехь а, цул тIаьхьа а. Австрин социалан система " дукха бераш долу нохчийн доьзалш кхобу хьаст хилла яьлла", элира Штрахес ши бутт хьалха меттигерчу телевизионехула.

Оцу къамело прессехь айина гIара йижале Штрахен доттагIчо, транспортан министро Хофер Норберта, цIе марсайоккхуш, тIетуьйхира: еккъа цхьана Венехь социална "тIехиина" веха 30 эзар нохчо.

Амма нохчаша Iораваккхар доцуш, и ши хьаькам харцхилар терахьашца гайтира австрийхоша шаьш – довзийтира официалера терахьаш. Социал оьцурш Австрин бухарчу къоман нах бу доккхачу декъанна. 34 000 вахархо ву махкахь Оьрсийчуьра схьаваьлла, царех цхьа дакъа бен а бац нохчий. Еккъа цхьа Вена схьаэцча, цигахь 4500 стаг ву ерриг а Оьрсийчуьра веана вехаш. Ткъа цигахь сициал схьаоьцучийн терахь ду 130 000.

Даймохк бухкуш лелла "патриот"

Оьрсийчоьнца дукха хенахь дуьйна зIенашкахь болчу Австрин аьтту-радикалаша хазахетарца караийцира Оьрсийчуьрчу политикийн, журналистийн риторика – шайн махкахь муьлхха а бохам иккхича, зулам даьржича сихха тIехьора иза нохчашна, дузура "нохчийн ларца". Цундела ду кхеташ, стенна баккхийбе тахана нохчий – уьш тешна бара Австрин коьрте Штраухе санна болу куьйгалхой бахкар харцо хиларх.

Штрахе дIаваккха, иза "Оьрсийчуьрчу зудчунна-милиардерна" даймохк бохка араваьлла лелла аьлла, бахархоша хIоттийначу гуламе бахара дуккха а нохчий.

"Кхоллам белабелла, цергаш гайтина Штраухенна – мархийн баттахь, цо ша ма-аллара аьлча, "маларш уггаре дукха муьлучу баттахь", гIаьттина адам цунна дуьхьал", - элира Венехь 16 шарахь ехачу Сагаипова Луизас.

Кхо шо ду Луизина Австрин яхархочун паспорт делла – тоьлла адам ша гайтинчу мухIажирна бен ца ло иза кхузахь. "Кху массо а шерашкахь шена ала вониг доцуш баьхна тхан доьзал, ца дохийна пачхьалкхера цхьа а низам. Светофор цIениг ягахь, ур-атталла некъах а ца довлу тхо, сихлой, чекх. Амма хIоразза а нохчашна луьйш хезча, сайна а, тхайн доьзална а луьйш буйла кхетадора ас. Ша воккха патриот ву, коррупцица къийсало бохуш хьийза стаг оьрсийн жерочунна даймохк бохка воллуш хилла!", - цецъюйлу Луиза.

Оьрсийчоьнна аьтто бен агенташ?

" Махках а, халкъах а доглозу нах шаьш хиллехь, харжамашкахь тоьллачу буса, хьаьлхина Москох а бахана, ЦIен майданахь суьрташ дохур дацара, даржор дацара уьш цара. Шаьш кхузара Iедал дIалаьцнийла хаийта-м ца баханера уьш Москох? - боху Австрин Iедалан цIенна хьалха лаьттачу митинган декъашхочо, 56 долчу К. Сулимана.

Иза тешна ву Австрин ПаргIатонан партин лидерш дукха хенахь дуьйна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна болхбеш бу бохучух. Цунна гарехь, уьш тIех чIиркъе хьийза Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар а, Шемахь тIом марсабахар а къобалдеш, Европа нохчех кхерош, доцург дуьйцуш.

Дукха хан ю Австрехь Штраухен парти Оьрсийчоьнна болхбеш ю олу. Карара шо долалуш даьржира, Европехь цхьаболчу мехкийн къайлаха сервисаш ца яьхьа Австрерчу Конституци Iалашъечу, зуламашна дуьхьаллаьттачу Урхаллина шайга кхочу мехала информаци йовзийта, аьлла. Бахьана ду бохура и урхалла чуйогIу Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралла Оьрсийчоьнца тIех тIекаре хьийзаш гар.

Ала оьший тIаккха юьйцучу министраллах жоп лург а – ша министр – оццу аьтту-радикалан партера хиларх лаьцна?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG