ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхоъ некъан бохам хилла Нохчийчохь


ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Нохчийчохь кхо некъан бохам хилла, кхаа стагана зен а хуьлуш, ду царлахь бер а.

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, Заводской олучу кIоштахь ши машен вовшах кхетаран бахьанца дарбан цIийне кхачийна 49 шо долу цхьана машенан долахо.

Оццу юкъанна, Ищерера Кизляре боьдучу шуьйрачу новкъахь дехьаволучу пенсхочунна тIе машен тоьхна цхьаммо. Кеп-кепарчу чевнашца дарбан цIийнехь Iуьллуш ву лазийна стаг.

Иштта, Устрадара Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь а хилла кхи цхьа бохам. Оцу хиламехь лазийна ненан карара жима бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG