Венерчу Турпалхойн (Heldenplatz) майданехь тIамна дуьхьала митинг дIаяьхьна, цига баьхкинера иттанаш эзарнаш Австрин бахархой а, Украинера, Оьрсийчуьра, Белорусера мухIажирш а. Боламехь а, тIамна дуьхьала яьхначу акцешкахь а дакъа лецира "Культуран «Ичкерия» центран" а, Нохчийн республика Ичкерин а векалша.
Кремлан Iаткъамна кIелахь лаьттачу къаьмнашна гIоьнна хIитточу яккхийра акцешкахь дакъа лоцу нохчийн диаспоран декъашхоша, иштта Украинера мухIажиршна гIо а до, дуьйцу Венера "Культуран «Ичкерия» центран" куьйгалхочо Исханов Хьусайна.
"Оха, нохчаша, тхаьшша лайна шиъ тIом, кечлачу меттехь адаптаци ярна зеделла ду тхо, ишта практикан хьехамаш чIогIа оьшуш ду мухIажиршна. Тхан гIо пайде ду, тхо тхаьшша мухIажирш хилла хиларна", - тIетуьйхира культуран центра векало.
Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала тIеман агресси йолийчхьана уггаре боккха бара Венехь хIоттийна гулам – иза вовшахтоьхначара а, зорбанийн гIирсаша а дуьйцура цигахь 100 эзар стаг гулвелла хиларх лаьцна.
Концертехь гайтира Украинан президентан Зеленский Владимиран видеокхайкхам, иштта вистхилира Австрин президент Александр Ван дер Беллен. Цо дIахьедира, Украинан гIоьнна оццул бала болу нах вовшахкхетаро дегайовхо кхуллу шен, аьлла. Политика дагадахкийтира бомбанаш кхийсарна, тохарш дарна шайн хIусамаш йита декхаре хилла миллионаш бераш а, кегийнах а.
- Зазадоккху-беттан 25-хь Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь оьрсийн эскаран эшамех лаьцна керла официалан хаамаш бовзийтира: 1 352 тIемало велла, 3 825 лазийна. Хьалхо официалан хаам Зазадоккху-беттан 2-хь бен ца бинера, бохура оцу хенахь 498 стаг вийна. Шемахь тIемаш боьлхучу шерашкахь официалехь динчу дIахьедарца, кхелхира 116 оьрсийн эскархой. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчу гIоьртича – 67 стаг. Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIеман шина шарахь федералан эскархошлахь, кеп-кепарчу хаамашца байъинчийн терахь 4 103 стагана тIера 5 042 тIе кхаччалц ду.
- Зазадоккху-беттан 28-гIа де – Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъе кхойтталгIа де ду. Мариуполан мэро Бойченко Вадима бахарехь, гIала Украинан карахь ю, амма цунна бина гуо "тIечIагIлуш" бу. Харьковн мэра Терехов Игоря дуьйцу, гIалахь хIинцле а йохийна 1300 гIишло, цо бахарехь, "Харьков юхнехьа йотта езар ю". Ткъа Оьрсийчоьнан эскарийн хIинца а аьтто ца болу Оьрсийчоьнан дозанехь Iуьллу Украинан и шолгIа гIала схьаяккха.