ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера нохчаша жоп делла Украинера тIаме бахначарна депортаци яр доьхучу дIахьедаршна


Ультра аьтто Freiheitliche Partei Österreichs партино (FPÖ, Австрин маршонан парти) дехна Украинерчу оьрсийн тIеман агрессина дуьхьала арабовла гIертачу нохчийн мухIажаршна депортаци яр. ТIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин (ЧРИ) Австрера векалша сийсазе дIахьедарш ду уьш, аьлла.

Венера FPÖ декъан векало Непп Доменика журналисташка аьлла, Венера Украине баха кечбеллачу мухIажаршкара "махкахь ваха бакъо схьаяккха еза, муьлххачу шен лаамехь тIемало хиллачаьргара".

Австрехь ехачу ЧРИ-н жигархочо Дунаева Розас дийцина Кавказ.Реалиига, и ксенофобин дIахьедарш ден Европера политикаш дукхачу хьолехь оьрсийн Iедалшца коррупцин зIенашца боьзна хуьлу.

FPÖ-н 2016-чу шарахь "Единая Россия" партица цхьанаболхбан а, юкъаметтиг лелон а барт хилира. Дунаевас билгалдаьккхира, нохчий кийча бу Украине баха официалан Киевера шаьш бехктакхаман гIуллакхашка ийзорг ца хиларх а, Оьрсийчоьнан дехарца дIалург ца хиларх а гарантеш елча.

Австрера Ичкерин векалто официалехь дIахьедар арахийцира (Кавказ.Реалиигахь ду и кехат – ред.), оцу тIехь билгалдоккху – Украина тахана маьрша дуьненан хьалхара пост ю, цунна ма-хуьллу политикан а, экономикан, тIеман а гIо догIу аьлла.

  • Хьалхо Британехь веха нохчийн политик, тIе ца эцначу Ичкерин цхьахволчу хьалханчас Закаев Ахьмада "Настоящее время" телеканалан эфирехь дIахьедира, Европехь беха нохчий кийча хилар Оьрсийчоьнан тIелатарах Украина ларъеш тIом бан.
  • Украинан президенто Зеленский Владимира кхайкхамбира, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом бан схьакхета луучу арахьарчу мехкийн бахархошка, Украине а дуьлий, дозанаш чIагIдан луучийн могIарш дуза аьлла.
  • Кавказ.Реалиино дийцира Украинехь тIомбечу нохчех лаьцна: оьрсийн тIеман ницкъийн декъехь а (шайх "кадыровцаш" олурш), шейх Мансуран а, Дудаев ДжовхIаран а цIарахчу батальонийн декъехь Украинан латтанаш лардечарех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG