ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий шен дахарна тIекIабан гIерта Австри


Венехь самукъадаккха гулбелла нохчий. Архивера сурт.
Венехь самукъадаккха гулбелла нохчий. Архивера сурт.

Австрехь нохчийн диаспорина интеграци ян атта хилийта цхьа могIа керла гIулчаш яха Iалашо лаьцна меттигерчу Iедалша. Цу махкарчу Лакхара Австри олучу бундеслаьттан урхаллехь интеграцин министр волчу Аншобер Рудин лаамца, цо куьйгалла а деш дIадилийначу нохчийн диаспорица цхьаьнакхетаршкахь юкъараллин жигархошца а, нохчийн маьждигийн векалшца а дагдовларш а деш билгалдаьккхина хIинцале а, муьлхарниг ду, Австрерачу вайнахана цу махкахь дIатарбала а, деша а, белхан меттигаш карон а оьшуш долу накъосталла бохург.

Карарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а алсамох вайнах беха мохк ларалуш бу Австри, цигахь тайп-тайпанчу хьостанаша чIагIдарехь 35-йта эзарна тIера 40 эзарна тIекхаччалца Нохчийчуьра орамаш долу нах бу.

Австрерчу статистикан хьукмато чIагIдарехь, царех 4000 сов стаг Лахарчу Австрехь вехаш ву. Доккхах долу дакъа царах политикан я гуманитаран тховкIело а йолуш ву, ткъа 650 стаг хIинцале а Австрин вахархочун паспорташ долуш ву, цу пачхьалкхан олалла тIе а эцна, муьлхачу а меттигерчу бюргерца цхьатерра бакъонаш а йолуш.

Лахарчу Австрехь бехачу нохчех бIеннаш шаьш дикчу агIор гайтина а, белхашкахь а, лакхарчу дешаршкахь доьшуш а белахь а, делахь а, нохчийн диаспорин цхьа доккха хIинца а болх боцуш я интеграцина хийра долуш а деха, элира интеграцин министро Аншобер Рудис шен нохчийн юкъараллин жигархошца Линц гIалахь хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цо мукIарло дира, и хьал иштта хIоттарна бехк цхьана декъехь меттигерчу Iедалийн а бу, аьлла. ХIунда аьлча, иттех шо хьалха нохчийн мухIажарш тIамах бевдда эзарнашкахь Австре схьаоьхучу хенахь хIинца Шемара а, кхечу меттигашкара а схьаоьхучу керлачу мухIажаршна дечу кепара Iуналла дацара Iедало нохчийн мухIажаршна деш, цундела царна, масала, мехаза мотт Iамон аьттонаш ца хилира, бохуш.

Аншобер Руди: „Ма-дарра аьлча, хьалха дуьйна кхузахь Iашболчу нахера хийла хеза суна, керла тIебогIучу мухIажаршна массо а аьттонаш беш бу, ткъа тхо схьадаьхкича, тхуна кхузахь дIатардала цхьа а аьтто ца бира, масала, сихха немцойн мотт Iамо, бохуш.

Суна а а го иштта, юккъера нохчашца цхьа ша-тайпа хьал вайн махкахь кхолладелча санна – Iедалехь массо а кхеташ вара, цхьаъ дан дезийла, амма цхьа а хIуммаъ деш вацара. Цундела профессионалан тIегIанна тIехь и кхачамбацарш дIадаха деза. Шайн агIор, нохчаша а тIеэца деза хIинца вай шайга дIакховдош дерг.

Суна хIинцалца схьа гинарг – нохчийн агIор вай шайга дIакхийдочу гIулчашка интерес вуно йоккху ю, диаспорехь дуккхаъ нах карийра суна, и бакъду, тхан масех проблема ю, амма тхуна и хьал хийца лаьа, бохуш.

ХIинцалца схьа сан нохчашца хилла цхьаьнакхетарш, дагдовларш вуно чулацаме а, пайдехьа а дара. Ур-атталла вайн кхузарчу нохчийн маьждигийн векалша а элира, шаьш чIогIа реза ду, вайн йолийначу гIулчашна юккъехь зударшна лерина цхьа могIа жигараллаш хиларна, аьлла. Маьждигийн векалша а иштта бохуш хилча вай нийсачу новкъахь ду аьлла хета суна“.

Лахарчу Австрин интеграцин министр волчу Аншобер Рудис а, цуьнан куьйгакIеларчу хьукматхоша а меттигерчу нохчийн диаспорица болийначу белхашна юккъехь ду, масала, нохчийн зударшна немцойн мотт Iамор аттачу даккхар.

„Мама немцойн мотт Iамош ю“ аьлла цIе йолчу проектехь мехаза мотт Iамон йиш ю зударийн. Амма мотт Iамийна ца Iаш, царна мехаза мукъачу хенан программа а хIоттийна интеграцин министралло, масала, зударий шайн берашца цхьаьна садоIа бахар, кино я театре цхьаьна бахар, экскурсешка а, музейшка а уьш бигар.

Кхин цхьаъ проект ю Лахарчу Австрехь нохчийн зударшна йолийна – Фрауенкафе, аьлча а, Зударийн кафе аьлла цIе а йолуш. КIирнахь цкъа шайн берашца цхьаьна хIума а кхоллуш, вовшашца марзо а оьцуш, зеделларг а дуьйцуш вовшахкхета йиш хир ю церан Iедало мехаза хIоттийначу шуьнехь. Циггахь царна болчу аьттона лерина Iамийначу педагогаша терго йийр ю церан берийн, зударий вовшашка бистхила паргIат битархьама.

Линцехь а, кхечу Лахарчу Австрин гIаланашкахь а схьадиллинчу нохчийн маьждигийн векалшца цхьаьнаболхбарехь дIахьур ю божаршна а мотт Iаморан а, Австрехь Iер-дахар аттачу даккха таро луш йолу проекташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG