ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий цIахьежорна дуьхьал бу Австрера бевзаш болу нах


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шинари дийнахь Германерий, Австрерий 35 нохчийн къомахчу мухIажарна Оьрсийчу депортаци яр бахьанехь Австрехь йолаелла дискуссеш хIинца а тийна яц.

ХIора дийнахь керла-керла бевзаш болу меттигера исбаьхьалхой а, политикаш а, спортхой а бистхуьлу, адамаллица догIуш дац кхерамазалла а, тховкIело а йоьхуш болу нохчий, уггаре а хьалха кхиаза долу бераш, низамаш хьешарца я волеларца гIарбевла боцу нах Оьрсийчу а, Нохчийчу а дIахьовсор, бохуш.

Кхаарин дийнахь вевзаш волчу австрихойн актеро Палфрадер Робертас а, цIеяхханчу берийн адвокато Пинтериц Моникас а, католикан килсан мозгIара Штайн Йозефс а довзийтира юкъараллина, цхьанна а зуламна бехке боцучу нохчийн мухIажарийн доьзалшна нуьцкъалха депортаци яр шаьш инзар дохуш хIума хилар.

Цу юкъана нохчийн мухIажаршна депортацеш яр 35 стаг махкал араваккхарца соцур доцучух тера ду. Маршо Радион информацица, и 35 стаг Москох дIавигинчу кеманчохь хила везаш вара кхин дуккхаъ нохчий. Полисхой шайна петаршка кхачале бевдда кIелхьарбовла кадаьлла царах цхьана декъана.

Ишттачех цхьаъ ю Исраилова Лайлаъ. Дечкен-беттан 20-хь сахуьлучу хенахь шен пхеа а бераций, хIусамдеций яда каделира шен бохуш дийцира цо: "Бераш сихха кечдина, аралилхина, дIадахара тхо. Цу дийнахь дуьйна нахана тIехула дуьйладелла лелаш ду тхо. Суна ца хаа ас хIун дан деза. Ишколера юкъах даьхна ду хIара бераш. ХIорш дика доьшуш бара, тхо цхьанна а вочу хIуман декъа а дацара. Мацах нах дIабохош хилларг а, тIом болуш хилларг а карладаьлла суна. Кху Европехь а тIаьхьакхечи-кх суна хIара бала".

Iаьнан уггаре а шийлачу хенахь пхеа бераца лачкъа меттиг боцуш, цкъа цхьанхьа, тIаккха кхечанхьа гергарчаьргахь буьйсанаш йохуш лелар тIедоьжна шена боху Исраиловас.

Цо 2013-чу шарахь Iедалера ехначу тховкIелонна дахана шеран аьхка дацаре жоп кхаьчна хилла цуьнга. Массара а ишттачу хьелашкахь деш ма-хиллара, Исраиловас а гуманитаран бахьанашца Австрехь йитахьара ша, политикан тховкIело шена луш яцахь аьлла динчу дехарна а негативе жоп кхаьчна хилла Керла шо тIекхокхучу муьрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG