ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь ялх шо даьккхина нохчийн доьзал дIахьажийна Москох


"Аэрофлот" компанин кема. Архивера сурт.
"Аэрофлот" компанин кема. Архивера сурт.

Ялх стагах лаьтташ болу ТикаевгIеран доьзал цара 2011-чу шарахь ехна йолу политикан тховкIело ца луш, Австрера ОьрсийчудIахьажон кечбинера Iедало. Дечкен- бутт болалуш уьш шаьш бехачу петарера Iедало Венерчу аэропортан уллехь леринадепортацина кечбина нахана йинчу контейнерех лаьттачу лагере дIабигнера. ТIаьхьарчу кIирнахь Австрехь шуьйра юкъараллинакцеш яра дIахьош цу доьзалехьа гIодаккхарна лерина.

Дуккхаъчу шерашкахь ТикаевгIарца доттагIалла лелош хиллачу немцойн меттан хьехархочо Шиндлер Илзес гIардаьккхинера и доьзал Австрера арабаккха кечбеш хилар. Школашкахь дика доьшуш долу диъ бер а, тоъалла немцойн мотт Iамийна долу да нана амахкахь ца дитар адамийн бакъонаш хьешар лерира меттигерчу жигархоша.

Политикера а, исбаьхьаллера а бевзаш болу нах гIевтира дика интерграци йина йолу доьзал кIелхьарабаккха Iалашошца. Царна юккъехь яра евзаш йолу актриса Штембергер Катарина а, Баьццарчу партин куьйгалхойх цхьаъ йолу, Вена гIалин мэран хьалхара гIоьнча Василаку Мария а яра.

Шайца телевизионера журналисташ а эцна, ТикаевгIеран доьзал лаьцна латточу контейнерийн лагере бахара и нах. Цара цигахь йоца видео яьккхира, цу доьзалера берашка къамел а дойтуш.

Австрин низамашца ишколе доьлху хан йолу бераш доьшуш хила декхар ду, ткъа ТикаевгIеран 4 бер ишколана юккъера даьккхина масех кIира а ду, цу берийн бакъонаш кхочуш еш яц бохучу бахьнийца дешаран шо чекхдаллалца мукъане а 11 шарера 16 шо кхаччалца хенаш йолу бераш а, церан да-нана а депортаци ца еш дитийта Iалашо яра цу доьзална гIодан арабевллачийн.

Шиндлер Илзес дийцарехь, меттигерчу Iедало ТикаевгIеран тховкIелонах долу дехар ца толлуш масех шо даларна и бераш Австрехь уьйраш кхолла кхиина: "Диъ вуно нисделла бер ду уьш, Австрехь социализаци а йина. Жимахверг 4 шо долуш вара уьш кхуза схьабогIучу хенахь. Уьш массо а дика доьшуш а бу. Оьрсийн мотт ца хаьа царна. Еккъа цхьа меттан проблема схьаэцча а, цхьа а бух бац церан цигахь".

Церан да чIогIа болх бан лууш вара, бохуш кхин дIа а дуьйцу цо: "Диплом долуш гидробиолог ву иза. Амма болх бан бакъон яцар цуьнан кехаташ ца хилча. Цунна кехаташ схьаделлачул тIаьхьа оцу сохьта балха дIаоьцур ву аьлла делла дош а дара цунна. Гуманитаран бахьнашца Iайта шаьш аьлла йина апелляци яр церан, амма цу апелляцино гаранти ца ло иза теллина яллалца Австрехь стаг вуьтур ву аьлла“.

Шиндлер Илзеса орцадаккхар бахьана долуш дийна болам кхоллабеллера Венехь, ТикаевгIарна депортаци ца яйтар Iалашонца. Австрехь уггаре а евзаш йолчех журналисто Шолль Сюзаннес петици язйира, ТикаевгIеран доьзал махкахь бита беза аьлла.

Ши-кхо де далале масех эзар австрихочо куьг яздира цу кхайкхамна кIеллахь. Амма шинарин сарахь кхеташ хилира, и боллу къинхьегам жамI доцуш биснийла – нохчийн доьзал Iедало, кеманна чу а хаийна, Москох дIахьажийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG