ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадерчу набахтера гIо доьху ГIалгIайчуьрчу яхархочо


Мехкан Iедалхошка гIо доьхуш ю ГIалгIайчоьнан яхархо Манкиева Мадина, БагIдадерчу набахтера ша а, шен йоI а араяккхар доьхуш.
"Фортангас" бечу хаамца, террорхойн организацех дIакхеттачу шен кIантана тIаьхьа Иракъе яхча кхаьчна Манкиева курдойн кара.

"Цхьацца бахьанашца набахтехь нисбелла кхузахь дуккха а бу вайнах. Жимахйолу йоI а, кIант а цIа дерзо тIаьхьаяханера со. Ма дитийша тхо кхузахь. ЦIа дигийша тхо тхайн гергарнаш болчу. Тхо дукха хIуманах кхетта, тхуна ца хаьара хIара хIун пачхьалкх ю а, тхо стенга доьлху а" - боху яийтинчу аудио тIехь Манкиевас.

Иштта цо ялхийна шен могушалла а , инсульт хилла ю иза, садаIа а хала ду.

"Доьху шуьга, сан дехар тергамза ма дитийша. Йист яккхийша тхоьх, цIа дигийша тхо", - далийна "Фортангас" Манкиеван дешнаш.

Аудио тIехь дуьйцург бакъ хилар тIечIагIдина хьостано, дукха хан йоццуш дIаязйина хилар билгалдоккхуш. ТIечIагIбазчу хаамашца, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" органицацин декъашхойн гергарнаш латточу набахтехь ю Манкиева.

Маршо Радионо хьалха а яздира, Шема дIабахначу Оьрсийчуьрчу зударийн кхолламах. Доккхачу декъанна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн зударий а, доьзалш а бу уьш. Дукхахболу зударий - Къилбаседа Кавказера схьабевлла бахархой - хIинца а даймахка бахка йиш йоцуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG