ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархой ларарш дирзина Нохчийчохь хенал а хьалха


Официалехь бахархой ларар чекхдала кIира дисинчу заманчохь Нохчийчохь Ерригоьрсийчоьнан ларарш дирзина лоруш ду, яздо Кавказ.Реалии портало. Журналисташка дина цунах лаьцна дIахьедар Чеченстатан куьйгалхочо Дигаев Рамзана. Бакъоларъярхойн шеконаш ю Iедалхоша динчу зерех.

"Грозный" пачхьалкхан телехьожийло а дIахьедина, Росстатан урхаллина тIетевжина, Оьрсийчохь хьалхара а, цхьаъ бен йоцу а регион ю Нохчийчоь 100 процентна бахархой ларар дерзорехь аьлла.

Бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" организацин юристо Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь дийцина, даймахкахь вехаш вацахь а, ша Нохчийчохь вехаш ву аьлла, язвина хиларх а, ша лерина цахиларх а.

"Сан уллора гергарнаш а цхьаьна бу Нохчийчохь дIаязбина, амма цигахь бехаш бац уьш. Цундела 100 процентна бахархойн ларарш дирзина аьлла, дIакхайкхор бакъ ца хета. Бан болх цахиларна Нохчийчуьра уьдуш бу нах. Цул совнах, регион концлагерь санна ю, нахана ца лаьа оцу бечу Iаткъамна бухахь биса, хIинций-хIинций лачкъийна дуьгур шаьш, йа дойу бохуш. Къаьсттина и ду коьрта бахьана наха миграци яран, хIунда аьлча, экономикан бахьанашна тIехула нохчочо даймохк дIатосур бац", - аьлла хета бакъонашларъярхъочунна.

Оьрсийчохь ГIадужу-беттан 15-чу дийнахь долийна Лахьан-беттан 14-чу дийне кхаччалц дIахьош дара бахархой ларар.

Оьрсийчохь 2010-чу шарахь динчу лаларшца, Нохчийчохь вехаш вара 1,26 миллион стаг, 165 эзар вахархо сов вара, масала, 2002-чу шеран зерашца. 95 процент бахархоша шаьш нохчий хилар билгалдаьккхинера, 1,9% - оьрсий, 1% -гIумкий.

Бахархой лараран жамIаш хуур ду тIедогIучу шеран Охан-баттахь, ткъа кхоччуш – 2022-гIа шо чекхдалале.

Оьрсийчоьнан имперехь а, Советан пачхьалкхехь а, кхузаманахьлера Оьрсийчохь а хилла 11-тта бахархой ларар. Уггар хьалхара ларар хилла – 1897-чу шарахь Оьрсийчоьнан имперехь, тIаьххьара – 2010-чу шарахь. Ши ларар чекхдаккха йиш йоцуш йисна – 1920-чу шарахь (Махкахойн тIом бахьана долуш) а, 1937-чу шарахь а (хетарехь, цуьнан жамIаш хьулдина, репрессийн маштаб лачкъо).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG