ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш стаг лаьцна латторна Дагестанехь бехкзуламан гIуллакх долийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера Хасав-Йуьртара талламан декъо бехкзуламан гIуллакх долийна ГIалгIайчуьра шина вахархочунна дуьхьал, цхьана тобано хьалххе барт а бина стаг лачкъор аьллачу артиклехула.

Волайнхо ву Хасавйуьртан кIоштара Петраковское эвлара вахархо, 2023-чу шарахь бехкехатарш баьхкинера цуьнан цIа. Шаьш полисхой ду аьллачу цара, гIоьмаш тоьхна, ГIалгIайчуьра Барсуки эвлара "психологин гIо" латточу центре дIавигинера иза. Лицензи а, бакъо а йоцуш болх беш йу и Центр.

Центрехь волайнхо латтийнера тIехула догIа а тоьхна, ницкъбинера цунна, йетта а йиттинера. Шен лаамехь цигара аравала аьтто бацара цуьнан, цундела кIира даьлча вада гIоьртира иза, амма йухавигира бертаза. Цхьа бутт ахбутт хан йаьккхина оцу стага оцу центерхь.

Волайнхочун а, бехеболчийн а цIераш йовзуьйтуш йац полицихь. Иштта хаийтина дац, хIун бахьана долуш "психологин центрехь" и стаг лачкъийна латтийна. Бехкебечех цхьаъ лаьцна витина, шолгIаниг федералан лехамашка велла.

  • Къилбаседа Кавказера низамехь йоцу "реабилитацин центрех" дукха хьолахь пайдаоьцу идеологи кхечу кепара йолч нахана таIзар дечу хенахь. Масала, оцу тайпана рехабашка охьабохку ЛГБТ-н векалш, йа шайн доьзалх дIакъеста луу Кавказера бахархой-зударий а.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Дагестанера йахархочо Ухманова Элинас дIахьедира, бакъо йоцуш "Рекавери Альянс" ХIинжа-ГIалара центрехь ша латторах, цигахь "дарба деш" хиллера цунна бисексуалах а, атеизмах а. "Реабилитацин" центре 20 шо долу йоI охьайиллинера цуьнан доьзало.
  • Реабилитацин центрашкахь гIело хьоьгуьйту, цхьана хIуманах боьзначу наха а. Масала, 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь алкоголизмах "дарба лелийра" Сочира "Ковчег" реабилитацин центрехь шина стагана. Цара дIахьединера, шаьш бертаза рехабехь латторах а, шайна кхерамаш тийсарх а, Iазапаш хьегийтарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG