ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхо, диссидент Ковалев Сергей кхелхина


Ковалев Сергей
Ковалев Сергей

Бакъоларъяран боламан ветеран, диссидент, Оьрсийчоьнан конституцин цхьахволу автор Ковалев Сергей кхелхина тахана, Марсхьокху-беттан 9-чохь Москвахь. Фейсбукехь оршотан дийнахь бина и хаам цуьнан кIанта Ивана.

1968-чу шарахь дуьйна СССР-хь адамийн бакъонаш ларъечу боламан жигара декъашхо вара иза. 1969-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьххьарчу йозуш йоцчу юкъараллан бакъоларъяран ассоциацин инициативан группан декъашхо хилира иза.

1974-чу шарахь Ковалев лецира антисоветан агитаци а, пропаганда а лелорна бехкевина. Шогачу рожехь йолчу лагершкахь даккха ворхI шо а, пачхьалкхера араваьккхина кхо шо а хенаш туьйхира цунна.

Пермерчу набахтехь а, Чистополерчу лагерехь а, Колымехь а хенаш текхира Ковалевс. Советан заманахь лелачу низамашца бакъо яцара цуьнан Москва юхаван. 1987-чу шарахь Нобелан лауретан Сахаров Андрейн рекомендацица, Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу фондан цхьахволу куьйгалхо вира цунах.

Нохчийчохь болийначу тIемашна дуьхьал а вара Ковалев. 1995-чу шарахь Буденновскехь дарбан хIусам дIалаьцначу Басаев Шемалан тIемалошца дийцарш дIахьочу тобанан куьйгаллехь а вара иза. Басаевн тоба Нохчийчу юхайолуш барт хиллачул тIаьхьа шен лаамехь закъалтхой бевллачарлахь вара иза. Францин сийлахьчу легионан Орден а елла цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG