ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан думан этикехула йолчу комиссига дехна Делимхановн дIахьедарш таллар


Оьрсийчоьнан думан депутатийн этикехула йолчу комиссин председатель Терешкова Валентина
Оьрсийчоьнан думан депутатийн этикехула йолчу комиссин председатель Терешкова Валентина

Оьрсийн бакъоларъярхоша Думан депутатийн этикехула йолчу комиссин куьйгалхочуьнга Терешкова Валентине лерина кхайкхам хьажийна гуш-хезаш депутата Делимханов Адама ЯнгулбаевгIеран доьзална тийсинчу кхерамех дийцаре дар доьхуш.

Юьйцург ю Делимхановс шен инстаграмехь йина эфир, цигахь цо, цавашарца бинчу кхайкхамехь билгал ма-даккхара, "хадийна, диг тоьхна йа кхечу агIор ЯнгулбаевгIеран коьртеш церан догIмаш тIерадаха" дош делира.

"Радиоактиван гIирсех (масала, полоний-210), йа холинэстеразан ингибиторах ([…]"Новичок"), йа, ца ваьллачу денна, герзаца (масала, дашон тапчаца) пайда а оьцуш, вен кхерамаш тийсинехьара, иза тIеэцначу депутатийн этикехула болчу хьежамашца бIостанехьа ца хила а мегара", - яздо кхайкхамехь.

"Амма оцу тайпачу кепехь – дегIана тIера корта а боккхуш – лелар (кхайкхамаш бар) иза Оьрсийчоьнан думан депутатан лаккхарчу даржаца догIуш дац, тайп-тайпана технологин кхиамаш болчу вайн пачхьалкхехь", - дерзадо Терешкована лерина диллинчу кехатийн авторша.

Цара доьху "Делимханов Адаман, цо шена ца беза нах таIзаре озоран агIонаш юьйцучу кхайкхамашкахь даьхначу гIалаташна тIе шогачу кепехь тидам бахийтар", иштта цара билгалдоккху, шайна хетарехь, "дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан Президента Путин Владимира Кремлехь Кадыров Рамзан Ахматовичаца дина къмел дара тера догIуш" аьлла.

Кхайкхамна кIел куьгяздина Орлов Олега, Черкасов Александра, Давидис Сергейс, Ганнушкина Светланас, кхинболчу бевзашболчу бакъоларъярхоша а.

  • Песков Дмитрийна хетарехь, Делимхановн къамелан мах хадо декхаре ю Оьрсийчоьнан думан "Единая Россия" фракци а, этикехула йолу комисси а. "Тхуна ца лаьара оцу гIуллакхна юкъагIерта", - аьлла Путинан пресс-секретара.
  • Журналистийн а, хаамийн гIирсийн белхалойн а Профсоюзан цхьахйолчу куьйгалхочунна Русова Софьяна а хета, Делимхановн дIахьедарш этикехула йолчу комиссис талла деза, аьлла.
  • Депутатан этикехула волчу Думерчу комиссин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсана Арефьев Николайна (КПРФ) хетарехь, Делимханов Адама ЯнгулбаевгIарна тийсина кхерамаш талла безарг комисси яц, Коьрта прокуратура ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG